Нохчийн иллийн лаккхара мах хадийна

Музыкин «A Capella Москван бIаьсте» дуьненаюкъара конкурс дIаяьхьира хIутосург (май) беттан хьалхарчу декъехь. Цигахь дакъалоцуш 26 пачхьалкхера 195 конкурсант вара. I.Шахбулатовн цIарахчу Нохчийн Пачхьалкхан филармонин божарийн вокалан «Илли» тобано а дакъалецира цигахь.

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь фашистийн Германина тIехь толам баьккхина 74 шо кхачарна лерина Москван ЦIечу майданахь дIахьон йолчу Даймехкан коьртачу тIеман параде хьовса баьхкинчу туристашна доккха совгIат дара музыкин «A Capella Москван бIаьсте» дуьненаюкъара конкурс.

Москван паркашкахь а, метро чувуссийлехь а, алссам адамаш дIасалелачу кхечу меттигашкахь а кечйина 51 майда яра. Конкурсан дакъалацархоша шайншайн рогIехь хийца а луш, оцу майданашкахь маьхза концерташ елира.

«Илли» тобано а елира оцу майданашкахь концерт. Дукха хенахь дуьйна а нохчашна дезаделла, гастролашкахь дIаолуш долу иллеш элира вайн артисташа.

Дог ира-карахIоттош, самукъанечу мукъамца олуш долу илли, маьIнех кхеташ ца хилча а, дезаш тIеоьцу ладогIархоша. Иштта, нохчийн халкъан иллеш а массара дезаш тIеийцира. Хьалхарчу деношкахь дуьйна а нохчийн иллиалархой шайн ладогIархой а болуш дIахIиттира.

Конкурсан коьртачу гала-концертехь лерринчу «Халкъан илли» номинацехь хьалхара меттиг яьккхира «Илли» тобано.

СовгIатана 1,8 млн. соьмана тоьшаллин сертификат делира толамхошна. Нохчийчоьнан арстисташна а, махкахошна а санна, «Илли» тоба а, цара дIаолу иллеш а дезаделлачу ладогIархошна а боккха кхаъ хилира цунах.

М.ДУТУЕВА
№37, хIутосург (май) беттан 17 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: