«Турпалхойн беш» ю хIинца Соьлжа-ГIалахь

ХIутосург (май) беттан 10-чохь, Нохчийчоьнан халкъийн Иэсан а, лазаман а дийнахь, Соьлжа-ГӀалара Ш.Эпендиевн цӀарах Республикин клиникин больница йолччохь схьайиллира «Турпалхойн беш».

Цигахь дакъалецира республикин Премьер-министра Хучиев Муслима, Парламентан вицеспикера Жамалдаев Шаида, Чоьхьарчу гӀуллакхийн министра Алханов Руслана, Кегийрхойн гӀуллакхашкахула волчу министра Ибрагимов Iийсас, республикин Куьйгалхочун гIоьнчас – Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин директора Дудаев Ахьмада, иштта, Соьлжа-ГӀалин мэрин а, Соьлжа-ГӀалин Октябрьски кIоштан префектурин а, шуьйрачу хаамийн гӀирсийн а, кегийрхойн «Ахмат» боламан а, патриоталлин «Путин» клубан а, «Турпалхой» проектан а векалша, иштта, шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонашларъяран органийн белхахойн бевза-безачара, гергарчара.

Республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министра Р.Алхановс шен къамелехь, гулбеллачарна дийцира таханлерчу машарх нохчийн халкъо беллачу мехах лаьцна.

– 2004-чу шеран хIутосург (май) беттан 9-чохь, шен белхан декхарш кхочушдеш а волуш, бакъдуьнена вирзина Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Тайп-тайпанчу тIегIанашкарчу а, агIонашкарчу а зуламхоша нохчашна а, нохчийн махкана а тIехь латтош йолу къизалла а, харцо а, зулам а сацоран декхарш кхочуш а деш вирзина ву Ахьмад-Хьаьжа а, цуьнан бIанакъостий а, иштта, бакъонашларъяран органийн кхиболу белхахой а бакъдуьнена. ХIара беш царах долу вайн иэс лара мегар ду. Дала гIазот къобалдойла церан!, – элира цо.

Бешахь Ӏежан 1 267 синтар ду – шайн декхарш кхочушдеш кхелхинчу республикин бакъонашларъяран органийн белхахойн цӀарах ду царах хӀора а.

Цул сов, республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хӀоллам а бу «Турпалхойн бешахь».

Беш кечъярехь а, схьаелларехь а гӀо-накъосталла деш Кегийрхойн гӀуллакхашкахула волу министр Ибрагимов Iийса а, республикин Куьйгалхочун гIоьнча – Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин директор Дудаев Ахьмад а волуш, къахьийгира «Турпалхой» проектан а, патриоталлин «Путин» клубан а жигархоша.

И.АДАМОВ
№36, хIутосург (май) беттан 14 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: