Россин кегийрхойн академин театран «Яккхий гастролаш» проект Соьлжа-ГIалахь М.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмин театрехь пресс-конференци яларца дIайолийра.

Пресс-конференцехь дакъалецира Россин Федерацин гастролийн гIуллакхашкахула йолчу Федеральни туьшан директоран заместитела Черкасов Владимира, Нохчийн пачхьалкхан Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн къоман театран директора Ахмадова Хьавас, Нохчийн Республикин культурин министерствон искусствийн а, дешаран а, заведенийн а отделан хьаькама Ташаева Розас, Россин кегийрхойн академин театран режиссера Шумилкина Натальяс, нохчийн къоман театран артисташа, искусствийн гIуллакххоша.
В.Черкасовс дийцарехь, «Большие гастроли» программа Россехь уггаре а йоккха театран проект ю, Россин Президентан В.Путинан дIадолорца вовшахтоьхна йолу.
И программа 2014-чу шарахь дуьйна кхочушъеш ю Россин Федерацин культурин министерствон гастролийн белхан гIолацаран Федеральни туьшо.
Проект кхиаме хиларна 2018-чу шарахь дуьйна цунна юкъахь дакъалоцуш Россин Федерацин 85 субъект ю.
«Яккхий гастролаш» программа 2019-чу шарахь ерриге Россехь а кхочушйийр ю, оцу проектехь жигара дакъалоцур ду Россехь йолчу 270 театро.
ХIинца «Яккхий гастролаш» проектан 5 коьрта программа ю: «Федеральни» программа, федеральни а, гIараевллачу а театрийн гастролаш юкъайогIу цунна.
«Дозанал арахьара» программа, цунна юкъадогIу дозанал арахь йолчу оьрсийн театрашца уьйраш чIагIъяр, дуьненаюкъара программа кхочушъяр.
Берашна а, кегийрхошна а лерина «Яккхий гастролаш» программа, цунна юкъадогIу къоначу хьажархочун а, тайнигийн а театрийн гастролаш дIаяхьар.
«Регионашна юкъара» программа, цунна юкъадогIу региональни театрийн гастролийн гIолацар а, «кроссгастролаш» вовшахтохар а.
«Студентийн» программа, цунна юкъадогIу Россин театрийн вузийн дипломни белхашца гастролаш дIаяхьар. В.Черкасовс хаам бира Россин кегийрхойн академин театран коллективо Нохчийн Республикехь Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театрехь а, М.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмин театрехь а «ВоьалгIа наьрт», «Туьйранан мухIар», ши спектакль гойтург хиларан хьокъехь.
Р.Ташаевас билгалдаьккхина махиллара, «Яккхий гастролаш» проектан гурашкахь театръезархойн таро хир ю гIараевллачу театрийн спектаклашка хьовса.
Оцу проектан Iалашо ю Россин берийн а, кхиазхойн а, кегийрхойн а театрийн дуьхь-дуьхьал гастролаш дIаяхьар.
Иштта, масала, Россин кегийрхойн академин театро Нохчийн Республикехь гастролаш ма-ярра, Нохчийн Республикин театраша а гойтур ю шайн спектаклаш Москвахь а, кхечу регионашкахь а.
Берашна а, кегийрхошна а, иштта, доьзалца цхьаьна а хьажа тамехь йолу спектаклаш хир ю оцу театрийн репертуарашкахь.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№37, хIутосург (май) беттан 17 де, 2019 шо