Республикерчу дешаран керланаш

«Къона хьехархо – 2019»

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос хIора шарахь дIахьош йолчу ламасталлин «Къона хьехархо – 2019» республикин конкурсан жамIаш дина, толамхой билгалбевлла. Соьлжа-ГIалин №7 йолчу школин историн а, обществознанин а хьехархочо Казакбиев Хьасана яьккхина хьалхара меттиг. ШолгIа меттиг – Ю.Дешериевн цIарахчу Лингвистикин школин ингалсан меттан хьехархочо Яндиева Бэллас а, кхоалгIа меттиг Соьлжа-ГIалин №8 йолчу школин историн а, обществознанин а хьехархочо Асмерзаева Каринас а яьккхина.

Конкурсан лауреаташ хилла Соьлжа-ГIалин №28 йолчу школин историн а, обществознанин а хьехархо Изнауров ЯрагIи а, Соьлжа-ГIалин №12 йолчу гимназин ингалсан меттан хьехархо Степаненко Элина а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан лицейн историн а, обществознанин а хьехархо Мутаева Хеда а.

Конкурсан толамхошна а, лауреаташна а, дипломаш а луш, ахчанан совгIаташ дина.

ХIокху шарахь «Къона хьехархо – 2019» республикин конкурсехь дакъалоцуш 35 хьехархо вара.

Цигахь дакъалаца аьтто бара юкъарадешаран организацийн дешаран белхахойн а, лакхарчу а, корматаллин а дешаран заведенийн студентийн а, вайн республикин школашкахь болх бен 3 шо хан йолчу, 35 шерел воккха воцчу а хьехархочун.

Конкурсан тIедахкарш кхочушдеш, хьехархой кхаа муьрах чекхбевлира.

Хьалхарчу турехь – эссе, шайн белхан зеделларг довзийтар (презентаци), инфографика, дешаран проект, дарс далар а гайта дезара.

Ткъа шолгIачу турехь хьехархойн йоккхачу аудиторина лерина лекци кечъян а, классан сахьт а, йиллина дискусси а дIаяхьа езаш а, мастер-класс гайта езаш а яра.

«Къона хьехархо» конкурс дIахьош ю къоначу хьехархойн кхолларалла кхиоран а, похIма долчу хьехархойн зеделларг довзийтаран Iалашонца.

«Шеран хьехархо – 2019»

Дешаран а, Iилманан а министерствехь «Шеран хьехархо – 2019» конкурсан жамIаш дира.

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала инстаграмехь йолчу шен агIонехь хаам бина конкурсан жамIаш довзуьйтуш.

«Шеран хьехархо – 2019» республикин конкурсан толамхо Соьлжа-ГIалин №60 йолчу школин ингалсан меттан хьехархо Ацаев Хизир ву.

ТIейогIучу хенахь Ацаев Хизира дакъалоцур ду Ерригроссин «Шеран хьехархо – 2019» конкурсан юбилейни 30-чу муьрехь.

Иза, хууш ма-хиллара, Соьлжа-ГIалахь дIабахьа лерина а бу, оцу конкурсан ламастаца, конкурсан толамхочун регионехь дIахьош ю конкурсан эстафета.

ДIадаханчу 2018-чу шарахь Ерригроссин «Шеран хьехархо» конкурсехь тоьлларг вайн махкахо, Хь.Ибрагимовн цIарахчу математикин школин обществознанин хьехархо Динаев Алихан вара.

Оцу толамо а дегайовхо лур ю аьлла хета Х.Ацаевна ша тIелаьцначу некъа тIехь кхидIа а лакхенаш яха.

Иштта, «Шеран хьехархо – 2019» конкурсан лауреаташ хилла Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон А.Суворовн цIарахчу тIеман училищен математикин хьехархо Бисултанов Сайд-Iали а, Устрада-ГIалин С.Диканиевн цIарахчу №13 йолчу гимназин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо Гадаева Разита а, Курчалойн кIоштарчу Гелдаганан М.Даудовн цIарахчу №1 йолчу школин юьхьанцарчу классийн хьехархо Ленченкова Надежда а, Соьлжа-ГIалин №7 йолчу школин ингалсан меттан хьехархо Тисаева Элина а.

ХIокху шарахь «Шеран хьехархо – 2019» республикин конкурсехь дакъалоцуш 27 хьехархо вара.

Конкурсан 9 зер дара – «Интернет-ресурс», «Эссе», «Методикин семинар», «Дарс», «Мастер-класс», «Классан сахьт», «Дешаран проект», «Публикин лекци», «Министраца къамел».

Суьрта тIехь: «Шеран хьехархо – 2019» конкурсан толамхо дешаран министраца

«Дешархойн проекташ – 2019» республикин конкурс дIахьур ю Нохчийчохь

Дешархойн проектийн республикин VI-гIа конкурс дIахьур ю Нохчийн Республикехь.

Нохчийн Республикин дешархойн говзалла лакхаяккхаран Нохчийн институто Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствоца цхьаьна дIахьочу конкурсан кхайкхам «Оха школин дуьхьа ца доьшу, дахарехь эшарна доьшу» аьлла бу.

Конкурсан Iалашо ю Нохчийн Республикин дешаран организацешкахь долчу берийн проектийн а, талламийн а хьуьнарш кхиор.

2019-чу шарахь конкурсехь дакъалоцуш 5–11-чуй классийн дешархойн командийн а, шакъаьстина йолу а проекташ ю. Цхьана учрежденера масех проект чуяла а мегаш ду конкурсе.

Конкурс коьртачу шина муьрах лаьтта. Иза хIутосург (май) беттан 5-чу дийнера асаран (июнь) беттан 1-ра де тIекхаччалц хир бу.

Хьалхарчу муьрехь – заявкаш чуоьцу, конкурсехь дакъалоцу проект йовзийтар хуьлу, шолгIачу муьрехь – (иза очни мур хир бу) проект шуьйра а йовзийтар а, конкурсан жамIаш дар а хир ду.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№36, хIутосург (май) беттан 14 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: