«Кхерамаза а, дика а автомобилан некъаш» къоман проектан гурашкахь Р-217 «Кавказ» автонекъа тIера Хьалха-МартантIе воьдучохь дIахьон белхаш дезденош а, мукъа денош а доцуш беш бу. Цу хьокъехь хаамбо Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствон пресс-службо.

Билгалбаьккхина некъ Хьалха-Мартан кIоштан уггаре а дукха транспорт дIасалела дакъа ду. Хьалха-Марта цхьаьнаюзу Р-217 «Кавказ» федеральни автонекъаца, иштта, Хьалха-Мартан, ТIехьа-Мартан кIоштийн а, республикин ламанан декъан а ярташ.
Еххачу хенахь тIехбоьттина хуьлуш бара некъ, ткъа реконструкци яр бахьанехь, шинаасанан болчуьра еаасанан иза баро таро лур ю некъ тIехбоьттина ца хилийта, гIеххьачул кхерамаза а, атта а цигахула транспорт чекхйийлийта.
Оцу некъан декъа тIехь некъан-транспортан бохамаш цахилийтархьама, ПДД-н талхорийн фотовидеофиксаци яран 2 камера а хир ю.
«СПЕЦДОРСТРОЙ» организацин векала Идрисов Рамзана дийцарехь, реконструкцин белхаш графикца нийса а догIуш дIахьош бу. Карарчу хенахь чекхбовлуш бу асфальтобетонан лахара чкъор дилларан некъан белхаш.
«Кхерамаза а, дика а автомобилан некъаш» къоман проектана юкъайогIучу, республикехь 2019-чу шарахь йолийначу «Некъан сеть» регионан проектан гурашкахь хIокху шарахь ремонтан белхаш дIахьур бу регионан некъийн кхин а 4 декъа тIехь, иштта, Соьлжа-ГIалин агломерацин урамийн-некъийн сетан 49 объекта тIехь.
«Некъан сеть» а, «Некъан бахам кхиоран юкъарасистемин гIуллакхаш» а регионан ши проект кхочушъярна 2019-чу шарахь билгалдаьккхинчу ахчанан юкъара барам 931,1 млн сом бу.
Къоман проектан гурашкахь хIокху шарахь тодеш дерш регионан дерриге а некъийн 23 км а, Соьлжа-ГIалин агломерацин некъийн сетан (Соьлжа-ГIала а, Устрада-ГIала а) 56,6 км а дакъош ду.
А.ХАСБУЛАТОВА
№37, хIутосург (май) беттан 17 де, 2019 шо