Журналан керла номер / Орга – 1

Араяьлла «Орга» журналан 2019-чу шеран хьалхара номер. Дешархойн тидам тIегIур болуш дуккха а материалаш ю цу тIехь.

ХIокху шеран чиллин (февраль) баттахь 70 шо кхаьчна вевзаш волчу Iилманчин, литературоведан, нохчийн халкъан барта кхолларалла гулъярхочун Джамбеков ШаIранин. Цуьнан дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзуьйтуш ю «Юбилей» рубрикера Бурчаев Хьаьлиман «Iилманчех дош» а, Алиева Заринин «Даггара…цундела гергара…» а статьяш.

«…Дерриге а шен дахар халкъан барта кхоллараллина дIаделла, вайн нохчийн бух, истори, цуьнан амалш толлуш схьавеана ШаIрани хIинца ша верг бен – массарна а везаш, массара а лоруш, массеран а доттагI, догдика, хIоранна а юххера, чоьхьара, гергара – хила йиш яцара. Адин Сурхон, Исмайлин Дудин, Мадин Жаьммирзин, кхин дуккха а къонахийн масалш тIехь хьалакхиъна, ша кхиъна а ца Iаш, къоначу чкъурана церан амалш марзъеш, церан сих уьш дIаиэеш: «Вайна мегар ма дац, и къонахий схьабевллачу къоман ма ду вай, церан цIерш ларъян ма еза. Шайн догIмашна аьттонаш леха мегар дац, атта даха. Цара дитина масалш эрна дан йиш ма яц. Церан цIе ларъян еза, цIе ларъян», – яздо З.Алиевас шен статья дIайолош.

Чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь 60 шо кхаьчна хир дара нохчийн поэтессин, Россин Яздархойн союзан декъашхо хиллачу Гайтукаева Банин. Цунах лаьцна дуьйцуш ю Бурчаев Хьаьлиман «Со кхоьру… Хьо чим хилла ягарна кхоьру…» статья.

«Поэзи» рубрикехь еша йиш ю Гайтукаева Банин, Идигова Жаннин, Саккаева Мадинин, Арсалиева Любин, Дагалаева Маликин байташ, Исраилова Луизин миниатюраш.

«Проза» рубрикехь Иорданерчу Бетин Мохьмадан Ахьмада шех лаьцна доцца довзийтина «Сан дахаран некъ» статьяхь. Циггахь деша аьтто бу цуьнан «Цхьана сахьтан алапа…», «Оьздачу нехан гIиллакхаш», «Помидор» дийцарш.

Иштта, оцу рубрикехь ду М.Бексултановн, И.Эльсановн, Д.Сумбулатовн, I.Асталовн, А.Мусаеван, А.Халикован дийцарш.

Мусаева Асетан «Борза тIе къух дала ца туьгу» дийцар кегийрхойн дагах кхетта ца Iаш, хIара дуьне, дахар шен къахьаллица довза кхиъначу баккхийчарна а дезалур долуш ду.

Даима санна хIинца а ю «Драматурги», «Гочдарш», «Публицистика», «Культурин дахар» рубрикаш.

Мичара, муха, муьлхачу къаьмнашкара схьаэцна ю нохчаша лелош йолу цIерш? Оцу хаттаршна жоп луш ю «Публицистика» рубрикера А.Исмаиловн «Нохчийн ономастикех ши-кхо дош» статья.

Иштта, цигахь Абус вайна йовзуьйту хьалха заманахь цхьаболчу божарийн а, зударийн а хилла хаза, чулацаме цIерш.

Л.ИБРАГИМОВА
№34, хIутосург (май) беттан 7 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: