Бах-баханчохь шайн доьналла гойту нохчаша

Дезткъе уьтталгIачу шерашкахь дуьйна тахханалц дукхахдолчу зорбанан хьосташа зуламе мел дерг нохчех хутту, бехк балахь а, бацахь а.

Нохчашна и харц бехкаш тIедохку цара, вай дуьненан исторехь дика мел динарг хьеха а ца деш. Россин исторехь а, дозанал арахьа а, шаьш бол-болчохь нохчаша гайтина доьналла ца хилча санна лору таханлерчу дийнахь.

Шеко йоццуш, Даймахкара хIижрат дина, шаьш кхаьч-кхаьчначу мехкашкахь юкъараллин дахарехь жигара дакъалаьцна бу вайн нохчий.

Къаьсттина Шемахь а, Иорданехь а туп тоьхна баха хевшинчу нохчаша доккха дакъалецира оцу шина пачхьалкхехь нехан Iер-дахар дендеш.

Кхузахь, дуьххьара Шема кхаьчначу нохчаша йиллина шахьар Рас Аль-Iен йийца луур ду суна.

Рас Аль-Iен Шемин а, Хонкаран а дозанехь (Шемин къилбаседа-малхбалехь) ю. Хьасака кIоштана юкъайогIуш ю иза. Цигахь 40 эзар вахархо ву таханлерчу дийнахь. Дуккха а цивилизацеш хилла цу шахьарахь, амма уггаре а лазаме истори вайн нохчех хоттаелла ю.

Рас Аль-Iен шахьар кхоллаелла 1896–1899-чуй шерашкахь. Цул хьалха цигахь дежийлаш йоцург, кхин нах Iаш меттиг ца хилла.

1899-чу шарахь хIижрат динчу нохчийн дуьххьарлера тоба кхечира Рас АльIене. Цигахь, Аль-Хабор хин йисттехь, баха хевшира нохчий. Аль-Хабор хи, Iад а дитина, Рас Аль-Iенехь, уггаре а лекхачу меттехь цIенош а дина, дуьххьара ваха хиънарг Хьаж-Мохьмад цIе йолу нохчи вара.

Овда Таймирзан кIант Хьаж-Мохьмад Iаларойн-Эвлара шен доьза лца хIижрат деш кхаьчна вара Шема, кхиболу шен гергара нах Даймахкахь буьтуш.

Хин татолаш дохуш, шовданаш далош, базаран туьканаш йойтуш денйира Хьаж-Мохьмада и юрт. Массо агIор совдегарш а, пхьераш а баха хевшира цигахь. Аль-Хабор хин йисттехь севцина хилла нохчийн мухIажарш а Рас Аль-Iене схьакхелхира.

Цигахь, нохчаша дуьххьара динарг маьждиг дара. И маьждиг хIинца а ду Рас Аль-Iенехь, Аль-Бухарин цIе а йолуш.

ТIаьхьа, Рас Аль-Iене дукха къаьмнаш кхелхира: керстанаш а, Кавказера арабевлла эрмалой а, кхиберш а. Оцу дерриге а къаьмнашна юкъахь машар а, марзо а латтийра нохчаша.

Рас Аль-Iенан историс нохчичун бакъдолу васт а, доьналла а гойту. Массо хенахь машаре нах хилла нохчий.

Таханлерчу дийнахь вайн бехк-гунахь доцуш, кхуллуш йолу вон цIе харц хилар гойту Рас Аль-Iен кхоллаяларан историс.

Вайн къомана тIе хIара чолхе хьелаш хIиттале, хIижрат динчу нохчашна юкъахь мел даьхначу къаьмнаша дика тоьшаллаш бен дина дацара вайна.

Кхелахочунна (суьдхочунна) тIе дов даьхьча, цхьана нохчичун тоьшалла итт стеган метта лоруш дара тIаьххьалц. ХIета, шен нахах хервелла, нохчалла дIатесна нохчи, шатайпа долу нохчийн доьналла а, амалш а йоцуш вуьсу.

Дала вайн къоман барт цхьаъ бойла! Дала Iалашбойла сан нохчий!

Яздархо – Сафван Мохьмад-Хьаж (Рас АльIен, Шема), талмажхо – Бено I.Хьамийд (Урдун)
№37, хIутосург (май) беттан 17 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: