Ветеранийн дог хьаьстира

Стомара, хIутосурган 7-чохь, Нохчийн Республикин къинхьегаман, болх нисбаран, социальни кхиоран министерствехь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 74 шо кхачарна лерина даздар дIадаьхьира.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела Ахмадов ШахIида, даздар вовшахтоьхначу ведомствон куьйгалхочо Баширов Iусмана, кхечара.

Даздаран коьрта хьеший бара: таханлерчу дийнахь Нохчийчохь висинчу вейттаннах виъ ветеран (могашалла ледара хилар бахьанехь кхечеран дакъалоцийла ца хилира) а, тылан 46 къинхьегамхо (уьш верриге а 507 ву республикехь) а.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах къамел динчу Ахмадов ШахIида билгалдаьккхира фашизмаца тIом беш вайн махкана уггаре а хала даьхкинчу шерашкахь эзарнаш нохчийн кIенташа, шайн синош ца кхоош, Даймохк ларбина хилар.

Цо иштта билгалдаьккхира хIетахьлерчу хиламех лаьцна бакъдерг леррина Iалашдар, кхелхинарш сий-ларамца дагахьлаттор, дийна бисинчу ветеранийн хаддаза Iуналладар вайх хIораннан а декхар хилар.

Даздарехь дуккха а дийцира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцначу нохчийн бIаьхойн хьунарех а, оцу шерийн къизаллех а лаьцна.

Гуттар а шайн терго ярна, сий-пусар дарна республикин Куьйгалхочунна Р.Кадыровна баркаллин дешнаш элира ветеранаша.

Царна – Нохчийчохь висинчу 14 ветеранах хIоранна а – 100 эзар сом ахча а, мехала совгIаташ а делла республикин куьйгалло.

Иштта, хIусамийн хьелаш тодаран программа кхочушъяран гурашкахь 686 556 соьман барамехь хIусамийн хьелаш тодарна лерина сертификаташ делира 10 ветеранна. Тылан къинхьегамхошна пхиппа эзар сом делира.

Нохчийн эстрадин концертан программица дерзийра даздар.

А.ВАХАЕВА
№35, хIутосург (май) беттан 9 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: