Нохчийчохь наркоманина меттиг хир яц

IMG_9581

Иштта дIахьедар  дира  Кадыров Рамзана

Кху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикин районийн куьйгалхошца а, бакъонаш ларъяран структурийн белхахошца а, республикин Iелам нахаца а наркоманина дуьхьал къийсам дIабахьарх лаьцна  дийцира а. Цхьаьнакхетар хилира А.-Хь.Кадыровн цIарах долчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь. Иштта цига балийна бара наркотикаш лелош гучубевлла болу кегийрхой а, церан дай-наной а.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира, наркомани терроризм санна, доккха зулам хилар.

– Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа тешна вара наркомани а, терроризма а вайн къомана боккха кхерам хиларх. Цо куьйгалла а деш, федеральни центран гIоьнца Нохчийчохь эшийна дуьненаюкъара терроризм. Ткъа хIинца наркомани ю вайна бале яла гIерташ. Наркотикаш лелош волу стаг шех жоп далалуш ца хуьлу. ГIиллакх, оьздангалла, иэхь ца хуьлу цаьрца. Цундела терроризм санна доккха зулам ду иза, – бохура цо.

Р.Кадыровс дийцарехь, наркоманина  дуьхьал къийсам массара а цхьаьна дIабахьа  безаш бу. Уггаре а хьалха шайн доьзалшкахь дуьйна кхето беза харц новкъа хIиттинарш.

– Наркотикех хьакхавелла стаг шена а, гонаха болчарна а зулам хилла ца Iаш, Далла хьалха а харц хуьлу. Республикин куьйгалло, бакъонаш ларъяран структураша, Iелам наха, юкъаралло массо а агIор къахьега деза кегийрхой вуочух ларбарехьама. Нагахь санна цу тIехь церан дай-наноша гIо ца дахь вайна хала хир ду Iалашоне кхача, – элира Р.Кадыровс.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамчас Шахидов Адама дийцира наркотикех а, корта бахочу маларх а кхетар бусалба динехь мел хьарам ду. Цул тIаьхьа, А.Шахидовс хьалхара а олуш, тоба дира кегийрхоша.

Р.АБДУЛМУСЛИМОВ

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: