Лохачу гIанта а хиъна, дага еш волчу Воккха-Дадина хаа а ца делира луларчу урамера Хьасан а, Хьусайн керта вогIуш. Балхана «чувоьлла» воллуш ма-вара иза, докан дечигах дага ян гIерташ. И ши кIант кест-кеста вогIура хIара волчу, кхуьнга гIиллакхех, вайн Iадатех лаьцна дийцита. Тахана а веанера некъан гIиллакхех дерг довза лиъна. ТIаьххьара, гIордаз хьокхуш, дага шарйина иза ваьлча, Хьасана хаийтира шаьшшиъ хIунда веана. Воккха-Дадас шен белхан гIирсаш юьстах а бехкина дIадолийра шен къамел.
– ГIиллакх экаме хIума ю. Иза лар ца даделлачохь адамийн юкъаметтигаш херло. Ткъа иза лардечохь адамашна юкъахь уьйр-марзо хуьлу, беркат а лаьтта. Вайх массарна хууш доллушехь яздо ас цунах лаьцна. Яздо вай: къоначара а, къаноша а иза лардар сайна дезарна. Вайн къоман гIиллакхаш эзарнаш шерашкахь нохчашна шайн дахарехь зеделларг ду, низаме, къепе дирзина долу. Цара дахаран дерриге а дакъошкахь аьхна йо вайн юкъаметтигаш. Вайна иза денна хаало вай дIасалелаш, балхахь, юкъараллехь – массанхьа а.
Вай дукха хьолахь, гIиллакхех лаьцна дийца доьлча, къоначаьрга бехк боккхуш санна, хьехадо некъан гIиллакхаш лардарх я лар ца дарх дерг. Къоначарна хьовха, вайн цхьаболчу баккхийчу нахана а тахана кхоччуш девзаш дац некъан гIиллакхаш. Баккхийчеран юьхь цаяр ма лара ас иштта алар. Бакъдерг ду иза, къаьхьа делахь а. Дагадеъанарг дуьйцу а, яздо а хан йолуш вац со. Делахь-хIета девзаш ву хIора дашах сайна тIехь долу жоьпалла, ткъа иштта – гIиллакхан агIо.
Тайп-тайпанчу цхьаьнакхетаршкахь а, мажлисашкахь а хиттина ас гIалин маршрутийн автобусашкахь хIокху заманахь лелон догIучу гIиллакхех лаьцна. Цхьаболчарна хетарехь, воккха стаг чоьхьа ваьлча автобуса тIехь цунна охьахаа меттиг яла еза жимачу стага а, йоIа а. Еза. Амма цхьадолу хьал хуьлу зудабер, къона зуда хиъна Iачохь йита езаш я воккха стаг (кхин вацахь) хиъначуьра гIаьттина а иза охьахаийна езаш. ХIун хьал ду те иза? Нагахь санна автобуса чохь ирахь богIуш кегийрхой, божарий белахь. ЙоI, зуда хьала а гIаттийна, воккха стаг охьахаар гIиллакх цадовзар, цахаар, шен бен ойла цаяр ду. Муха мегар ду йоI кегийрхошна юккъехь латтийтар, ха хонах а тоьхна? Маггане а мегар дац.
Цхьана дийнахь иштта сурт гира суна. Йоьттинчу автобуса тIехь ирахь лаьтташ берш берриге а божарий бара. Цхьана социйлехь йоккха стаг автобуса тIе хьалаелира. Цунах бIаьрг кхетта йоI, чухула дIасахьаьжира. КIеззиг соцунгIа а хилла: «Деца, схьайола, кхуза охьахаа», – аьлла шен меттера хьалагIаьттина, кегийрхойн тобанна юккъе дIахIоьттира, хIоттаза а ца яьлла. Деца охьахиира…
ГIиллакх ца довзарх ду иза. Я бен цахетар ду. Йоккхачу стагана гуш ма ду йоI муха лаьтта. Мел къийлалуш лаьтта. Шеца хIоттийнарг гIиллакх хиларан ойла а ца йо цо. ГIиллакхна дуьхьал хIоттийначу гIиллакхал хаза хIума дан а ма дац. Цо ала догIура: «Хуур яц дера сом охьа, хьо хьала а гIаттийна. Хьо бакъахьа ю хиъна Iийча». Я тIех йоьттина йолчу автобуса тIе ца яьлча а дацара хIумма а. Иза а дар-кха гIиллакх.
И дерриге гуш, хезаш хиллера тIехьарчу гIантахь хиъна йогIу кхин цхьа баба. Меллаша хьалаайелла, шен меттера хьалагIаьттина йоI, шена тIеехна: «Кхуза охьахаал, йоI», – лохха, амма хадам боллуш, цунна охьахаар тIедожийра цо. Хох санна кхохкаелла лаьтта йоI охьахиира. И шиъ вовшах кхийтира. ГIиллакхо гIиллакх лехира. Ма хаза дара и сурт. Ши-кхо социйла дIаяьлча, йоккха стаг водительна «Дела резахуьлда», пассажирашка: «Шун некъ дика хуьлда», – аьлла, шен Iаса луьйзуш охьайоьссира.
Наггахь автобуса тIехь иштта хьал хIутту. Къонаниг (жима стаг я йоI) воккхачунна меттиг юьтуш, ша хиъначуьра хьалагIотту, гIиллакх хIоттош. Цхьаверг, цара хIоттийна гIиллакх ца дохо, охьахуу. Делахь а, ца хууш верг а нисло, цхьацца бахьаница. Ишттачохь маггане а мегар дац къоначара вас ян, я ма моттийла шаьш лелийначу гIиллакхах ца кхетта. Цунна дац иза. Цуьнан дуккха а бахьанаш хила тарло. Цундела, хала а ца хеташ, новкъа а ца догIуш воккхачо диначун ойлаян, хьесапдан хьовса деза. Вайн уггаре а хазачу гIиллакхех ма ду машен чохь воккханиг охьахаийтар. Кхечу къаьмнийн векалша вайх, вайн къоначарах дозалла деш ма дуьйцу оцу гIиллакхах лоций.
Иштта дика гIиллакх ду вайн воккхачунна некъ битар, новкъахь цунна гIо дар, и.дI.кх. Уьш вайн къоначара, Делан къинхетамца, лардеш а ду. Къаьсттина ярташкахь. ГIали юккъехь башха ца нисло и гIиллакхаш лардар. Жима а, воккха а сиха хуьлу-кх кхузахь, стенна делахь а. Амма лардича хаза гIиллакх ду иза, къоначарах дика ойла кхуллуш а ду.
ХIокху заманан сихаллица болар нисдан гIерташ санна хьавдда-девдда лелаш долчу вай мелла а дицдан долийна воккхачунна тIаьхьа кхиъча, хьалхаваьлла дIавахаран гIиллакх. Ас лакхахь хьахийна ма-хиллара, баккхийчарна а ца хаьа цунах дерг къоначарна дийца. Дицдина. Мел хаза гIиллакх ду иза. Вайн дайша лардина, вайга схьаделла хилча, вайна а эхь хета деза иза дицдан, къоначаьрга дIа ца кховдон. Нохчаллин цхьа дакъа ду гIиллакх, иза ца лелийча, дицдича нохчаллех хервалар дуй хаа деза.
Цундела хоьтту вай: «Шен боларехь воьдучу къаночунна тIаьхьа кхиъча, цуьнца хIун гIиллакх хIоттон догIу? Цунна тIаьхьа кхиъча, вист ца хуьлуш тIехваьлла дIавахар-м стенна хьехадора, де, Iуьйре я суьйре дика а йина хьалхаваьлла дIавахар а вайн гIиллакхца ца догIу. Де дика динчул тIаьхьа, цунна аьрру агIор а волуш, цхьа гIулч тIаьхьа сацавелла, цуьнца болар нисдина ван веза къаночо пурба даллалц. Цо иштта (я гергарчу хьесапехь) олу: «Жима къонаха (кIант, йоI) хьо сиха хир ву. Вайшиннан болар цхьаьна догIур дац. Дела реза хуьлда хьуна. Хьайн гIуллакхе дIагIо…». ТIаккха, къаночуьнга: «Со хьажа, со саца оьшуш хIумма а дуй», – аьлла хоттур ду. Цкъа а, цхьана а воккхачу стага жимахе саца а эр дац, шен гIуллакхе хьажа а эр дац. Цхьа гуттар ца торуш хьал ца хилча. И хилча жимаханна шена а хуур ду, гур ду.
Волавеллачуьра некъан кхин цхьана гIиллакхах лаьцна ала а луур дара. Воккхачуьнца цхьаьна жимха новкъа схьаваран гIиллакх ду иза. Нагахь воккхачуьнца вогIуш цхьа жимха (я ханна цул жима верг) велахь, иза воккхачунна аьрру агIор хIотта веза, цхьа гIулч тIаьхьа а вуьсуш. Цуьнца цхьаьна нисвелла вар нийса дац. Нагахь санна воккхачуьнца цхьанхьа ваха араваьлла ши жимха велахь, къано юккъехь хила веза, жимахех воккханиг цунна аьтту агIор хила веза, жиманиг – аьрру агIор. Иштта ду некъан гIиллакх, вайн дайшкара дуьйна схьадеана долу. Царах хIораннан а шен маьIна ду. Жимма а хьесапдан гIоьртича, вайна иза гучу а долу.
ГIиллакх ялсаманчуьра схьадеана а ду, юха оцу ялсамани чу даха дезаш а ду, ша лелийначуьнца, шен сий динчуьнца цхьаьна. Везачу АллахIа гIиллакхаш довзар а, дезар а, лелор а лойла вайна. ТIаккха дуьненахь аьхна, мерза хир яра вайн юкъаметтигаш, эхартахь Ялсаманига сатуьйсийла а хир дара, – дерзийра шен къамел Воккха-Дадас.
С.ХАСАНОВ