Наро-Фоминск гIалахь дIаяьхьира кегийрхошлахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула Россехь хьалхеяккхаран турнир. Цигахь дакъалоцуш бара Россин субъекташкара къона спортсменаш.
Вайн республикера оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш бара РСШ-ера спортсменаш.
Къийсадаларш деа дийнахь дIадаьхьира.
Вайн махкахочо Архиев Адама (44 кг.) шен йозаллин категорехь хьалхара меттиг яьккхира.
Иза дика кхиам а, юьхькIам а бу вайн ерриге а республикина а, иштта иза Iамийначу цуьнан тренерна Р.Эскерхановна а.
З.ШИШХАНОВА
№34, хIутосург (май) беттан 7 де, 2019 шо