Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан промышленность 1920-чу шарахь халкъан хазна ю аьлла дIакхайкхийра. Национализаци йинчу предприятийн а, промыслийн а буха тIехь вовшахтуьйхира мехкадаьттан коьрта урхалла (МКУ). Цуьнан хьаькам хIоттийра цIеяххана волу революционер Косиор Иосиф. Иза куьйгаллехь волчу хенахь, Москвара доуьйтуш долу ахча тоьаш цахиларна, МКУ-с шен ахча арахоьцура.

Мехкадаьттан коьртачу урхаллехь мехкадаьттанах гIуллакхдаран цхьамогIа заводаш вовшахтуьйхира. Царна юкъахь яра мехкадаьттан хьалхара завод а, даьтта доккху завод а, №5 йолу завод а. Хьалха «Пайда» цIе йолуш яра тIаьххьара цIе яьккхина завод.
1922-чу шарахь Керлачу промыслийн ялхалгIачу тобанан №2–49 йолчу буровойхь мехкадаьттан чухчари хьалатуьйхира. Нохчийчохь советийн Iедал дIахIоттийначул тIаьхьа дуьххьарлера мехкадаьттан чухчари яра иза. Ткъа ширачу промыслашкахь болх бан йолаелира кIоргга бурутохаран скважина.
Оццу шеран товбецан (сентябрь) беттан 16-чу дийнахь Мехкадаьттан коьртачу урхаллех Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан промышленностан «Грознефть» пачхьалкхан цхьаьнакхетаралла йира СССР-н халкъан бахаман Ерригсоюзан Советан Сацамца.
Цул тIаьхьа, ши шо даьлча, Соьлжа-ГIаларчу Заводски (Сталинан) кIоштахь болх бан йолаелира СССР-хь а дуьххьарлера йолу газолинови завод. Цигахь гIуллакхдора мехкадаьттан (попутни) газах.
1926-чу шарахь «Старогрознефть» НПУ-н бурутохаран отделехь вовшахтуьйхира Соьлжа-ГIалахь дуьххьарлера хьаьвза бурутохаран кегийрхойн хIайттараллин бригада.
Оццу хенахь Къинхьегаман а, Оборонин а Совето тIеийцира «Соьлжа-ГIала – Туапсе» мехкадаьттан биргIанаш яхкаран хьокъехь болу Сацам. БиргIанаш яхкар оццу шарахь дIа а долийра. Уьш 1928-чу шарахь ехкина а евлира.
Цул а цхьа шо хьалха, СССР-хь дуьххьарлера парафинан завод йира Соьлжа-ГIалахь. Иштта кечдеш долу сурсаташ шайн дикаллица дуьненахь а тоьлла дара. Цундела, уьш, ур-атталла Ватиканехь а, хазахетарца дIаоьцуш дара, чIурамаш кечдан.

ХIетталц парафин дозанал арахьара дохьуш дара Советийн Союзе, валюта я Пачхьалкхан Герзийн палатера а, Пачхьалкхан Iалашдойлашкара а деши-дети луш.
1929-чу шеран оханан (апрель) беттан 1-чу дийнахь РСФСР-н Ерригсоюзан Центральни Кхочушдаран Комитетан сацамца Соьлжа-ГIала официально Нохчийн Автономни областана юкъа а яхийтира, цунах областан пачхье а йира.
Делахь-хIета, хIокху шеран оханан беттан 1-чу дийнахь 90 шо кхаьчна Соьлжа-ГIала областан пачхье йолу.
Оцу шерашкахь Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан промышленностан Ширачу промыслашкахь дуьххьара пайдаийцира М.А.Капелюшниковн системех долчу турбобурух. Цигара дIадоладелира СССР-хь керлачу кепара бурутохар – тубобурутохар. Иза хIутосург (май) баттахь хилира.
Цул тIаьхьа, цхьа бутт баьлча, Соьлжа-ГIалахь болх бан йолаелира СССР-хь дуьххьарлера ацетиленан завод. Цигахь цхьана баттахь цхьа эзар баллон ацетилен арахоьцура. Ацетиленах шуьйра пайдаоьцура сваркаш яран белхашкахь а, хIусамаш йохъярехь а.
1929-чу шеран асаран (июнь) баттахь Соьлжа-ГIалахь болх бан йолаелира крекинг-завод. Цул хьалха Советийн Союзехь цу тайпана предприяти хилла а яцара. Цигахь еш яра мехкадаьттанах а, цуьнан сурсатех а гIуллакхдеш, бензин а, кхийолу ягоргаш а йохуш йолу установкаш.
Хууш ма-хиллара, Соьлжа-ГIалара мехкадаьтта уггаре а цIена а, дай а ду. Цунах бен даккхалуш дацара Б–70 маркех долу цIена бензин.
ХХ-чу бIешеран 30–80-чуй шерашкахь цу тIехь лелаш дара кеманаш, машенаш, танкаш, и.дI.кх.
1931-чу шарахь «Грознефть» цхьаьнакхетараллина совгIат дира Ленинан орденца, хьалхарчу пхеашеран план 2 шарахь эха шарахь кхочушъярна.
Оцу шеран бекарг (март) баттахь Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттанах гIуллакхдаран заводаша махкахь хьалхара меттиг яьккхира бензин даккхарехь.
Советийн Союзехь доккхучу дерриге а бензинах 80 процент дара иза. Ткъа «Iаьржа деши» даккхаран барам, берриге а махкахь доккхучу мехкадаьттанах 38 процент бара.
Шо чекхдалале шолгIа крегинг-завод а йира.
Ала дашна, Советийн Союзехь дуьххьара Соьлжа-ГIалахь цу тайпана 11 завод йира.
1932-чу шарахь, зер деш, болх бан йолаелира дуьххьарлера атмосферни-вакуумни мехкадаьттанах гIуллакх даран «АЛКО» установка.
Билггал цу тайпанчу установкаш тIехь 1934-чу шарахь шайн рекордаш хIиттийра нохчийн дуьххьарлерчу мехкадаьттанах гIуллакхдархошаст ахановхоша Мурдаев Махьмуда, Ампукаев Нажас, Юнусов Салавдис, Оздемиров Салмана, кхечара. Цара шайгара хIайттараллин къинхьегаман масалш гойтура. Даймахко лаккхара мах хадийра церан къинхьегаман.
1934-чу шарахь СоьлжаГIалин мехкадаьттан промышленностехь дуьххьара пайдаийцира М.Чегодаевн системех йолчу газлифтах. Оцу системо таро лора газан Iаткъамца скважина чуьра мехкадаьтта хьаладаккха.
Оццу шарахь Соьлжа-ГIалахь болх бан йолаелира Советийн Союзехь дуьххьарлера ацетоно-бутилин завод.
1935-чу шарахь бурови мастеран М.Сальниковн бригадо махкахь дуьххьара дIадаьхьира цхьана хенна шина скважинехь цхьана (станокаца) цIохIарца цхьаьна бIаьвнехь (вышкехь) буру тохар. Цу хенахь инзаре хIума дара иза.
СССР-н оборонин Пачхьалкхан комитетан тIедилларца 1941-чу шарахь «ГрозНИИ-н» Iилманчийн а, заводийн инженерийн а тобано, зераш а дина, производствона юкъаялийра керлачу маркех йолу ягоригаш.
Цо таро елира советийн кеманашна кхин а чехка а, кхин а лекхахула а лела, ткъа танкашна мостагIчун техникина кхин а нуьцкъала тохар дан.
ЦIечу Эскарна хаддаза ягоригца кхачоярна 1942-чу шарахь мехкадаьттанах гIуллакхдечу 2-чу заводан коллективана «Къинхьегаман ЦIечу Байракхан орденца» совгIат дира.
Иштта, орденашца а, мидалшца а совгIаташ дира дуккха а мехкадаьттанхошна.
Мастеран А.Макаровн бригадо бурутухуш хиллачу №8 йолчу скважинехь 1945-чу шарахь лаьтта бухалара мехкадаьттан йоккха чухчари хьалатуьйхира. Цу тIера дIадоладелира Ташкалахь мехкадаьтта даккхаран керла меттигаш караерзор.
Ташкаларчу конторан бурутохаран бригадо 1954-чу шарахь дIадолийра СССР-хь дуьххьара ши биргIа йолу скважинаш яр.
Бурутохар, рогI-рогIана цхьана бIаьвна тIехь дIахьош дара.
Цул тIаьхьарчу шерашкахь а кхуьуш, бIаьрла кхиамаш бохуш схьадеара Соьлжа-ГIалара мехкадаьтта даккхаран а, цунах гIуллакхдаран а дакъа.
ХХ-чу бIешеран 70–80-чуй шерашкахь парафин арахецаран коьрта туш хилла лаьтташ яра вайн махкахь Нохчийчоьнан пачхье. Амма и дерриге а дIаделира 90-чу шерашкахь.
Оцу кхиамийн а, оцу заводийн а лар а ца йисина хIинца.
(Пайдаэцна I.Кусаевн «Соьлжа-ГIала» книгах) С.ХАМЗАТОВ
№34, хIутосург (май) беттан 7 де, 2019 шо