Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Нохчийн Республикин Парламенте а, халкъе а долу Кост

Лараме накъостий! Санкцешка а, берриге а махкахь кхолладеллачу халачу хьелашка а хьаьжна ца Iаш, 2018-чу шарахь вайн аьтто баьлла социально-экономикин коьрта гайтамаш лакхабахар хилийта.

Иштта, 2018-чу шарахь ВРП, мах хадийча, 199,5 миллиард сом я 111,5 процент хилла 2017-чу шарахь хиллачу тIегIанца дуьстича (178,9 миллиард сом).

Лаккхарчу тIегIанехь кхачо йина производственни коьртачу гайтамашка кхачарна юьртан бахаман декъехь а, гIуллакхдаран производствошкахь а, гIишлошъярехь а, махлелорехь а, ткъа иштта, хьашташ кхочушдаран декъехь а.

ДIадаханчу шарахь республикехь юкъаялийна 76,4 миллиард соьмана инвестицеш, 2017-чу шарахь хиллачул 18,6 процентана алсам хуьлу уьш. Царах 63,4 миллиард сом гергга ерш бюджетера йоцу инвестицеш ю.

Бюджетера йоцчу инвестицийн чоьтах чекхдаьккхина 15,0 миллиард соьмана йолу 211 инвестицийн проект кхочушъяр, 3 эзар гергга белхан меттиг а кхуллуш.

2018-чу шарахь хьесапе эцначу белхазаллин тIегIа 8,0 процент дара я 49,9 эзар стаг вара болх лоьхуш, 2017-чу шарахь хиллачул 6,3 эзар стагана кIезиг бу уьш.

Республикехь лахбелла бахархой а, кегий бераш а кхалхаран гайтам. Республикехь 2019-гIа шо МогашаллаIалашъяран шо ду аьлла дIакхайкхийна. МогашаллаIалашъяран системин материально-техникин бух тобарехьа а, медицинин гIо хила аьтто а, дикалла а лакхаяккхарехьа а дан билгалдина дуккха а гIуллакхаш ду.

ДIадаханчу шарахь республикехь, ян а йина, болх бан юьйлаелла иттаннаш керла социальни объекташ (больницаш, школаш, берийн бошмаш, спорткомплексаш, культурин цIенош), кхузаманан производственни нуьцкъаллаш, керла инфраструктурин объекташ.

Оха боккха тидам тIебохуьйту мохк кхиоран гIуллакхашна, цу юкъахь лаьмнашкара кIошташ кхиорна а. Республикехь 2019-гIа шо ГаланчIожан кIошт кхиоран шо ду аьлла дIакхайкхийна. Тхан Iалашо ю и кIошт денъяр.

Лараме накъостий! «2024-гIа шо тIекхаччалц болчу муьрехь Россин Федераци кхиоран къоман Iалашонийн а, стратегин декхарийн а хьокъехь» долчу 2018-чу шеран хIутосург (май) беттан 7-чу дийнахьлерчу №204 йолчу шен Указан гурашкахь Россин Федерацин Президента 2018-чу шарахь регионийн куьйгалхойн белхан эвсараллин мах хадоран гайтамаш къобал бина хилар массарна а хууш ду.

Дерриге а къоман Iалашонашца а, стратегин декхаршца а нийса а догIуш, оха кхидIа беш болчу балхахь коьртаниг ду Нохчийн Республикин экономика а, социальни дакъа а цхьанаэшшара кхиор. Цуьнца доьзна, 2019-чу шарахь, республикехь кхочушйийр йолуш, чIагIйина 49 регионан проект.

Оцу проекташа таро лур ю демографин гайтамаш, хIусамийн хьелаш тодан, бахархойн дешаран а, культурин а тIегIа лакхадаккха, экологин хьал тодан, автомобилийн некъийн кхерамазалла а, дикалла а лакхаяккха, къинхьегаман эвсаралла лакхаяккха, бахархошна болх нисбаран халонаш дIаяха, вайн сурсаташ экспорте дахьийтар кхион.

Нохчийн Республикин Правительствона ас тIедуьллу регионан проекташ кхочушъярна тIехь терго латторна кхачояр. Бюджетера йоцчу инвестицийн барам алсамбаккхархьама болх тIехьажо беза инвестицийн а, предпринимателийн а гIуллакхийн декъера нормативни-бакъонийн бух карлабаккхарна, баккхий инвесторш республике бахкийтарна оьшу хьелаш кхолларна. Иштта, гIолаца деза МСП кхиоран, индивидуальни предпринимателийн дIадолорийн.

2020–2022-чуй шерашна йолчу республикин бюджетан проектана тIехь болх бечу хенахь, республика социально-экономикин кхиоран декхарш кхочушдаре кхачархьама, ницкъаш тIехьовсо беза социальни чIагIонаш ярехь кхаьчна тIегIа лардарна, социальни цхьанаэшшара синтеме хьал хилийтарна, Россин Федерацин Президентан «майхьлера» указаш кхочушдарна, ткъа иштта, Нохчийн Республика кхиоран коьрта проекташ а, программаш а кхочушъярна.

Лараме накъостий! Республикин юьртан бахам а, агропромышленни комплекс а кхиорхьама тIейогIучу хенахь а дIабахьа беза билгалдина программни гIуллакхаш а, «Фермерийн гIолацаран а, юьртан коопораци кхиоран а система кхоллар», «Нохчийн Республикин АПК-н сурсаташ экспорте дахьийтар», регионан проекташ а, ткъа иштта, инвестицийн проекташ а кхочушъяран болх.

Нохчийн Республикин пачхьалкхан бахамах Iалашонашкахь а, эвсаре а пайдаэцийтарна тIехь терго латтор чIагIдан деза. Оцу бахамах пайдаэцарх хилла ахча дерриге а бюджете кхачийтарна юьззина кхачоян еза.

Лараме накъостий! Республикин бахархойн пассажираш дIасабигаран хьашташ дуьззина кхочушдархьама карлаяккха еза юкъараллин транспортан парк, гIаланашна юкъара керла маршруташ схьаелла еза.

Регионашна а, халкъашна а юкъара экономикин зIенаш кхиорехь мехала маьIна леладо кеманаш дIасалеларан географи шоръяро а, кхечу пачхьалкхашка лела керла кеманаш юкъадовларо а.

Мехала ду Нохчийн Республикехь транспортан а, зIенан а хьашташ кхочушдаран рынок вовшахтохарна хаддаза гIолацар.

ХIусамийн-коммунальни бахаман декъехь уггаре а коьртачу декхарех лору буьйцучу муьрехь оцу декъана модернизаци ярна оьшу хьелаш кхоллар, хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарна бахархоша луш долчу ахчанан барам церан аьтто болччу тIегIанехь а буьтуш.

Коммунальни чIогIачу даххашца республикехь гIуллакхдарехь лартIе яло еза оцу даххашна утилизаци яран, даххех пайдаэцаран система, цунах юьззина технологин зIе а еш.

КхидIа а дIабахьа беза некъийн инфраструктура кхолларехула а, некъашца кхерамамазаллин хIуманаш яран а, лаьмнийн кIошташкахь некъаш дахкаран, ярташна тIедоьлху некъаш, жагIа бухкуш, тодаран а болх.

Лараме накъостий! Социальни политика кхочушъярехь суна коьрта хета бер дуьнен чу даьлча доьзалан гIолацаран а, баккхийчеран чкъуран гIолацаран а, оцу чкъуран дахаран дикалла лакхаяккхаран а, бахархой балха нисбарехь гIо даран а программа.

Нохчийн Республикехь дешаран система кхидIа а кхиорна декхар до Россин Федерацин Президентан «майхьлерчу» указашкахь билгалъяьхна Iалашонаш а, декхарш а кхочушдаре кхача.

Кхио деза могашаллаIалашъяран профилактикин дакъа, лакхаяккха еза юьхьанцара медико-санитарни гIо даран дикалла, кхидIа а дIабахьа беза лаккхара корматалла, говзалла йолу лоьраш, говзанчаш республике балоран а, медицинин организацийн материально-техникин бух кхиоран а болх.

Бахархошна юкъахь жигарабаккха беза могашчу дахарна ойла тIехьовзош беш болу болх. КхидIа а дIадахьа деза спортан инфраструктура кхолларан гIуллакх.

Граждански оборонин а, кхерамечу (чрезвычайни) хьолехь бахархой а, мохк а ларбаран а декъехь лакхаяккха еза дIакхайкхоран а, кхераме хьал дIадаккхаран а системин эвсаралла, республикин берриге а махкахь юкъа а ялийна, хаддаза болх беш хила еза «112» система.

Лараме накъостий! Къоман культура кхиор а, вайн республикехь культурин тIаьхьалонаш, хазнаш Iалашъяр а, йовзийтар а коьртачу гIуллакхашна юкъахь ду. Нохчийн халкъан культурин тIаьхьалонаш а, хазнаш а культурин туризм кхиоран бух хилла дIахIитта еза.

Туризм а, рекреаци а кхиорехь хьалхалаьтта республикин туристийн бренд кхолларан, регион кхечу пачхьалкхашкара туристаш тIеэцарна кечъяран а, регионан туристийн хьашташ мехалчу рынкашкахь довзийтаран а, хьалхататтаран а декхарш.

Лараме накъостий! Регионан промышленни политика кхидIа а кхочушъяран гурашкахь промышленностан дакъошкахь баккхий структурин хийцамаш бан беза: кхачоян еза пачхьалкхан унитарни предприятешна приватизаци ярна; инвестицийн кийчча майданаш кхолла еза; индустриальни паркаш а, шатайпа экономикин зонаш ян еза; промышленни сурсаташ арахьарчу рынке дахаран санехь некъаш лаха деза.

Электроэнергетикин декъехь кхидIа а дIабахьа беза вешан генераци кхолларан болх, цу юкъахь энергин юхакхоллалуш долчу хьостанех пайда а оьцуш. КхидIа а болх бан беза электросерлонан бахам кхиорехьа.

Вайна коьртачу декхарех ду гонахарчу Iаламна вон тIеIаткъам бар лахдарехь а, дIаяханчу хенашкахь бахамазаллица гIуллакхаш дар бахьанехь, экологина дина зенаш дIадахарехь а белхаш бар. Иштта, кхул тIаьхьа а дIабахьа беза биологин тайп-тайпаналла Iалашъяран а, алсамъяккхаран а болх.

Лараме накъостий! Арахьара зIенаш кхиоран гIуллакхаш хьахош, билгалдаккха лаьа Россин Федерацин субъекташца, дозанал арахьарчу пачхьалкхийн административни-территориальни вовшахкхетараллашца вовшашна пайдехь долу гIуллакхаш лелор суна гIоле а, тIаьхье йолуш а хеташ хилар.

Мехала ду халкъашна а, динашна а юкъахь синтеме хьал лардар, кегийрхошна юкъахь кхеторан а, профилактикин а болх дIабахьар, кегийрхой тайп-тайпана мероприятеш дIахьочу хенахь юкъаозор, предпринимательствон декъехь жигаралла гойтучу кегийрхойн дог-ойла ойбуш гIуллакхаш дар.

Пачхьалкхан коьрта къинхьегаман а, интеллектуальни а тIаьхьало ю вайн кегийрхой. Дешна, могаш, кхетаме кегийрхой – иштта хила деза вайн хиндерг. Къоначу тIаьхьенах Россин хьакъ боллу гражданаш бан беза вай, вайн республикина а, махкана а пайде хинболу.

Лараме накъостий! Дерзош суна баркалла ала лаьа вайн законашдахархошна. Аш оьшуш болу бух кхоьллина республикехь законашка гIуллакх дайта, синтем, къепе хилийта, ткъа иштта, республика тешам боллуш социально-экономикин кхиийта.

Тешна ву, кхул тIаьхьа а, вайн беркате, Iалашонна тIехьажийна болх, корматалла бахьана долуш, социально-экономикин кхиоран а, бахархойн дахаран тIегIанан а, дикаллин а коьртачу гайтамашца вайн Россин Федерацин субъекташна юкъахь тоьллачу меттигашкахь хила боккъал а таро хирг хиларх.

№37, хIутосург (май) беттан 17 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: