Хьомсара махкахой! Даггара декъалдо шу БIаьстенан а, Къинхьегаман а денца!

ХIутосурган хьалхара де Россехь уггаре а дукха дезаш долчу а, шуьйра даздеш долчу а денойх цхьаъ ду. Иза цIиндаларх, къинхьегамах даккхийдеран де ду, цо тешам ло беркате хийцамаш хирг хиларна.
Оцу бIаьрлачу, къегинчу, дог-ойла гIатточу дезачу дийно цхьаьнатуху тайптайпанчу чкъурах, къомах, динехь долу, тайп-тайпана политикин хьежамаш болу, социальни хьолехь долу тайп-тайпанчу хенашкара адамаш.
ХIутосурган хьалхара де – башха бIаьстенан де ду нохчийн халкъана. Иза къинхьегам безаран, дахар кхолладаларан, дахар дIадоладаларан васт а, масал а ду. Нохчийн халкъан доккха хьуьнар а, кхоллараллин ницкъ а бахьанехь вай цкъа а хилла боцчу кхиамашка кхаьчна.
Вуно йоцачу хенахь меттахIиттийна тIемаш болчу хенахь йохийна хилла гIаланаш, ярташ. Школаш, больницаш, берийн бошмаш, яслеш, стадионаш, нахана чохь Iан цIенош, заводаш, фабрикаш йина.
Россехь уггаре а сиха кхуьуш йолу регион хилла дIахIоьттина Нохчийн Республика, шен нуьцкъала экономика а йолуш, бахархошна хьокъала доллу дахаран хьелаш а долуш.
Баьхна кхиамаш – бIенаш эзарнаш адамийн хьаналчу, кIаддалар доцчу, хьацарна пIелг хьоькхуш бинчу белхан жамIаш ду, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь цхьаьна а кхетта, бертахь къахьегна долчу.
Кхиамаша яллане а бакъо ца ло вайна паргIатдовла. Замано керла, даккхий декхарш хIиттадо вайна хьалха. Вай дахарехь кхочушъян езаш ю промышленность, хIусамийн дакъа, туризм, агропромышленни комплекс, транспортан инфраструктура.
Жима а, юккъера а бизнес, дешар, могашаллаIалашъяр, культура, спорт кхиорехула йолу инзаре яккхий проекташ.
Тешна ву, вай дерриге а цхьаьна, вайн Даймахке – Россига зазадаккхийтаран а, зовкхан а дуьхьа билгалйинчу Iалашонашка кхочург хиларх!
Оха къаьсттина тидам тIебохуьйту вайн бахархойн къинхьегаман хьелаш тодаран гIуллакхашна, церан социальни кхачояран тIегIа лакхадаккхарна, белхан алапаш лакхадахарна, адамийн токхонан тIегIа хьалаайарна.
Тхан балхахь коьртачех ду и некъаш, республикин Правительствон лерринчу тергонехь а ду.
Хьомсара махкахой! Даггара лаьа шу маьрша, зовкхе дехийла, доьзалшкахь ирс-аьтто хуьлийла, беркат лаьттийла! Дезачу денца!
№33, оханан (апрель) беттан 30 де, 2019 шо