Хала дуй тахана нана хила?..

нана 2

Муьлххачу а заманахь деза а, сийлахь а хилла «нана» боху дош. Хенаш, адамаш хийцадаларх ца хийцаделла нанас доьзалехь, юкъараллехь лелош долу  маьIна. Иза цкъа а хийцалур дац аьлла тешна а ду вай. Бакъдерг аьлча, хьалхалерчу а, хIинцалерчу а наношна юкъахь башхаллаш ю дукха. Шеко  йоццуш, хьалхалерчу наноша алссам халонаш лайна. Корталица бер ги а доьхкий, асаршка яхар, цхьаъ-шиъ бен чоь йоцуш, газ, хи, кхидолу а хьелаш доцуш, дечигца цIе а латош, кхача кечбар, даьхни, аренаш лелор, марзахойх болчу баккхийчу нахана тIехь Iуналла дар, цу хьелашкахь итт-пхийтта доьзалхо кхиор инзаре хIума хета таханлерчу дийнахь. Жима хIума дан а дац иза. Ткъа тахана-м дахар аттачу даьлла. Кхача кечбарехь, берашна тIехь Iуналла дарехь, чохь цIано ярехь  зудчунна накъосталла дан кхоьллина шортта гIирсаш бу, техника ю вайн заманахь. «Нуьйдана» тIе пIелг таIо бен ца безашшехь, цунна а мало йо хIинца цхьаболчара. Далла бу хастам, адамашна оццул паргIат дахар деллачу, цу паргIатоне кхача хьекъал деллачу а. Делахь а, аьттонашца, хьелашца дуьстича, бераш лело атта делахь а, кхетош-кхиоран декъехь тахана халонаш алссам хуьлу. аьлла хета хьалха заманахь чул а. ХIунда аьлча,  дахаран мехаллаш хийцаелла, дайн Iадаташ, ламасташ дицдина дукхахболчара, гIиллакх-оьздангалла дIатесна, доцца аьлча, зама а, адамаш а хийцаделла. Малхбузено, керстанийн пачхьалкхаша шайн тIеIаткъам база ца буьсу таханлера кегийрхой. Бераллехь малхбузен мультикашка хьежа буьйлабелчхьана дуьйна ларбан беза доьзалхой. Иштта, телефонах, интернетах долучу зуламах а. Бер жима долуш дуьйна само ца яхь, хьашт доцург  Iама кхерам бу цунна. Иштта ю вайн зама – дагахь доццург тIенислуш.

Хьалхалерчу наноша лайна халонаш лан ца дезнехь а, муьлхха а хало тIенисъелча иза ловр  йолуш, ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь шайн доьзал кхиош болу наной кIезиг бац тахана а. Вайн къоначу наношна бераш кхиоран хьокъехь хетарг хаа лууш, «Хала дуй тахана нана хила?» аьлла хаттар дира оха тайп-тайпанчу говзаллашца къахьоьгуш а, бераш кхиош а болчу зударшка.

Къона суьрташдахкархо Албастова Луиза: «Бакъдерг аьлча, нана хила атта дац, хьо болх беш хилча-м хIетте а. Делахь а, хьуна цхьа а халонаш ца го, хIунда аьлча, зудчун уггаре а доккха ирс ноналлехь ду. Зудчо дахарехь шен коьрта декхар кхочушдар – нана хилар ду. Нана хилча бен ца хаьа хьуна хьайн дог мел къинхетаме а, кIеда-мерза а ду…».

«Грозный» радион белхахо Белова Ася:«Нана хила муьлххачу заманахь а ду хала. Доьзалхо дуьнен чу валарца, хьайн хьаштийн ойла яр дIатосий, хьайн бер самукъане а, ирсе а хилийтарна тIебохуьйту ахь дерриге а тидам. Ахчанца доьзна дерг дийцича а хала ду нана хила. ХIунда аьлча, хьайна дезачу хIуманна тIехь ахча лардахь а (иэшам бахь а), берана оьшучунна тIехь кхоо мегар дац! Иза суна даима а коьрта ду.

Цхьана агIор, сайн йоI сайх тера хилийта лаьа (жимчохь суо ма-хиллара), оццу хенахь, иза сайл а гIоле хилийта а лаьа суна. Цундела, наггахь воккхачу стаге санна жоп доьху ас цуьнга. Цуьнан хIинца 7 шо ду. Цо тIехдика еша а йоьшу (актеро санна), тоъал язъян а хаьа цунна, хелхаршка а лела. Хелхар – иза беккъа сан лаам бу, хIунда аьлча, суна цхьана а кепара хелхаяла ца хаьа. Цундела, сайн йоI дайчу боларца, гIургIаз санна, хелхарехь хьийзаре сатуьйсу ас».

Юридически Iилманийн кандидат Расаева Хеда: «Хала дуй нана хила? Сирла-цIечу басарахь болчу сатийсамашна а, баккхийчара туьйсучу кхерамашна а юккъехь дара суна ноналлех лаьцна хетарг. Атта хир доций хаьара. Амма шеко яцара суо ларориг хиларх. Муьлххачу а нанна тIенислучу халонашна тIаьхьа – чаккхе йоцу ирс… Цуьнан елакъажар, сел дукхадезаш а, герга а долу цуьнан бIаьргаш… Иза ша а – цхьа хаза, кIеда-мерза, доглазаме. Цо шен жимачу куьйгаца сан пIелг схьалацар. Дуьххьара елаялар. Дуьххьара ког баккхар. ГIовгIанца «мама, мама!» бохуш мохь хьекхар. Цо суо маракъийлар, хьестар. ТIаккха наб йоцуш яьхна буьйсанаш, хьекхна маьхьарий, бIаьрхиш – ерриге а халонаш лар йоцуш дIайовлу. Хила а ца хилча санна йицло уьш. Самукъане дагалецамаш бен ца буьсу, цара дог а дохдо. Цундела, «хала дуй?» бохучу хаттарна ас атта жоп ло –  тIеххаза ду! Нана хилар ирс хиларан бахьанаш дуккха а ду. Царех коьртаниг ду доьзалхо дуьненчу ваьллачул тIаьхьа дахаран маьIнах лаьцна ойланаш яр дитар. Хьан хIинца долуш ду-кх и маьIна!»

– РФ-н Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделенин пресс-службин куьйгалхо  Насардинова Зарема: «Нана хилар Iаламат хаза ду, дагна хьоме ду, дахарна маьIна луш хIума  ду. Амма, атта-м дац. Доккха жоьпалла ду иза. Къаьсттина хала хуьлу нана пачхьалкхан балхахь хилча, бер жима  хилча. ХIинц-хIинца бен дегIан чарх чIагIъяла йолалуш доцу бер сих-сиха цомгаш хуьлу. Берана хьайн ма-хуьллу дукха терго ян а, хан яйъа а лаам хуьлу. Ткъа хан-м тоъне а ца тоьа. Болх –  туька (яахIума эцар) – берийн беш – яахIума кечъяр – тIедогIучу денна кечам бар – буьйса… Иштта ю болх беш йолчу ненан дийнан раж. Цул сов, бераца цхьаьна арахь йолаяла, ловза, суьйранна цунна туьйранаш дийца я мультикашка хьажа лаам хуьлу. Цу гIуллакхна мукъа хан а, ницкъ а оьшу…»,

– «Грозный» телерадиокомпанин креативни отделан корреспондент Габаева Марем: «Халонаш хIораннан а шен-шен ю. Цундела жоп а хIораннан шен-шен хир ду. Цхьаболчарна бере хьажар (наб цатоар, дийнахь-буьйсанна само яр, хIуманаш йиттар, яахIума кечъяр) – иза дегIана хуьлуш хало ю аьлла хета. Ткъа кхечеран самукъадолу дегIана ницкъ беш долчу гIуллакхех (царна уьш халонаш а яц). Мелхо а, кхетош-кхиоран болх боккха къинхьегам хета царна: берана а, нанна а юкъахь тайп-тайпанчу хьелашкахь кхоллалуш йолу юкъаметтигаш, вовшашка болу ларам, гIиллакх-оьздангалла Iамор, иштта кхидIа а. Со ишттачарех ю… Нагахь санна ахь хала бер кхиадахь, хьуна нана хила а хала хир ду».

– Шен цIахь хазаллин салон лелош йолу Хачукаева Диана: «Доккха жоьпалла а, доккха ирс а ду нана хилар.  Хьайн берана хьайх масал хуьлий а хууш, хьайгара диканиг бен ца далийта хьожу хьо, айхьа хьайна низам латтадо. КIеззиг бен доцучу хIуманна а сагатдо. Бакъду, хьуо нана хилар дагадеъча (хьайн доьзалхо мосазза го) кхоллало синхьаамаш цхьанна а хIуманца бусталур бац. Дуьххьарлера гIулчаш, дуьххьарлера дешнаш, делакъажар – цуьнан дуьхьа дуьнентIехь мел долу хIума а дицдан мегар дара. Иштта, маьIне ду оьшучу хенахь гIо-накъосталла а, Iуналла а дийр долу хIусамда (берана дика да) уллехь хилар а».

Берийн республикански больницан лор Мурадова Iайшат: «ХIан-хIа, нана хила атта дац. Амма ас хIора дийнахь Далла хастамбо сайн хаза кхо йоI хиларна. Мел хала де хиллехь а, уьш маракъевлича, сол ирсе адам ца хуьлу дуьненчохь. Сайн ницкъ мел кхочург берашна дала а, царна хIумма а ца эшийта а хьожу со. Шен берийн дуьхьа муьлхха а халонаш лан мегар ду. Коьртаниг – кхин цкъа а тIом цахилар». Оцу цхьана хаттарна  массара а шатайпа жоьпаш лора. Шатайпа дара х1оранна хетарг а. Бакъду, х1ора а жоьпехь тидамза диса йиш йоцу юкъара цхьа х1ума дара: нана хилар – доккха ирс ду. Ноналлица йоьзна муьлхха а халонаш йийца воьлча а, генадер дац къамел. ХIунда аьлча, беран делакъажаро, хазачу дашо йицйойту муьлхха а гIайгIа. Ма-дарра аьлча, нана хила хала ду. Амма, нанна цо го и хало. Цунна гуш дерг –  ирс, ирс, юха а ирс…

Материал кечйинарг – А.МУСАЕВА

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: