Нохчийн Республикин физически культурин, спортан министр Ханариков Муса белхан гIуллакхашца Грозненски а, Итон-Кхаьллан а кIошташкахь хилира.
Министра М.Ханариковс теллира оцу кIошташкарчу спортан школийн хьелаш. Цо цигарчу тренершца къамелаш дира. ХIора дийнахь шайна а, шаьш Iамош болчарна а хьалха хIуьттуш йолу халонаш йовзийтира тренерша.
Министра коьрта тидам тIебахийтира тренерша а, спортсменаша а син, гIиллакх-оьздангаллин башхаллашца гуонаха болчарна масал гойтуш хиларна.
Ханариков Мусас дош делира республикин куьйгаллин тIегIанехь кIошташкарчу спортан школашна хьалха хIуьттуш йолу халонаш дIаяха.
Иштта, цо билгалдаьккхира физически культурин, спортан декъехь долу гIуллакхаш довзаран Iалашонца ша Нохчийн Республикерчу ерриге а кIошташкахь хуьлуш хилар.
Л.ДАУТОВА
№36, хIутосург (май) беттан 14 де, 2019 шо