Толам тIаьххьарчу миноташкахь карара белира

Футболах ловзарехь Россин Премьер-лигин чемпионатехь тIаьхьарчу кхаа турехь толам баккха аьтто ца белира Нохчийчуьрчу коьртачу командин – «Ахматан» футболистийн. Ша аьлча, шен цIахь вайн команда «Краснодарца» левзира 25-чу турехь.

Оцу матчехь «Ахмат» толаме кхача герга а яра. Делахь а, шолгIачу таймехь хьешийн аьтто белира, хьалхарчу таймехь шайна тоьхна гол дIаекха – 1:1.

Кхин и жамI хийца ца луш, чекхделира цхьаьнакхетар.

Цул тIаьхьа Москвахь меттигерчу «Динамоца» хиллачу матчехь а гIолехь ловзура «Ахматан» футболисташ. ХIетте а гол тоха ницкъ ца кхечира церан. Шайн чоьте кхин а цхьа очко дIаязъярх тоам бан дийзира церан.

Амма баккъал а «Ахматан» футболисташна шайн говзалла зер дара турниран таблицехь хьалхарчу меттехь йолчу Санкт-Петербургерчу «Зенитца» 27-чу турехь Соьлжа-ГIалахь хилла цхьаьнакхетар.

Цхьа гIулч яьккхичхьана чемпионан дарже йолуш йолчу оцу командел хIумма а оьшуш ца гайтира вайн командерчу футболисташа. Мелхо а уьш тола герга бара. Хьалхарчу таймехь шозза-кхузза ира тIелатар дан а, и тIелатарш хьешийн кевнна чIогIа тохар дарца дерзо а аьтто белира «Ахматан».

Бакъду, гол-м ца тохаелира цаьрга, лаам чIогIа хиллехь а.

Делахь а, шолгIачу таймехь оцу лаамо кхиаме кхачийра «Ахмат», 55-чу минотехь «Зенитан» кевна чу буьрка а тухуш. Цул тIаьхьа а иштта дика ловзура «соьлжагIалахой». Уьш тола герга а бара.

Амма, цхьаьнакхетар чекхдала масех минот йисинчу хенахь «Зенитан» футболистан С.Дриуссин ирс хилира, вайн командин гIуданан майданахь кхоллабеллачу жимачу кегарехь, буьрка «Ахматан» кевна чутоха.

Цу тайппана, тIаьххьарчу миноташкахь толам карара балийтира вайн футболисташа.

Ткъа «Зенитах» Россин чемпион хилира чемпионат чекхъяла йисинарг кхин а кхо тур йоллушехь.

Хь.САЙДАЕВ
№35, хIутосург (май) беттан 9 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: