М.Даудов: «НР-н Куьйгалхочо Р.Кадыровс шен Костехь хьалхахIиттийна Iалашонаш, декхарш даккхий а ду, берриг ницкъ тIебахийтар лоьхуш а ду»

Цу хьокъехь дIахьедар дира Нохчийн Республикин Парламентан Председатела пленарийн 74-чу кхеташонехь. Иза лерина яра 2020-чу шарахь Нохчийн Республика социально-экономикин кхиоран а, Нохчийн Пачхьалкхан Iедалан органийн декхарийн а хьокъехь долу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Кост дийцаре дарна.

Парламентан Спикера хаам бира оцу документехь 2018-чу шарахь баьхна коьрта кхиамаш бовзийтина хиларан а, Россин Федерацин Президентан Владимир Владимирович Путинан 2018-чу шеран «майхьлера» указаш а, Россин Федерацин Федеральни Гуламе дина Кост а хьесапе а оьцуш, 2020-чу шарахь Нохчийн Республика социально-экономикин кхиоран коьрта Iалашонаш а, декхарш а билгалдаьхна хиларан а хьокъехь.

– Ахьмад-Хьаьжин Рамзана билгалдоккху адамашна терахьаш оьшуш цахилар, уьш дахар баккъал а тодаларе хьоьжуш хилар, республикин бахархошна оьшуш долчу дикачу жамIашка кхачарна вайн болх тIехьажийна хила безаш хилар. Дерриге а къоман Iалашонашца а, стратегин декхаршца а нийса а догIуш Нохчийн Республикин экономика а, социальни дакъа а тешам боллуш кхиор, бахархойн хьал-де тодар, бераш Iаморан тIегIа лакхадаккхар, могашаллаIалашъяр тодар, хIусамийн политикин декъера декхарш кхочушдар, гIалара хьал кхиор – и ду боху вайн коьрта декхар республикин Куьйгалхочо шен Костехь, – элира Даудов Мохьмада.

Нохчийн Республикин Парламентан Председатела дийцарехь, Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен Костехь Iедалан дерриге а дакъойн векалш кхойкху бахархошна санехь, эвсаре, кхерамза, оцу дешнийн дуьззинчу маьIнехь, къахьегарна а, садаIарна а, церан хьокъала доллу дахар хилийтарна а кхачоярна оьшу дерриге а хьелаш кхолларна берриге а ницкъ тIебахийтаре.

– Къам дог-ойланца а, кхетамца а, синошца а, догIмашца а баккъал а чIогIа ира-карахIоттор а, тIаьххьарчу чоьтехь къам экономикин цIиндар а хилла дIахIуттур ду иза, – билгалдаьккхира М.Даудовс.

Костехь къаьсттина тидам тIебохуьйту бизнес ларъярна, жима а, юккъера а (предпринимательство) совдегаралла кхиорна, туризм кхиорна хьелаш кхолларна, инвестицеш юкъаозорна, юкъараллин транспортан парк карлаяккха езаш хиларна, гIаланашна юкъара керла маршруташ схьаелла езаш хиларна, кеманаш дIасалеларан географи шоръян езаш хиларна, пачхьалкхашна юкъара керла авиамаршруташ схьаелла езаш хиларна, уьш оьшу регионашна а, халкъашна а юкъара зIенаш чIагIъярна а, шоръярна а.

– Шен Костехь Ахьмад-Хьаьжин Рамзана хьалха хIиттийна Iалашонаш, декхарш даккхий ду, берриге а ницкъаш тIебахийтар лоьхуш а ду. Депутатийн корпусо лаккхарчу жигараллица дакъалоцур ду республикин Куьйгалхочо билгалдаьхна декхарш кхочушдаран балхахь. Оха кIорггера хьесап дийр ду Костан ерриге а пунктийн, мониторинг йийр ю гIуллакхдеш долчу законодательствон, билгалдоккхур ду законаш дахаран тIегIанехь хIун хийцамаш бан беза, – дерзийра Даудов Мохьмада.

Нохчийн Республикин Парламентан пресс-службин гIоьнца материал зорбане кечйинарг – Д.АНАДЕВ
№37, хIутосург (май) беттан 17 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: