Хьомсара махкахой! Тахана, Нохчийн Республикин халкъийн иэсан а, лазаман а дийнахь вай дага а лоцу, сий а до историн тайп-тайпанчу муьрашкахь хиллачу бохамашкахь кхелхинчу вайн махкахойн.
Бала-гIайгIанаш дукха лайначу нохчийн халкъан уггаре а буьрсачу зерех чекхдийла дезна, дукха бохамаш, баланаш лан дезна.
Вайн дайн, герз а карахь, шайн мехкан маршо ларъян дезна. Цара шайна тIехь зийна паччахьан рожан къизалла, Сталинан луьра таIзарш, дуьненаюкъарчу террористийн а, экстремистийн а тIелатар.
Нохчийн махкахь а, вайн дегнашкахь а йоьрзур йоцу кIоргга чевнаш йитина, дукха цIий Iанош, тIаьххьара хиллачу шина тIамо. Иштта, тахана вай дагалоьцу терроризмана дуьхьал дIабаьхьначу къийсамехь турпалаллица эгнарш, Россин цхьаалла ларйинарш.
Оцу тIеман тIаьхье яра бIеннаш эзарнаш белларш, тIепаза байнарш, чIанабаьккхина мохк, екъна юкъаралла.
Вайн иэсехь даима а даха дисина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, халкъан хиндолчух долу жоьпалла шена тIеэцначу Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, Россин маршо а, йозуш цахилар а лардеш шайн дахар дIаделлачу цуьнан бIанакъостийн а доьналла, хьуьнар, стогалла, къонахалла.
Шен халкъан бакъонаш а, хьашташ а ша-шен ца кхоош, лардеш волу Ахьмад-Хьаьжа цуьрриг а озалуш вацара шена туьйсучу кхерамех.
Исламан баххаш кIорггера девзаш волу воккха Iеламстаг хилла ца Iаш, Ахьмад-Хьаьжа похIме куьйгалхо вара. Цуьнан ницкъ кхечира республикера Iедалан ерриге а органаш болх бан юьйлаялийта а, пачхьалкхан ерриге а аппарате цхьанаэшшара болх байтарна кхачоян а.
Оцу чолхечу хенахь цо бух биллира республика кхидIа а кхиийтарна а, цуьнга зазадаккхийтарна а.
Тахана, цо юьхьарлаьцначу некъаца хьалхахьа доьлхуш долчу вай, Нохчийн Республиках вайн Сийлахь-боккхачу Даймехкан исбаьхьа маьIиг йина, Къилбаседа Кавказан жовхIар дина, инвестицешна бегIийла йолу Россин субъект йина.
Вай тешам боллуш хьалхахьа гIур ду, амма хилларглелларг, дIадаханарг диц ца деш.
Вай ваьш дина дерриге а диканаш тIекхуьу йолчу тIаьхьенашна дуьтур ду.
Везачу АллахIа хьекъал а, кхетам а лойла вайна хьалха дийлийтина гIалаташ юха ца дийлийта!
Маьрша а, беркате а, токхе а хуьлда шун дахар, хьомсара махкахой!
№35, хIутосург (май) беттан 9 де, 2019 шо