ГIараваьлла драматург Шекспир Вильям вина 1564-чу шеран оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь Ингалс пачхьалкхан коьртачу шахьарна Лондонна гена йоцчу Стратфорд гIалахь. Цуьнан да Шекспир Джон таро йолуш стаг хилла, долахь каранаш деш йолу фабрика а йолуш. Джонан а, цуьнан хIусамненан Мэрин а бархI доьзалхо хилла, царна юкъахь Вильям кхоалгIаниг а волуш.

Церан дерриге а бераш дика дешна, кIорггера хаарш долуш хилла. Къаьсттина дешарна тIера хиллачу Вильямна-м латынь а, желтойн шира мотт а хууш хилла. 18 шо кхаьчча зуда ялийна цо. Цул 8 шо йоккха хилла иза. Цо дина ши йоI, цхьа кIант хилла цуьнан. Цхьаъ бен воцу кIант кхиъна валале кхелхина, Европехь ун даьржинчу муьрехь.
Шекспир Вильяма шен 25 шо кхачале дIаболийна драматурган атта боцу болх. Цо дуьххьара язйинчарех ю «Два веронца», «Укрощение строптивой», «Тит Андроник» пьесаш. Уьш комедин кепехь язйина ю. ТIаьхьа язйийр ю цо дерриге а дуьненна евза «Гамлет», «Макбет», «Король лир», «Отелло», «Ромео и Джульетта», иштта, кхийолу пьесаш.
Шекспира язйинарг ерриге а 40 гергга пьеса ю. Царах дуьххьарлерниг «Два веронца» 1590-чу шарахь Лондонерчу «Глобус» театро хIоттийна, тIаьххьарниг «Генрих БархIалгIаниг» 1613-чу шарахь язйина.
Пьесаш язйина Iийна вац Шекспир, цо уьш хIитта а йина Лондонерчу театрийн сценаш тIехь, дукха хьолахь, ша коьртачу турпалхойн васташ а кхуллуш.
Режиссер боху дош юкъадалаза хилла драматург вехачу хенахь. И дош XIX-чу бIешарахь бен юкъадаьлла дац. Латынера «урхалла дар» маьIнехь гочдеш ду иза.
Цундела вайн бакъо ю дуьненна вевза драматург Шекспир шен пьесаш хIиттош, режиссер, актер хилла ала. Цо мел исбаьхьа сонеташ язйина массарна а хууш ду.
Нохчийн къоман театрана цкъа а хийра ца хилла ингалсхойн драматург Шекспир Вильям. ХХ-чу бIешеран 40-чу шерашкахь нохчийн яздархочо Хамидов Iабдуллас нохчийн матте яьккхина Шекспиран тоьллачарех цхьаъ йолу «Отелло» трагеди.
Москварчу театран институтехь доьшуш болчу вайнехан студенташа шайн дипломни спектаклана хIотто лерина хилла и говзар. Амма 1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь ямартлонца немцойн фашисташ СССР-на тIелатар бахьанехь дIаболабеллачу тIамо юкъахдаьккхина вайн махкахойн дешар а, хIоттоза йисина «Отелло» а.
ТIаккха 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь берриге а вайнах Сталинан хьадалчаша махкахбахар бахьанехь, 13 шарахь къевлина лаьттира нохчийн къоман театр.
1962-чу шарахь Ленинградера театран институт кхиамца чекхъяьккхина, дешна бевлла, цIабирзинчу вайнехан студентийн дипломни спектакль яра Шекспир Вильяман «Ромео и Джульетта» трагеди тIехь хIоттийна.
Коьртачу турпалхойн васташ кхуллуш бара тIаьхьа нохчийн къоман дозалла хилла дIахIиттина къона актераш: Идаев Юсуп, Хаджиева Неля, Дудаев Муса, Давлетмирзаев МутIелип, Исаева Раиса, дуккха а кхиберш.
Цул тIаьхьа, 1973-чу шарахь, кхин а цхьа мерза кхаъ кхечира вайга. Москвахь дешна бевлла цIабирзинчу вайнехан студенташа еара В.Шекспиран трагеди тIехь хIоттийна спектакль. «Отелло» яра къоначу актераша хIоттийна дипломни спектакль.
Отеллон васт кхуллуш вара, тахана Нохчийн Республикин халкъан артист волу Азаев Хьамид, Ягон васт кхуллуш – вайна массарна дукхавеза, Нохчийн Республикин халкъан артист Джамаев Iимран. Дездемонин васт Радуева Зураа кхоьллира.
Цул тIаьхьа-м Россин Федерацин хьакъволчу артиста, профессора, похIмечу режиссера Солцаев Мималта «Ричард – III», «Кориолан» цIе йолу башха спектаклаш хIиттийра Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театран сцени тIехь.
Тахана цIеначу даггара баркалла ала лаьа вайнехан къоман театран актерашна, режиссерашна. Шайн хьаналчу къихьегамца вайн дегнаш хьоьстуш схьабаьхкина уьш даима.
Хаддаза вайна синкхача латтош схьайогIу къоман театр. Тоьллачу синкхачанах яра къоман театран репертуар къагийна хилла В.Шекспиран пьесаш а.
ХIокху деношкахь 455 шо кхаьчна сийлахь драматург дуьнен чу ваьлла. Йоккха лар йитина цо дуьненан культурехь, литературехь, ша ваьхначу 52 шарахь.
Цуьнан экаме дог детталучуьра сецна 1616-чу шеран хIутосург (май) беттан 3-чу дийнахь. ДIавоьллина Стратфордехь.
ГАЗИЕВА Аза
№37, хIутосург (май) беттан 17 де, 2019 шо