Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь фашистийн Германина тIехь толам баьккхина 74 шо кхачарна лерина тIеман парад.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, министраш, гIаланийн, кIоштийн куьйгалхой, тIеман ветеранаш, кхиберш.
ТIеман хенахьлерчу музыкица гулбеллачарна хьалхахула чекхбевлира республикин Чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон а, Россин Къоман гвардин республикехь йолчу Урхаллин а, Россин оборонин министерствон а, Соьлжа-ГIаларчу Суворовн училищен а, кегийрхойн «Юнармия» боламан а, Россин МЧС-н республикехь йолчу Коьртачу урхаллин а белхахой.
Царна тIаьххье чекхъелира тIеман техника: БТР-ш, БМП-ш, «Тигр», «Булат», «КаМаЗ», «Урал» – машенаш, «Чаборз» – багги, залпан кепара тохар даран «Град» а, зенитан «Оса» а машенаш.
ТIеман парад чекхъяьлча, Толаман денна лерина, куьйгаллехь республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а волуш, Ерригроссин «Лийрйоцу полк» акци а дIаяьхьира.
И гIуллакх вовшахтоьхнера Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос, Ерригроссин юкъараллин патриоталлин «Россин лийрйоцу полк» боламан Нохчийн отделенис, Ерригроссин «Толаман волонтераш» боламан республикерчу отделенис, вузаша.
Ламасте ма-дерззара, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцначу шайн гергарчеран суьрташца Соьлжа-ГIалин коьртачу майдана бахара нах.
ВЕГИЕВА Макка
№36, хIутосург (май) беттан 14 де, 2019 шо