(Волга хина тIайш тохкуш кхелхинчу дуьххьарлерчу нохчичух-инженерах, капитанах Езиев Якъубах)
1942-чу шеран октябрь беттан хьалхарчу деношкахь дара иза. Немцойн эскарш юьйцуш ца хезначу къизаллица тIетаьIнера Сталинград гIала яккха.
Ерриге генералитет вовшахтоьхна, шен эскарийн хинболчу толамах тешош Рейхстагехь къамел долийра Гитлера: «Вай къовсур а ю, йоккхур а ю Сталинград. Оцу тIехь, цхьа а шеко йоцуш, догйовха хила мегар ду».
Оццу деношкахь СССР-н коьрта командующи волчу В.Г.Сталина инарле А.Еременке лерина йолчу шен директивехь яздора: «Ас тIедуьллу шуна, Сталинград ларъярна мел оьшуш долу гIуллакхаш кхочушдар. Сталинград мостагIашна дIаяла йиш яц». Сталинград къовсарх боьзна бара Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь хинболу толам а, СССР-н хинболу кхоллам а.
Цундела оцу жоьпаллин муьрехь хаддаза тIелоцуш бара Iаламат чолхе а, мехала а сацамаш: 10 денна юкъахь цхьана капитана Езиев Якъуба кечйинчу меттехула Волга хи тIехула Сталинград гIала сехьаяьккхинера 4 дивизи, царех хIора а 9-нна тIера 10 эзарне кхаччалц бIаьхочух лаьтташ а яра.
Волга хих эскарш дехьа дахарна лерина хин флот хиллехь а, доккха дукъ понтоннийн-тIайн 44-чу батальонна тIехь дара. Оцу батальонан командир нохчи капитан Езиев Якъуб вара.
Якъуб 1906-чу шеран 4-чу июнехь Шелахь вина вара. Шеларчу ЕзиевгIеран Аболхин а, Сарин а кхоалгIа доьзалхо вара иза.
Юьртара юьхьанцара школа чекхъяьккхича, дешарна тIера волчу кIанта Горячеводскерчу курсашкахь дийшира, рабфаке ваха кечам беш.
1929-чу шарахь Ростов гIалара рабфак чекх а яьккхина, Новочеркасскерчу политехнически институтан механически факультете деша вахара. Кхиамца дешна а ваьлла, нохчийн махка цIавирзира. Езиев Якъуб дуьххьара инженер-механикан диплом даьккхина нохчи вара. Авиаци езара цунна, амма нанас Сарас: «Стиглахь хьо валийта йиш яц тхан», – аьлла летчик ца хилийтира цунах. Нохчийн махка цIавирзича Соьлжа-ГIалахь йолчу «Красный молот» заводе балха вахара иза. Якъубан белхан накъост хиллачу цуьнан юьртахочо-шелахочо Умалатов Ахьмада 1963-чу шеран 9-чу майхь «Грозненский рабочий» газета тIехь бовзийтира шен дагалецамаш: «Езиев Якъубца цхьаьна «Красный молот» заводан ремонтно-механически цехехь болх беш вара со 1938-чу шарахь. Иза цехан хьаькам вара, ткъа со талламан мастер. ДагадогIу, цуьнан кабинета чоьхьаваьлча, хьо библиотеки чу кхаьчна мотталора. Ишкапа чохь – киншкаш, стоьла тIехь – киншкаш а, журналаш а. ЦIахь а иштта хьал дара. Киншкаш йоцург хIума доцуш. Тхан цехехь кIезиг бацара нохчий, цундела тхуна «чеченский цех» аьлла цIе тиллинера».
Карарчу хенахь Шелахь ехаш ю Езиев Якъубан йоI, Шеларчу №8 йолчу школан директор лаьттина йолу Езиева Элима. Элимас леринчу безамца Iалашдина шен дех Якъубах лаьцна дуьйцу хIора кехатан цуьрг а, сурт а.
1984-чу шарахь араяьллачу «Город Грозный» книги тIехь а яздо Езиевс «Красный молот» заводехь бинчу балхах лаьцна: «Красный молот» завод тIеман хьашташна кечъяран болх дукха хьолахь Езиев Якъубна тIехь бара. Лаккхара дешар чекхдаьккхина волу инженер, «Красный молот» заводан белхалочун доьзалера волчу Якъуба Галлан заьIанийн цехан коьрте хIоьттира. Езиев Якъубан хьекъал, хьуьнар кхачар бахьанехь заводан чоьтехь дохка ца оьшуш бIе эзарнаш соьмаш дуьсура. Галлан заьIанан цхьа мехала коьчал юкъаяьккхинарг а иза вара. ХIетахь 1аламат мехала хилла калибровани серан меттана лелийначу цо халкъан бахамна 357 эзар сом ахча Iалашдира».
Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабеллачу хенахь Езиев Якъуб Соьлжа-ГIаларчу перфораторно-буровой цIохIарийн (станокийн) заводан директор вара.
1941-чу шеран сентябрь баттахь ЦIечу Эскаран инженерни эскаршка хьажийра иза. Фронтана а оьшура говзанчаш. ТIеман арарчу хаамашка ладегIа бисира доьзал: 10 шо долу Селима, 7 шо долу Элима, 2 шо долу Сосламбек, хIусамнана Марем.
Волга хин йистехь бинчу тIемаша цхьа шатайпа доккха маьIна лелийна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Советски эскарша фашизмана тIехь толам баккхарехь. Волга хин йистехь толам боккхуш, майраллица воьжначех ву вайн махкахо Езиев Якъуб. Сталинград ларъечу деношкахь понтоннийн-тIайн 44-чу батальонна тIедиллира «Переправа 62» операци юккъехь дакъалацар. Ткъа иза советски эскар Волга хих дехьадаккхар дара. Волгин аьтту берда тIехь «Красный Октябрь», «Баррикадная» заводийн керташкахь яра Езиевн батальон. Оцо тIеоьцуш дара маьрша адам, тIемалой, герз, сурсаташ.
1942-чу шарахь 15-чу сентябрехь Волга хин бердашкахь нисвеллачу вайн махкахочо ГIалгIайн махкарчу Доьлака (Пседах) юьртарчу Гордалаев Мисас дагалоьцура: «Яккхий халонаш, Iаламат яккхий халонаш Iитталора цигара бердаш вовшах дузуш къахьоьгуш болчу бIаьхошна тIе. Хаддаза бохург санна, мостагIийн кеманаш дара бомбанаш етташ. Батальон лаьттачу меттигна тIе яккхий тоьпаш, минометаш еттара».
Батальоно, дIалаьцнарг Волгин бердийн 25 километр йохалла йолу юкъ яра. Немцоша оцу кIиранашкахь Волги йистешкахула тIетоьхна герз хIокху барамехь хиллера: 8 эзар мина, 5 эзар йоккхачу тоьпан хIоъ, эха кIиран чохь 700 бомба. Советски тIемалошна толам баккха оьшург еккъа цхьа майраллий, доьналлий хилла ца Iара. Доккха хьуьнар оьшура оцу къастаман муьрехь. Цхьана йоццачу юкъанна Езиевс масех причал вовшахтуьйхира инарла Чуйковн позицехь. Цкъа хьалха Зайцевски цIе йолчу жимачу гIайренна тIера Волгин бердана тIекхочуш гIашлойн 3 тIай тиллира. Эскарш цкъа хьалха оцу гIайренна тIе дехьадехира, тIаккха – кхечу берда тIе.
Рейхстагехь йолчу генералитетана дика хаьара шайн хиндерг Сталинградехь бечу тIамах доьзна дуй. Цараалсамъяьккхинера шайн къизалла. 1942-чу шеран октябрь беттан хьалхарчу деношкахь къаьсттина хаалора иза. 6-чу октябрехь Iуьйранна сатоссуш ша даима ма-латтара тIай йистехь лаьттара капитан Езиев. Иза лаьттачу метте дехьа берда тIера, тIехь адамаш долуш, катерш, «хин трамвайш», чIерий лоьцуш лелош хилла, кегий хинкеманаш оьхура. Салташа, кар-кара оьцуш, охьа яссайора герзан яьшканаш. Латта дегош, яккхий тоьпаш, минометаш етта йолийра. Иштта тоьхначу герзах цIе елира цхьана катерх. Цигахь кхеттачу геригах 1942-чу шеран 6-чу октябрехь кхалхар хилира Езиев Якъубан.
Оцу дийнахь хиллачун сурт Якъубан тIеман накъостан Гордалоев Мисин дагалецамашца хIотталур ду: «Блиндаж йолчу агIор хьаьдира со, амма тоьхначу герзо чIогIа юхакхоьссира. Цхьана дечиган пенах кхетта, кхетамчуьра волуш, охьавоьжна хиллера со. Меттавеъча, тхан накъосташа аьлча хиира суна батальонан командир Езиев а, цуьнан заместитель лейтенант Ильин а лазийна хилар. Цул тIаьхьа, оццу дийнахь сарахь госпитале дIа а кхачале Езиев Якъуб йинчу чевнех кхелхира…».
Иза тIечIагIдо инарла Смоликовс эскаран декъан командире инарла-лейтенанте Х.Д.Мамсуровга яздинчу кехато: «1924-гIа шо, октябрь беттан 7-гIа де… Луьра тIедетташ ду артиллерин а, минометийн а герзаш. Хаддаза дIадоьдуш ду бомбанаш еттар. Дийнахь а, буса а ца сацош, мостагIчунна дуьхьал детташ герз ду.
Баларш алсамдевлла. Шен декхарш кхочушдеш, мостагIчун герзо чевнаш йина ву батальонан командир капитан Езиев а, замкомбат Ильин а. Госпитале дIавуьгуш новкъахь капитан Езиев Якъуб кхелхира».
Вайн махкахочун тIеман хьуьнарех, майраллех лаьцна мелла а шуьйра девзира «Красная звезда» газетан агIонна тIехь 1943-чу шеран 6-чу ноябрехь зорбане яьллачу фронтан корреспондентан В.Гроссманан очерка тIера.
Якъубах лаьцна дуьйцучу кехаташка хьоьжуш, цхьана ширделлачу можачу кехата тIехь бIаьрг сецира сан. Езиев Якъубан йоIа Элимас дуьйцура: «Тхан нанас чIогIа Iалашдора тхан ден массо а кехат, сурт. Тхо Сибрех Iачу хенахь жимачу чамди чохь леррина дIадехкина хуьлура дадех дисина кехаташ. Царех дукхахдолу документаш а, цуьнан коьрта туьллуш хилла шлем а «Красный молот» заводан музейхь яра. Уьш тIамо хIаллакйина.
Тахана оцу кехатех ларделлачу цхьаьнга хьоьжуш Iаш, оцу буьрсачу тIеман халонаш, къизалла бIаьргашна дуьхьал хIуттура. Якъуба хIара кехат ша валале 2 бутт хьалха, 7-чу августехь яздина ду. (Цуьнан копи зорбатуху оха).
Доцца яздина кехат ду иза. Цунах хаало парггIат кехат яздан а йиш йоцуш, Сталинград немцошца къовсуш еанарг хала, сиха хан хилла хилар.
ТIеман корреспондента В.Гроссмана шен 1947-чу шарахь зорбане яьллачу «Годы войны» киншки тIехь яздо: «Штабана гена доццуш кешнаш ду. Охьаэгначу можачу гIашна юккъехь схьа го гунаш – кошан баьрзнаш. Дечиган хIолламаш тIехь язйина фамилеш, цIерш, терахьаш долу. Цкъа маццах кхузахь лаьттар бу мокхазан тIулгех бина хIоллам, Сталинград гIалин турпалхошна аьлла. Наха йоьшур ю 28 яраславхочун тIемалочун цIераш, комбатан Смерчинскийн цIе, иштта Волга хих эскар дехьа даьккхинчу нохчичун капитан Езиев Якъубан цIе. Иштта Аксельрад Шаломан технически взводан командиран цIе а».
Езиев Якъубан доьзал 1944-чу шеран 23-чу февралехь, дерриге а нохчийн халкъ санна, Казахстане дIакхалхийра. Доьзалан нана Марем Шуьйтахь а йолуш дIабигнера цуьнан доьзал. Шина баттахь лийхира цо шен бераш. Йисина Iачу жимачу зудчо хало, мацалла, дерриге а ловра, амма халонех ца къехкаш къахьоьгура шен 3 бер хене даккха а, цаьрга дешийта а гIерташ. Эххар а хаам кхечира, кхуьнан цIийнда Езиев Якъуб йинчу чевнех 1942-чу шеран 6-чу октябрехь кхелхина, Сталинградски областан Средняя Ахтуба юьртахь дIавоьллина ву аьлла.
ТIаьхьа Езиев Якъуб Мамаевн Борзехь дIавоьллира.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баьккхина 20 шо кхочучу шарахь эскарехь гIуллакх деш вара Якъубан кIант Сосламбек. Цуьнан нана Марем тIаьхьаяхара шен кIантана, тIаккха ший а Сосламбекан ден Якъубан кошан борза тIехIоьттира. Ткъа цул тIаьхьа Толаман 25 шо кхочуш, 1968-чу шеран 9-чу майхь, Волгоградехь Сталинградски тIеман дакъалацархойн хиллачу цхьаьнакхетарехь полковникан Ким Науменкон къамел хилира маршалшца А.Ереминца, В.Чуйковца, инарла-полковникца А.Радищевца. Науменкос цаьрга хаьттинера, цуьнца хиллачу 125-нна луш, хIун бахьана долуш ца еллера капитан Езиев Якъубана Советски Союзан Турпалхочун цIе, аьлла. Маршал В.Чуйковс ша тамаша беш ву Езиевна, веллачул тIаьхьа, Iедалан лаккхара совгIат дина цахиларх, аьллера.
Зама дIайоьдура, цул тIаьхьа Советан Iедал а дуьйхира, Нохчийн Республикехь, буьрса, къиза тIемаш лаьттира. Иштта цхьаьннан а бала ца кхочуш, вицвелла висина Езиев Якъуб. Якъубан кIант Сосламбек 1995-чу шеран 3-чу январехь Россин кеманаша ракеташ тоьхча кхелхина (Дала гечдойла цунна). Теша лаьа Шелахь Езиев Якъубан цIарах урам а, школа а хирг хиларх.
Эльдерханова Зайнап
ЕзиевгIеран архивера суьрташ