Цкъачунна, махкарчу яртийн а, шахьарийн а нохчийн маттахь йолу цӀерш Ӏедалан тӀегӀанехь тӀеэццалц, «Шелковская» юьртан цӀе «Шелковски» санна лелош ю. Амма цхьаболчара билгалдоккху оцу юьртан а, кӀоштан а нохчийн шира цӀе хилар – «Мохне».
Оцу хаттаран хьокъехь Instagram социалан сета чуьрчу Нохчийн къоман «Даймохк» газетан агIонехь леррина пост (цу сета чохь язбечу хааман цIе) а язйинера, харжам а дIабаьхьира.
«Шуна хезний «Шелковская» юьртах «Мохне» олуш?» аьллачу хаттарца дIабаьхьначу харжамехь дакъалецира бIе сов стага.
«Хезна» а, «Ца хезна» а аьлла, шайн кхаж дIабала йиш йолчу шина агIонах «хезна» боху пилгу (кнопка) 4-ммо бен ца хаьржира.
Делахь а, харжамал сов, пост а ма ярий оцу хаттаран хьокъехь язйина.
Цунна (постана) бухахь хаза а, беламе а, иштта, чулацаме а комментареш йитира «Даймохк» газетан тIеязбалархоша:
«Суна хезна дац, бакъдолуш. Цигахь кхидолу къаьмнаш Iийна хиларе терра, «Шелковская» цIе лелийна. Нохчийн маттахь цIе хилар бакъахьа ду», – яздина @g.daudov аьллачо.
«Со Шелковскехь ехаш ю, ша цхьа цIе цунна ягIахь, Мохне йогIу, дийнна шарахь мох хуьлу кхузахь: эхашарахь Терка тIера схьа, дисинчу эхашарахь – Терка тIе», – иштта яздина @sedaya_molodost аьллачу тIеязвалархочо.
«Мохам хьа хуьла хIоккхахь чIогIа», – аьлла, шена хетарг @umzar99 а довзийтина.
Цул сов, «Шелковски боху оьрсийн дош вайна оьшуш дац, нохчийн маттахь хила деза дерриге а» а, «Вайна Мохне ю» а, «Юккъера Шелковски Мохне ма хили… Мох хуьлу дела дагадеана хир ду шуна иза. Цхьа а кхетам боцуш, цIе муха туьллур ю?!» а, «Я а ю цхьа Мохне» а, и.дI.кх.а яздина тIеязбалархоша.
Ткъа шуна хезний, цкъа а, «Шелковская» юьртах а, кIоштах а «Мохне» олуш?
И.ИСЛАМОВ
№36, хIутосург (май) беттан 14 де, 2019 шо