Ма чIогIа дIаийна хьо сан амалх… Кхузахь тIулгаша, лаьмнаша мотт буьйцу соьга. Далхадо Шемалан заманахь шаьш дина узарш. Весет до, биц ма бе бохуш, Нохчмахкахь нийса топ тухуш хилла Хода… Баккъал а, боху цара, кхузахь вина, ваьхна ву хьуна дечигах (Iодан кепехь, механизм) сахьташ деш хилла Ахмедов Яда. ТIедуьллу суна, дуьненахь дуьххьара (нарезной хотIехь) топ йина Дуска, сан букъ тIехь ваьхна алий, дIакхайкхор. Дукха гина, боху цара, шайна, лаьмнашна…

Тешнабехк бина, Мехкан Кхиэлан коьрте хаьржина Исхьакъ вер, Шемала, Къилбаседехьара, Къилбе, ДаьргIа схьаяккха, къаръян деш долу талораш кхиаме ца кхочуш, дахделча, цIа а бигна, буза а бина, шен «мостагIий» къилбехьара охьабалор.
Тхо теш ма ду, боху цара, Iаьндара охьа, Воронцов (Кхорбаьлла Дукъ) олучу метте кхаьчча, (ДаьргIана уллера къилбе 3–4 км.), Шемал шен 15 хьадалча а эцна, Хорачахьа ведда вахар… Шайна тахана а дагайогIу боху цара, Суайп-Моллин беркате лараш. Вайн махкахь исламан нур даржийначех хьалхарчех ву иза… Билгалдаккха деза: «ДаьргIа», «БелгIата» – ши кхетам бацар. Уьш, хил дехьий, сехьий хилар бен, цхьаъ бу…
Замано къиза кадетташ, шен чордачу кахьарахь аьхьира, ДаьргIа, хьан уггаре тоьлла къонахий… И ца хаьара, ДаьргIа юьллуш, дуьххьарчех хилла Хундайна… Ца хаьара, ДаьргIа, Iаламо хазйина ца Iаш, къонахаша а хазйийр юй… Ца хаьара, ДегIастанахь, бIешарахь хир болу хиламаш кхузахь хир буй… Ца хаьара, Iапказан хьаьрмахь, герз дина ца Iаш, къонахий тусуш йолу коьрта пхьалгIа хир юй.
…ХIаъ! Мисккъал а тIетоьхна доцуш, баккъал а, къонахий тусуш йолу пхьалгIа… Цундела ларамза дацара, Даймахкана кхерам тIехIоьттинчу дийнахь, цунна тешнабехк бинчу дийнахь, цунна орцахбевлла дукхахберш, шайн лаамехь тIаме бахар, дIахIиттар. 200 бIе сов къонаха реза хилира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Даймехкан дуьхьа дахарх къаста. И дерриге а, цхьа бертазалла йоцуш, бIаьрлагIашна доцуш, тарйина, кхоьллина йоцчу къонахалли тIера дара… ДегIах, ла ма-лло, герзаш а дихкина, танка кIел вахара Талаев Лом-Iела Волгоградана уллехь…
Ша Iожалла тIеэцале, цуьнан каяьллера иттаннаш мостагIий хIаллакбан а, церан масех танк йохо а. (Цуьнан кIанта Расула тоьшалла дора, Лом-Iела колхозан председатель воллушехь, заявлени яздина, къар а ца велла, тIаме вахана хиларна). Авторан бакъдолчух жоп дала таро яцахь а, хьахо догIу, цуьнан тIеман накъосташа дийцарехь, Талаев Iела СССР-н Турпалхочун Сийлахь цIе тилла билгалвина хилла хилар…
…Тахана санна, дагадогIу Алиев Ахьидан бIаьрхиш… Шен цхьаъ бен воцу кIант ГIиримсолта веллачу дийнахь, цхьа бIаьрхин тIадам ца гайтира цо нахана. ГIиримсолта, шех тарван цхьа а хир вуй-те, аьлла, хаза, зоьртала жима стаг вара лечу хенахь… Амма, тIамехь лайнарг дуьйцуш, бIаьрхиш ца совцалора Ахьиде. Хье ца лоцуш, мара хадош, дIаяхнера цунна мостагIчун шокъали… Акхароша кайиттича санна, яра Тимиралиев Камилан меженаш… Ша дийна цIа вирзинчул тIаьхьа, заьIап вара аьлла доцуш, шена, нахана, юкъараллина пайде волуш, вехира иза тIаьххьалц… Ша тIаьххьара тIаме воьдучу суьйранна, хи тIе кхайкхина, Алиев Увайса тешамна, кара йовлакх делира Бисултанова Ануга.
Ткъа вукхо, шен рогIехь, Увайсе чIуг еллера… Амма, Алиев Увайс тIепаза байначийн могIарехь ву аьлла, хаам хилира цуьнан верасашка… 60 шо сов зама яьллачул тIаьхьа, ша лечу хенахь а, Анун кисанахь хиллера Увайса делла йовлакх…
Ма безамаш хилла уьш… Ма тешамаш хилла уьш… Ма къонахий, ма мехкарий хилла уьш… Царах Iама везара дуьненахь безамна… тешамна… къонахаллина. Тахана… хIокху качделлачу дуьненахь: Талаев Лом-Iелах, Алиев Ахьидах, Алиев Увайсах, Бисултанова Анух…
ТIаккха дуьне толур дара, кега-мерсаллех дIакъаьсташ, цIанлур дара эгIазчу мехаллех, ханна долчу, заьIапчу хIуманех. Денлур бара баккъал а болу безамаш, тешамаш, сов ер яра, кхайкхош йоцу къонахаллаш. Массо хIуманна дуьненахь цхьа бахьана хIутту. И дерриге цхьа бух болуш а хуьлу. Беркат долу, шен бийца орам болчуьнгара.
Тахана, хIокху дезачу дийнахь, и къонахий дагалаца безаран, церан Сий дан дезаран, царна, хьакъ боллу, дагалецаман хIоллам хIотто безаран беркат Абдулхамидова Ровзанера схьадаьлла ду. Вайн махкахь парлментаризман бух, къепе дIанисъеш, алссам къахьегначу Абдурахманов Дукхувахин йиша ю иза…
Абдулхамидова Ровзан ДаьргIарчу юккъерчу №2 йолчу школин куьйгалхо йолу ши шо ду. Цуьнан дIадолорца, цуьнан куьйгалло гIиттош, айбеш, дIахьош болх бу оцу школехь – Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман аренашкара цIа берзазчу турпалхошна хIоллам хIоттор. И дагалецаман чурт, хьакъ доллу, совгIат хир ду, лакхахь бийцинчу къонахашна. И дерриге дан лерина ду хIутосург (май) беттан 9-гIа де тIекхочуш… Цу тIехь ирс хилла ДIаьргIарчу бахархойн кхузахь Абдулхамидова Ровзан нисъяларна.
Шиъ лаккхара дешар дешна хилла ца Iаш, олуш ма-хиллара, тахана-кхана, Iилманийн кандидат ю иза. Доккха ирс ду и йовзар а, цуьнца болх бан аьтто хилар а. Адамашца кIедамерза хилар, цаьрца яза хаар, маслаIаталлин уггаре а коьртачу лакхене кхачийна хетало иза Дала. Цуьнах пайдаэца хуучунна, бух боцу Iилманан, адмаллин хIорд бу и…
Тахана и къонахий, Сийлахьбоккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархой хьехийна, дагалаьцна ца Iаш, абаде кхаччалц, дагахь латто, биц ца балийта, бугIуш хIолам бу (чурт ду) ДаьргIарчу №2 йолчу юккъерчу школехь.
Хетарехь, шеко яц, и хилам ерриге республикерчу бахархошна а чIогIа маьIне хилар.
Даггара, Делан цIарца, баркалла ала догIу, Абдулхамидова Ровзанна и гIуллакх дагадарна, вовшахтохарна, чекхдаллалц дIадахьарна.
…Ткъа къонахий белла ма баха… Бац ма баха… Кхана уьш бицлахь… Тахана, тхо делла хиларан билгало ю иза…
I.ЮСУПОВ, ДаьргIара вахархо
№35, хIутосург (май) беттан 9 де, 2019 шо