Туьйранаш кечдаран къайленаш йовзийтира

Карара 2019-гIа шо Театран шо хиларе терра, Нохчийн Пачхьалкхан къоначу хьажархочун театро дуккха а керла туьйнараш кечдина нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь, Россин кхечу регионашкахь гастролашкахь а хилла уьш.

Цул сов, халкъан кхане кегийрхошкахь юй хууш йолчу театран коьртачу режиссера Муртазалиева Асета студенташца сих-сиха кхоллараллин суьйренаш а, цхьаьнакхетарш а дIахьо.

Иштта, рогIера цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн Пачхьалкхан университетан Нохчийн меттан а, литературин а отделенин студенташца.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн Пачхьалкхан драмин театран коьрта режиссер Хакишев Руслан.

– Тахане тхоьгахь ю, ткъа кхане – шуьгахь. Цундела аш дика деша деза, шаьш хаьржина говзалла дика караерзо еза. Хьехархоша Iамочул а сов, шу шаьш а хила деза лехамашкахь, алссам книгаш йоьшуш хила а деза. Нохчийн меттан отделенехь доьшуш хиларна, шуна нохчийн мотт дика хаа деза, цул тIаьхьа оьрсийн а, кхидолу меттанаш а хаа беза. Шух нохчийн меттан хьехархой хилла ца Iаш, нохчийн маттахь язъеш журналисташ, я яздархой, я актераш, я Iилманчаш а хила там бу. Кегийрхойн мокъа хан дуккха а хуьлу, цундела Iилманехь совдовла аьтто бу шун, – элира Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис.

Муртазалиева Асета шайн театран балхах лаьцна дийцира студенташна. Нохчийн матте гочъечу оьрсийн а, кхечу а къаьмнийн а пьесех лаьцна а дийцира.

– Вай ненан мотт нохчийн мотт бу. Ткъа тхан театран хьовсархой бераш хиларе терра, мелла а нохчийн маттахь спектаклаш кечъян гIерта тхо. Шайн ненан маттахь гойтуш долу туьйра, муьлххачу къоман и делахь а, бераша дика тIеоьцу. Нохчийн маттахь гайтинчу туьйранах алссам пайда а оьцу бераша, – элира А.Муртазалиевас.

Хакишев Руслана драмин театран дахар довзийтира. Кино йоккхуш санна, галваьлча, кхин дубль а йоккхуш, сцени тIехь ролаш ловзо аьтто цахиларх лаьцна а дийцира.

Иштта, Хакишевс шен къамелехь билгалдаьккхира муьлххачу а актера ша ловзош йолу роль шен сих а, дагах а чекхйолуьйтуш хилар а, тIаккха а бен хьажархочун дагах и кхеташ цахилар а.

Студенташа лерина ладуьйгIура шайга дуьйцучуьнга. Царна дуккха а керланиг девзира.

ВЕГИЕВА Макка
№35, хIутосург (май) беттан 9 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: