Толаман денца доьзна республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара махкахой! Даггара декъалдо шу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баьккхина 74 шо кхачарца!

Оцу дийно гойту Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман фронташкахь шаьш-шайн ца кхоош леттачу а, тылехь къахьегначу а вайн махкахойн бохалур боцу лаам а, майралла а, доьналла а, син ницкъ а. Миллионаш дахарш махана дахкарца ницкъ кхаьчна фашизмана тIехь толам баккха, мокхачу уьнах вайн сийлахь мохк ларбан.

Нохчийн Республикехь дозаллица дагалоьцу Советийн Эскаран могIаршкахь тIемаш бина махкахой. Дуьненан шолгIачу тIеман коьртачу дерриге а тIеман тасадаларшкахь дакъалаьцна цара, Брестан гIап ларъярна тIера дIабуьйлабелла, Рейхстаг схьайоккхуш тIелатар дарца чекх а бовлуш. Цара йоккха хазна юкъайиллина Сийлахь-боккхачу Толамна! Эзарнаш нохчий – салтий а, эпсарш а – тIамехь майралла а, доьналла а, стогалла а гайтарна совгIаташца билгалбаьхна. Царна юкъахь бу Советийн Союзан Турпалхочун цIе елларш а.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас боккха сий-ларам бора тIеман ветеранийн, цаьрца дика юкъаметтиг яра цуьнан. Цо дIайохура церан проблемаш, царна а, церан доьзалшна а гIо-накъосталла дора. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман салтийн стогалла а, майралла а тIекхуьучу тIаьхьенашна сийлаллин а, патриотизман а, Даймохк безаран а масал ду олура цо.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хIокху дахарера дIавахана 2004-чу шеран хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь, Толаман парад схьаоьцучу хенахь. Иза дIавахана толамхо а волуш! Нохчийн мохк ларбан дIахIоьттина хилла Ахьмад-Хьаьжа а, эзарнаш къона бIаьхой а бахьана долуш, Нохчийн Республикин ницкъ кхечира дуьненан адамашна уггаре а коьртачу кхерамна тIехь – дуьненаюкъарчу терроризмана тIехь толам баккха. Цара шайн дахар дIаделла нохчийн махкахь машар а, синтем а хилийтаран дуьхьа, Россин цхьаалла ларъяран дуьхьа.

Тахана Нохчийн Республикин пачхьено дозаллица лелайо бIаьхаллин сийлаллин гIалин цIе. Гитлеран эскарша боккха ницкъ тIебахийтина хилла Соьлжа-ГIалара мехкадаьтта карадерзорна. Амма, вайн махкахойн турпалалла а, майралла а бахьанехь стратегин оцу Iалашоне кхача аьтто ца баьлла церан. Бомбанаш етташ, готта хьийзоре хьаьжна ца Iаш, Соьлжа-ГIалано фронтана кхачо йора оьшуш йолчу ягоригца а, хьакхаран материалашца а.

Ас даггара баркалла а боху, боккха ларам а бо Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархойн, тылан къинхьегамхойн. Церан турпалаллин хьуьнар, доьналла бахьанехь кхаьчна вай сийлахьчу толаме.

Вайн декхар ду Сийлахь-боккхачу Толамах дIабелла мах дагахь латтор, кхелхинчеран сий дар, уьш иэсехь латтор, ветеранийн хьокъехь хаддаза гIайгIа бар, церан хьашташка сема хьовсар.

Хьомсара махкахой! Даггара лаьа шун доьзалшкахь беркат лаьттийла, шун аьтто, ондда могашалла хуьлийла, шу маьрша дехийла!

№35, хIутосург (май) беттан 9 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: