Нохчийн меттан денна лерина гайтам

А-Хь.Кадыровн цIарахчу пачхьалкхан галерейхь Нохчийн меттан денна лерина «Нохчийн мотт – сан дозалла!» гайтам схьабиллина оханан (апрель) беттан 24-чу дийнахь.

Нохчийн Республикин кхоллараллин интеллигенцин векалша, Соьлжа-ГIалин вузийн а, берийн исбаьхьаллин школийн а хьехархоша, студенташа, дакъалецира гайтам схьабоьллуш.

Галерейн Iилманан белхахочо, историн Iилманийн кандидата Акиева Хьавас билгалдаьккхира гайтам Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан искусствийн факультетан а хьехархойн а, студентийн а, ткъа иштта, Россин Федерацин Суьрташдахкархойн союзан декъашхойн а 40 сов суртах лаьтташ хилар.

Вайн республикехь а, Россехь а гIарабевллачу Россин Федерацин суьрташдахкархоша Пашаев Абус а, Дадакаева Элитас а, Алхазов Ризвана а, Абдуллаев Артура а шайн белхашкахь гайтира Даймехкан хазалла, цуьнга а, нохчийн матте а болу шайн безам-ларам.

Вайн заманан искусствон таллархоша билгалдоккхуш ду суьртийн басаршца цхьацца кепара мукъамаш кхуллуш хилар. «Суьртийн исбаьхьаллехь музыка ю» олу цара.

Лакхахь хьахийначу суьрташдахкархойх цхьаъ – Дадакаева Элита Веданан кIоштара ю.

Хууш ма-хиллара, Ведана Iаламан хазаллица, историн хиламашца евзина ю. Ишттачу меттехь нохчийн мотт хаза ца хуьлийла а, ца буьйцийла а дац.

«Нохчийн мотт хаза бу, бекарехь а, шех долучу беркатца а. Вайх хIораннан синкхетам а, дуьнене болу хьежам а воккха хиларца хийцалуш хиллера. Хьайн къоман маттах йолу ойла а кхечу кепара хуьлу. Къоман мотт цахаар дакъазалла ю. Тхан, суьрташдахкархойн тхаьш дIахьочу балхаца кегийрхошна шайн мохк а, мотт а, къоман культура а йовзийтар ду», – элира Э.Дадакаевас.

Сийлаллин мехаллаш: мохк, мотт, къоман кхача, къоман музыка, искусство, литература – царах хIора а ницкъ кхочуш ю кегийрхойн синкхетамна дикачу агIор тIеIаткъам бан. Гайтаме даьхна суьрташ гайтаман искусствон романтизм а, реализм а, авангардизм а дакъошкахула живопись а, графика а жанрашкахь дехкина ду.

«Гайтамера хIора а сурт хьакъ ду нахана довза. Цаьрга хьаьжча къоман мотт а, къоман мукъамаш а хеза», – билгалдаьккхира Хь.Акиевас.

Гайтам хIутосург (май) беттан 20-чу дийне кхаччалц хир бу.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№34, хIутосург (май) беттан 7 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: