Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон актови зала чохь «Тхо книгаш йоьшуш йолчу Россигахьа ду. Книгаш йоьшуш йолчу школе – пхи гIулч» регионан конференци дIаяьхьира.
Конференцехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал, Школийн библиотекарийн ассоциацин президент, педагогийн Iилманийн кандидат Жукова Татьяна, педагогийн Iилманийн кандидат Шор Олег, школийн директорш, оьрсийн меттан а, литературин а хьехархой, школийн библиотекарш.
Цхьаьнакхетар дIадолош, хьешашка а, шен белхан накъосташка а маршалла а хаьттина, вистхиллачу министра билгалдаьккхира тIаьхьарчу хенахь книгашъешархойн барам алсамболуш хилар а, библиотекарша дешархой ешарна марзбархьама школийн библиотекашкахь кхоллараллин суьйренаш дIахьош хилар а.
«Книгаш ешарехула – кхолларалле а, кхиамашка а» темина доклад йира Жукова Татьянас.
Ша еш йолчу докладана лерина кечйина мультфильмийн кепехь видеокийсакаш а гойтуш, бераш книгаш еша марздаран методика йовзийтира Т.Жуковас.
Оьрсийн меттан хьехархоша а, библиотекарша а цхьаьна болх бан безар а, и муха бича бакъахьа хир ду а довзуьйтуш, Шор Олега а йира доклад.
М.ГЕРЗЕЛИЕВА
№37, хIутосург (май) беттан 17 де, 2019 шо