Дерриге а дуьненахь а ца хилла иштаниг

ХIокху деношкахь Нохчийчохь дIадаьхьира къоман духарш дуьйхина дуьненахь уггаре а доккха говрашца некъ бар Нохчийчохь говрашца некъ баран дуьненан рекорд хIоттийна.

И некъ барехь вовшахкхеттера нохчийн къоман духар дуьйхина 1204 бере.

Соьлжа-ГIалина гена доцучу Теркан дукъан басешкахула дIабаьхьира береша некъ. Нохчийчоьнан тайп-тайпанчу кIошташкара, шахьаршкара схьабаьхкинчу говрахь лелар дезархойн могIарехь хьалхаваьлла Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан вара.

Иштта, цигахь дакъалоцуш бара гIараяьллачу «Денвелла Эртугрул» туркойн сериалан актераш Джошкун Дженгиз а, Соньмез Нуреттин а. Уьш, масех де хьалха, сериалан режиссераца Боздаг Мехметца Соьлжа-ГIала баьхкина бара.

Береш Теркан дукъан басешкахула дехьабевллачул тIаьхьа, Россин Рекордийн книгин коьртачу редактора Коненко Станислава билгалдаьккхира къоман духарш а дуьйхина дуьненахь уггаре а дукхачу говрашца некъ бар, 1 204 беречо дакъа а лоцуш, билггал кхочуш хилла хилар.

А.ВАХАЕВА
№34, хIутосург (май) беттан 7 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: