Нохчий – Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман турпалхой

ХIокху шарахь 74 шо кхочу вайн халкъо фашистийн Германина тIехь толам а боккхуш, Сийлахь-боккха Даймехкан тIом чекхбаьлла. Вайн пачхьалкхан дерриге а халкъаша шайн дакъа юкъадиллина и Толаман де гергакхачорна.

Вайнаха фашистийн гIо лаьцна боху хабар а даржийна, вайн халкъ 1944-чу шарахь махках даьккхинехь а, массарна а дика хууш ду, и иштта ца хиллий а, оцу политикин сацаман (халкъ махках даккхаран) бахьанаш кхин хиллий а. Нохчийн халкъо а диллина мостагIчунна тIехь толам баккхарна юкъа доккха дакъа, Даймохк ларбан тIаме бахана Нохчийчоьнан кIентий.

Нохчашна юкъара бакъболу турпалхой бевлла оцу тIамехь, маршонан дуьхьа шайн дахарш дIаделла цара, шайн хьуьнаршца ерриге а пачхьалкхехь а, цул арахьа а гIар а бевлла.

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцнарш 30–40 эзар гергга нохчий бу, царах 70 процент шайн лаамехь тIаме бахнарш.

Нохчийчоьнан Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранийн юкъараллин председатель хиллачу Индербиев Мохьмада бинчу хаамца, оцу тIамехь дакъалаьцна 44 эзар нохчичо. Царах пхеанна тIом дIабоьдуш а болуш, «Советийн Союзан Турпалхо» сийлахь цIе елла, кхин а веанна 80–90-чуй шерашкахь елла и сийлахь цIе (тIаьххьарчу кхаанна – «Россин Федерацин Турпалхо» сийлахь цIе).

Нурадилов Ханпаша. Дакъалаьцна Сталинградан тIамехь. Ша цхьамма Захаровка юьртана уллехь сацийна немцойн тIелатар. Цо хIаллаквина 920 сов фашист, мостагIчуьнгара схьаяьккхина 7 пулемет, йийсаре валийна 12 фашист.

СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман 1943-чу шеран оханан (апрель) беттан 17-чу дийнахьлерчу Указаца, кхелхинчул тIаьхьа, Нурадилов Ханпашина «Советийн Союзан Турпалхо» сийлахь цIе елира.

Идрисов Абухьаьжа. Цо тIамехь хIаллаквина 349 сов фашист. Командованин тIедахкарш дика кхочушдарна, фашисташца хиллачу тIемашкахь шегара майралла а, хьуьнар а гайтарна, СССР-н Лакхарчу Советан 1944-чу шеран асаран (июнь) беттан 3-чу дийнахьлерчу Указаца цунна «Советийн Союзан Турпалхо» сийлахь цIе а, Ленинан цIарах йолу орден а, «Дашо седа» мидал а елла.

Бейбулатов Ирбайхан. Мелитополь гIала мостагIчух паргIатйоккхуш хиллачу тIамехь дакъалоцуш хилла иза. Халачу хьелашкахь, гIалин урамашкахь дIахьош хиллачу тасадаларшкахь шегара хьуьнар а, тIом бан хааран говзалла а гайтина Бейбулатовс. Иза командир хиллачу батальоно юхатоьхна фашистийн 19 тIелатар, хIаллакйина 7 танк, 1 000 сов фашист.

Ша Ирбайхана йохийна цхьа танк, хIаллаквина 18 фашист.

Цуьнца цхьаьна, оцу тIамехь дакъалоцуш цуьнан вежарий Мохьмад а, Махьмуд а, Бийсолта а хилла.

СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман 1943-чу лахьанан (ноябрь) беттан 1-чу дийнахьлерчу Указаца, кхелхинчул тIаьхьа, цунна «Советийн Союзан Турпалхо» сийлахь цIе елла.

Магомед-Мирзоев Хаважи. ТIамехь, Днепр хин аьтту агIор дуьххьара бурам тIехь дехьабевллачарех цхьаъ ву иза. Цо аьтто бира гвардин 60-гIа полк хих дехьаялар сихдарехь. Шен тIаьххьарчу тIамехь, кхузза чов йина воллушехь, цо пулеметаца хIаллаквира 144 фашист.

Шегара майралла а, хьуьнар а гайтарна, СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман 1944-чу шеран кхолламан (январь) беттан 15-чу дийнахьлерчу Указаца цунна «Советийн Союзан Турпалхо» сийлахь цIе елла.

Дачиев Хансолта. 1944-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан чаккхенехь Днепр хих дехьа а ваьлла, немцойн эскарш долу меттиг билгалъеш болу мехала хаамаш беана цо. И бахьанехь, шина дийнахь хих дехьаяла аьтто баьлла дивизин.

Командованин тIедиллар дика кхочушдарна, тIамехь шегара майралла а, хьуьнар а гайтарна Советийн эскаран лахарчу лейтенантана Дачиев Хансолтина СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман 1944-чу шеран кхолламан (январь) беттан 15-чу дийнахьлерчу Указаца «Советийн Союзан Турпалхо» сийлахь цIе а, Ленинан цIарах йолу орден а, «Дашо Седа» мидал а елла.

СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман 1955-чу шеран хIутосург (май) беттан 24-чу дийнахьлерчу Указаца Советийн Союзан Турпалхо сийлахь цIе лелоран бакъо дIаяьккхина цуьнгара, ткъа 1985-чу шеран хьаьттан (август) беттан 21-чу дийнахь и бакъо меттахIоттийна.

Висаитов Мовлид. Гвардин дошлойн 28-чу полкан командир, гварди подполковник. Iамаркан а, СССР-н а эскарш Эльба хи тIехь цхьаьнакхеттачу хенахь Советийн эпсарех дуьххьара легионерийн орденан кавалерца, инарлица Боллингаца цхьаьна а кхетта, къамел динарг ву Висаитов.

Шена яздархочо Шолохов Михаила совгIатана белла болу дин белла Висаитовс инарлина Боллингана. Иштта, Висаитовна США-н Президента Трумэн Гаррис «Сийлаллин легион» орден елла.

«Советийн Союзан Турпалхо» сийлахь цIе 1990-чу шарахь елла цунна.

И орден Советийн эпсарех цунна бен елла а яц!

Абдурахманов Канти. Советийн эскаран старшина. Герз нийсса тIетохарца Витебск гIалина тIехдевлла малхбузе агIор доьлху Советийн эскарш совцийна йолу дот хIаллакйина цо.

1996-чу шарахь «Россин Федерацин Турпалхо» сийлахь цIе елла цунна.

Узуев Мохьмад. Сержант, Брестан гIап ларъярхойх цхьаъ.

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь шегара майралла а, хьуьнар а гайтарна, 1996-чу шеран чиллин (февраль) беттан 19-чу дийнахь, Россин Федерацин Президентан Указаца, кхелхинчул тIаьхьа, Узуев Мохьмадна «Россин Федерацин Турпалхо» сийлахь цIе елла.

Умаров Мовлди. Малхбузе фронтехь, Скучарево юьртана уллехь хиллачу тIеман тасадаларехь дакъалоцуш хилла иза, циггахь кхалхар а хилла.

Шозза чов хилла воллушехь, шайл масийттазза дукха болчу мостагIашна шен аьлларехь болчу тIемалошца тIелатар дира цо.

1996-чу шеран хIутосург (май) беттан 16-чу дийнахь, Россин Президентан Указаца, кхелхинчул тIаьхьа, Умаров Мовлдина «Россин Федерацин Турпалхо» сийлахь цIе елла.

I.МУРТАЗОВ
№35, хIутосург (май) беттан 9 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: