Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Мархийн бутт тIекхачарца бусалба нах декъалбира ВКонтакте социальни сетехь йолчу шен агIонехь.

«Веза а, Сийлахь а волчу Делан къинхетамца тIебеана Сийлахь Рамадан бутт! Дала дика гIуллакхаш дан, Iамалш ян башха таро елла вайна. Вай кхин а чIогIа даггара Далла Iибадат дийр ду, къиношна гечдар доьхур ду, мискачарна гIо-накъосталла а, цомгашчеран а, буоберийн а Iуналла а дийр ду. Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Рамадан бутт чIогIа беркате а, сийлахь а бу аьлла. Оцу баттахь Дала Шен къаьсттина къинхетам боссабо, доIина жоп ло. Суна чIогIа хазахета Нохчийчоьнан бахархоша (баккхийчара), массара а аьлча санна, Рамадан беттан тIедахкарш кхочушдеш, гергарлонаш чIагIдеш. Дала къобалдойла Мархийн баттахь вай ден долу дика гIуллакхаш, вайн доIанаш жоп доцуш ма дуьсийла! Везачу Деле доьху вай массо бусалба стаг декъалвар, массо бусалба стагах къинхетам бар! Ирс, аьтто, беркат, маьрша дахар хуьлда шун!», – яздина Р.Кадыровс.
№34, хIутосург (май) беттан 7 де, 2019 шо