АллахI-Дала ца кхоош деллачу похIмица нохчийн къоман театр дашочу зIаьнарех серлайохуш, дуккха а шерашкахь гIушлакхехь лаьттина малх чукерчи вайн дегнаш дохош: лахьтин кийра вирзи Россин Федерацин хьакъволу артист Омаев ИбрахIиман воI – Дагун.

Сталинан хьадалчаша ши шо кхачале вохийна, хийрачу махкахь дех хьоьгуш хьалакхиъна вара иза. Дуккха а халонаш Iийшина, мацаллин Iазап текхна вара. Амма стогаллех, нохчаллех ваккха ницкъ ца тоьънера цунна базбеллачу бохамийн.
Йист йоцу хIорд санна деган комаьршалла, башлам санна, доьналла хиллера нохчийн бакъволчу къонахчуьнгахь – Омаев Дагунехь.
Нохчийн къоман театран сцени тIехь цо йовзийтира вайна Нурадилов Ханпашин нуьцкъала амал, Шерипов Асланбекан синъондалла.
Дагунан актеран таронаш бахьанехь, вайн дог лезира Бештон къаьхьачу кхолламах.
Нохчийн къоман драмин театран сцени тIехь цо мел кхоьллина васт дара нохчалле, адамалле, къинхетаме, дай баьхна латта дезаре кхойкхуш.
Цо исбаьхьа кхуллучу васташа хьовсархойн ойланаш цIанйора, дегнаш синкхачанах Iабадора, махкахь диканаш дебор тIедожадора, керлачу анайисте кхойкхура. Иза ларамза нисвелла вацара нохчийн къоман театран сцени тIе.
Дагун ша схьаваьллачу къоман яхь йолу кIант, тешаме накъост, лаккхарчу тIегIанехь корматалла йолуш актер вара. Цунна къеггина тоьшалла ду исбаьхьаллин фильмашкахь цо кхоьллина васташ.
Нохчийн къоман культурехь Iаламат йоккха хазна ю цуьнан кхолларалла.
Нохчийн къоман культурина иэшам хилла Iаш бац и тайпа стаг дIавалар. Халкъана, махкана боккха иэшам бу ишттачу къонахийн могIарш нилхадовлар.
Шен 76 шарах 60 шо гергга хан нохчийн къоман театрана дIаелла, хьанал къахьегна, нохчийн халкъан зовкх хьекъа лууш, шен хьекъал, хаарш, корматалла ца кхоош, ваьцна, Далла дуьхьал вахана иза.
Веза-Воккхачу Дала гечдойла цунна!
ГАЗИЕВА Аза
№34, хIутосург (май) беттан 7 де, 2019 шо