Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшца пресс-конференци дIаяьхьира Нохчийн Республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас «Грозный» НПТРК-н студехь.

Студехь дина долу дукхах долу хаттарш кхузаманахьлерчу дуьненан кхайкхамашца а, хаамийн тIемашца а, интернета чохь даржочу питанашца а, иштта, юкъараллин барт чIагIбарца а доьзна дара.
Тидамза ца дисира бусалбанийн умматах а, тIекхуьуш долу чкъор ийманехь кхетош-кхиорах а лаьцна хаттарш а.
Муфтис билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьош йолу кхиаме политика бахьана долуш, Нохчийчохь бусалба дин кхуьуш хилар а, бусалба умматан цIеяхханчу Iеламнаха иза бакъдеш хилар а.
– Хьафизийн 6 школа а, 150 сов хьуьжар а ю вайн махкахь. Цул сов, Соьлжа-ГIалахь Кунта-Хьаьжин цIарах йолу Россин исламан университет а, Курчалойхь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу Исламан институт а ю. Кадыров Рамзанан дIадолорца 1 эзар сов маьждиг тодина Нохчийчохь а, кхечу мехкашкахь а. Израилерчу Абу-ГIошехь маьждиг дина, Шемарчу Хомс гIалахь Халид ибн Валидан цIарах маьждиг тодина, оццу махкарчу Алеппо гIалахь тодеш ду Омейядинийн маьждиг а, – дийцира муфтис.
Вовшашца чIир йолчу доьзалшца бечу белхан хьокъехь динчу хаттарна жоп луш, муфтис дийцира оцу декъехь болх беш леррина комисси хилар а, тIаьхьарчу 2–3 шарахь оцу комиссис 1 108 доьзална юкъара чIир дIа а йоккхуш, машар бина хилар а.
Мархийн бутт тIекхаьчначул тIаьхьа базаршкахь кхачанийн а, стоьмийн а, хасстоьмийн а сурсаташна мехаш лакхадовларна Iеламнахе Iаткъам бе аьлла, кхайкхаман тайпа хаттар а дира журналисташа.
Цу хьокъехь Межиев Салахь-Хьаьжас гулбеллачеран тидам тIебахийтира мехаш хьала ма даха аьлла, кхайкхам бан бен шайн йиш цахиларна а, шен къамелехь и кхайкхам бан а бира цо.
Карарчу шарахь Нохчийчуьра ХьаьжцIа баха луучарна 2 600 меттиг (квота) елла хилар а билгалделира пресс-конференцехь.
Чолхе а, лазаме а хаттарш дира журналисташа муфтига. Царна юкъахь дара, масала, «Зуькар дан а, мовлад деша а мегий?», «Ислам-дин Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхачам боллуш схьакхачийна хилча, цул тIаьхьа юкъадевлла мазхIабаш хIунда оьшуш ду?», «ТIаьххьара ши тIом схьаэцча, хьалхарчу тIамехь гIазот кхайкхоран а, шолгIачу тIамехь гIазот цахилар кхайкхоран а бахьанаш а, бехкамаш а», «Ахьмад-Хьаьжин некъ бохург динехь мегаш я ца мегаш хилар», «ШарIан кхиэлана, махкарчу хьоле хьаьжжина, паччахьо хийцам бан магар я цамагар», «Халкъан турпалхойн – обаргийн – хьокъехь дино бохург», и.дI.кх.а.
Ислам-динан истори, гӀазотан бехкамаш, Пайхамаран (Делера саламмаршалла хуьлда цунна) суннаташ, Къуръанан аяташ, хьадисаш, нохчийн къоман истори, Ичкерин мур, Кавказехь а, Нохчийчохь а Ислам-дин даржор, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ, Исламан таханлера дуьне, Кадыров Рамзана Ислам-динан дуьхьа ден диканаш, таханлерчу Нохчийчохь Ислам-дин кхиар, маьждигаш дар, ШарӀан бехкамаш, и.дӀ.кх.а дуьйцуш масех сахьт дайъира республикин муфтис журналистийн иттаннаш хаттаршна жоьпаш луш.
Иштта, республикин муфтис билгалдаьккхира ша Нохчийчохь бен дешна цахилар а, нохчийн къомах болчу Iеламхана бен шен хьехна цахилар а, иштта, хIинца а ша Делан дин Iамош волу мутIелим бен цахилар а.
Журналисташа бечу белхан хьокъехь шен хиллачу къамелехь цо элира, дуьненахь мел болчу Iеламнехан хилла сацам а болуш, бакъдерг дIадуьйцуш болу журналисташ гIазотан новкъахь лоруш хилар а, бакъдерг дIадийцар царна тIедожийна важиб хилар а.
И.АДАМОВ
№34, хIутосург (май) беттан 7 де, 2019 шо