1992-чу шарахь гIалгIайн мухIажарш Эна-Хишка цабитар…

Хууш ма-хиллара, нохчийн халкъана а, махкана а, мехкан куьйгаллина а дуьхьал болийна хаамийн тӀом бу. ХӀинццалц мостагӀчо вайна таӀзар дан эскарш хьежийнехь, тахана кхин герз ду нохчийн халкъ а, мохк а тӀаме кхосса къастийнарг – лулахой, церан вайца йолу хьагӀ, аьшпаш.

ХьагӀ хилар цкъа а къайле хилла яц… Амма аьшпаш… Уьш хӀора а кӀиранах керл-керла бу. Ткъа хӀокху кӀиранан аьшпаш «1992-чу шарахь нохчаша лулахойн мухӀажарш Эна-Хишка цабитар» аьллачу темина лерина бу.

Халахеташ делахь а, 1992-чу шарахь, Къилбаседа ХӀирийчоьнан Пригородан кӀошт а къевсина, 3 дийнахь тIеман питана лаьттина гӀалгӀашна а, хӀирашна а юкъахь: лазийнарш а, белларш а, доьза байнарш а бу и питана бахьана долуш.

Оцу питанах даьллачу «беркатца», мухӀажарш бевлларш а бу дукха.

И мухӀажарш, шайна хьалхабевлла цхьа нах а болуш, Къилбаседа ХIирийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а дозанца йолчу Пригородан кӀоштара, ГӀалгӀайчоьнан 25 км (Пригородан кӀоштана а, Нохчийчоьнна а юкъара барам бу иза) латта а дуьтуш, нохчийн Эна-Хишка (Серноводская) кхаьчна. Аьлча а, уьш балийна-кх Эна-Хишка царна хьалхабевллачара.

Эна-Хишкарчу бахархоша сацам бина уьш шайн-шайн хӀусамашкахь дӀатарбан.

Амма мухӀажаршна хьалхабевллачара шаьш оцу юьртарчу бахархойн хӀусамашкахь дIа а ца тардеш, циггарчу «Серноводск-Кавказский» курортехь дӀатарде аьлла.

Оцу муьрехь и мухӀажарш курортехь дӀатарбинехь, Малхбекан а, Соьлжан а кӀоштех санна, оцу курортех а яьлла хир яра Нохчийчоь.

МухӀажаршна хьалхабевллачеран хӀилланах кхеттачу Эна-Хишкан бахархоша ца магийна царна курортехь дӀатарбала.

Цунах «паспорт» а дина, «нохчаша гӀалгӀайн мухӀажарш Эна-Хишка ца бахкийтина» аьлла, питана даржийна мухӀажаршна хьалхабевллачара.

Бух иштта бу оцу хиламан.

Цул тӀаьхьа, Нохчийчохь боьдуш тӀом а болуш, изза нах юхабаьхкина Эна-Хишка – меттигерчу бахархошка «тхуна тхайн юрт ГӀалгӀайчоьнах дӀатоха лаьа» бохучу кехаташна тӀе куьйгаш язде бохуш – юрт ГӀалгӀайчоьнах дӀатохахь, тӀом а, тӀеман бала а гур бац юьртахошна бохуш. Амма иза кхин къамел ду…

И.ИСЛАМОВ
№34, хIутосург (май) беттан 7 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: