Нохчийчоьнан халкъийн Иэсан а, лазаман а денна лерина гулам

ХIокху беттан 10-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу театран-концертийн залехь Нохчийн Республикин халкъийн Иэсан а, лазаман а денна лерина мероприяти хилира.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Р.Кадыров, Россин Пачхьалкхан Думин депутат А.Делимханов, Парламентан Председатель М.Даудов, Россин Федерацин Президентан хьехамча А.Эдельгериев, Правительствон Председатель М.Хучиев, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо I.Израйилов, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутаташ, республикин Парламентан депутаташ, министраш, гIаланийн а, кIоштийн а администрацийн а, нуьцкъаллин ведомствийн а куьйгалхой, Журналистийн, Яздархойн, Художникийн союзийн декъашхой, студенташ, и.дI.кх.

Иза дIаяхьаран Iалашо яра Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо А-Хь.Кадыров дагалацар, Нохчийн Республикин халкъашна бохаме еана хенаш кхин цахилийтарехьа къахьегар, вайн дайн масалш тIехь тIекхуьучу чкъурехь патриоталла кхиор.

Мероприяти дIайолош Нохчийн Республикин халкъийн иэсан а, лазаман а денна лерина видеокийсак гайтира. Мероприяти дIахьош вара республикин Куьйгалхочун гIоьнча, «Некъ» телерадиокомпанин директор А.Шахидов. Адама трибуни тIе кхайкхира республикин Куьйгалхо Р.Кадыров.

Цо шен къамелехь билгалдаьккхира нохчийн халкъо тайп-тайпанчу хенашкахь бохамаш лайна хилар – махках дахар, тIемаш бар, террористаша зуламаш дар.

«Вайн историн агIонаш Iаржъеш даьхкинчу оцу бохамечу деношкахь хIаллакьхилларш дагалоцуш ду вай. Вай Деле доьху кхелхина вайн вежарий а, йижарий а декъалбар. Оцу Iаьржачу денойн зераш кхин тIе ца хIиттийта вай дерриге а дан деза. Вайн коьрта Iалашо ю барт а, маршо а ларъяр. Цхьаьна къахьегча бен вайн кхиамаш алсамбаха ницкъ кхочур бац», – элира цо.

Цул тIаьхьа вистхилира М.Даудов, цо билгалдаьккхина ма-хиллара, халкъ хIаллакьхиларан зила тIе хIоьттинчу хенахь, иза кIелхьарадаьккхина хьекъале а, нуьцкъала а волчу тхьамдано.

Цо орамера дуьйна хуьйцура хIоьттина долу хьал.

«90-чу шерашкахь Нохчийчохь 50 пачхьалкхера террористаш болчу хенахь, царна дуьхьалвелира Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо А-Хь.Кадыров. Шен мохк а, цуьнан хIора вахархо а Iалашвар шена тIелецира цо. Шен бIанакъосташца цхьаьна, цо даиманна а тIом дIа а баьккхина, республика кхиаран новкъа яьккхира. Цо йиллина а, Р.Кадыровс барт чIагIбина а йолчу командо дерриге а дуьненна дIагайтира тIехIиттина халонаш дIайохуш къийсам дIабахьа безаш хилар а, оцу къийсамна юкъара толамхо хилла аравала везаш хилар а», – элира цо.

Цул тIаьхьа «Шайхан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ исламан бакъонийн баххашна тIехь лаьтташ бу» книгин презентаци хилира.

Оцу мехалчу книгин хьалхара экземпляр Р.Кадыровна елира.

Мероприяти ерзийра Нохчийн Республикин муфтис С-Хь.Межиевс доIа дарца.

Нохчийн Республикин культурин министерствон исбаьхьаллин программица, Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан драмин театро «Мехкан лазам» спектакль гайтарца ерзийра мероприяти.

Вайна бохаме беанчу 1944-чу шеран чиллин (февраль) баттахь халкъ махках даккхарх а, 90-чу шерашкахь хиллачу тIамех а лаьцна яра иза.

Л.ИБРАГИМОВА
№36, хIутосург (май) беттан 14 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: