Лерринчу зIенан а, хаамийн а туьшана – керла гIишло

Соьлжа-ГIалахь даздаран хьолехь схьайиллина Россин ФСО-н Нохчийн Республикерчу Лерринчу зIенан а, хаамийн а туьшан керла гIишло. Иза республикин Правительствон комплексан декъа тIехь йина.

ГIишло схьаелларехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим, Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин советан секретарь Усмаев ВахIит, Россин ФСО-н директоран заместитель – Россин ФСО-н Лерринчу зIенан а, хаамийн а службин куьйгалхо инарла-полковник Белановский Владимир.

В.Белановскийс билгалдаьккхира туьшан белхахойн еххачу хенахь контртеррористически операци дIаяхьаран рожехь а, зIе янне йоцуш а, балхана бегIийла йоцучу чоьнашкахь а болх бан дезна хилар.

«Тахана хIара туш шен шолгIа кхоллаялар даздеш ю ала мегар ду. Коьртачу декъана, Нохчийн Республикехь тIаьхьарчу хенахь хилла болу бIаьрла хийцамаш бахьанехь ду хIара. Шеко йоцуш, цу юкъахь коьрта дакъа ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров АхьмадХьаьжин а, иштта, регионан таханлерчу куьйгаллин а. Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн сацам бахьанехь 2017-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь хIокху туьшана кхо гIат долу гIишло а, лаьттан дакъа а билгалдаьккхира. Йоццачу хенахь оцу гIишло чохь меттахIотторан, ремонтан белхаш дIа а баьхьна, чохь мел йолу коммуникацеш хийцина, лерринчу зIенан керла гIирсаш хIиттийна. Цу кепара гIо дарна республикин куьйгаллина баркалла боху ас», – элира В.Белановскийс.

Лерринчу зIенан а, хаамийн а службин куьйгалхочо иштта билгалдаьккхира Россин ФСО-н директора Кочнев Дмитрийс Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна ведомствон совгIат дан сацам бина хилар.

Хучиев Муслима дагадаийтира шо сов хьалха туьшан белхахошна дIаделларг дукхапетарийн (нах чохь Iарна лерина) цIа хилар.

Цо дийцарехь, кхо гIат долу административни гIишло схьаелларо Лерринчу зIенан а, хаамийн а туьшан белхахойн къинхьегаман хьелаш дуккха а аттачу дохур ду.

Цул тIаьхьа дIадаьхьира туьшан цхьамогIа белхахошна совгIаташ дар.

Юха, цIен аса а хадийна, туьшан керлачу гIишлонах (белхан чоьнех) бIаьргтуьйхира даздарехь гулбеллачара.

Билгалдаккхар: Россин Федерацин ФСО-н (Лардаран федеральни служба) Лерринчу зIенан а, хаамийн а туш Нохчийн Республикехь йиллина 2000-чу шарахь.

2017-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун сацамца туьшана дIаелла кхо гIат долу гIишло а, лаьттан дакъа а.

2019-чу шеран кхолламан (январь) беттан 15-чу дийнахь дуьйна оханан (апрель) беттан 19-чу дийне кхаччалц лерринчу зIенан «Грозный» станцин гIирсаш дIахIиттош коьрта белхаш дIабаьхьна гIишло чохь.

Нохчийн Республикин пачхьалкхан органашна правительствон телефонан зIенна, правительствон сотови зIенна лелачу (подвижной) видео а, радио а зIенаца кхачойо туьшо.

А.ВАХАЕВА
№37, хIутосург (май) беттан 17 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: