Шина а агIорнаш бара толаме кхача лууш

Футболах ловзарехь Россин Премьер-лигин чемпионатан 28-чу турехь вайн республикин коьрта команда шен цIахь Самарерчу «Крылья Советов» командица левзира.

Чулацаме, хаза футбол гайтира шина а агIорчу спортсменаша. Хьал ца хуучунна хала хир дара хIусамдай а, хьеший а муьлхарнаш бу хаа, хIунда аьлча, шина а командера футболисташ цхьатерра толам баккха лууш а, ира тIелатарш деш а бара.

Бакъду, юьхь чIогIа аьтто боцуш дIайолаелира Самарерчу футболисташна. ШолгIачу минотехь А.Мбенга тоьхна буьрка схьалаца ка ца делира «Крылья Советов» командин кевнахочун С.Рыжиковн. Амма цул тIаьхьа дикка жигарбевлира хьеший. ЖамI дIанисдарна герга вара Шишкин а, цул тIаьхьа Зиньковский а.

Делахь а, тешам боллуш шен ков лардеш вара «Ахматан» голкипер Е.Городов.

Иштта, рогI-рогIана тIелетарш деш, чаккхене йоьдуш яра хьалхара тайм. ХIинций-хIинций гол туху боху хьал дара майданахь. 42-чу минотехь цу тIехь юха а аьтто белира А.Мбенган – 2:0.

ШолгIа а кхиаме кхачаро дог-ойла гIаттийначу соьлжагIалахойн баккхийбер дохийра «Крылья Советов» командин футболисташа. Бурлака 43-чу минотехь «Ахматан» кевна чу буьрка туьйхира – 2:1.

Хьалхарчу тайме хьаьжча, шолгIаниг мелла а паргIат дIайолаелира. Хьалха хилла шовкъ ца хаалора футболисташкахь. ТIелатарш-м дера дора. Амма спортсменаша туху буьрканаш кевна чу ца кхетара.

Кхиаме кхача герга вара Б.Балай. Хьешийн кевна хьалха нисвеллачу цо тоьхна буьрка кевна тIехула дIаяхара. Иштта, шен аьттонах пайдаэца ца хиира Самарерчу П.Яковлевна а.

Цу тайппана, серлонан табло тIера терахьаш кхин хийца ца луш, чекхделира цхьаьнакхетар.

«Ахмато» шен чоьте кхин а 3 очко дIаязйира.

Хь.САЙДАЕВ
№37, хIутосург (май) беттан 17 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: