Дарбане ораматаш / Вета (лен)

Нохчаша ширачу заманашкахь дуьйна лелош а, кхиош а хилла вета. Вета вайн дайшна дика девзаш хилла хиларна тоьшалла до хьалха заманахь шеран рузманехь «Ветанан бутт» хилла хиларо а, «ветанан деза де» билгалдоккхуш хилла хиларо а.

Цул сов, вета лаьмнашкахь кхуьуш а хилла, цхьаммо а дуьйш-лелош а доцуш. Ветанах чIогIа пайдаоьцуш хилла хьалха, къаьсттина лаьмнашца бехачу наха. Цуьнан хIух даьтта доккхуш а хилла. Иштта хIуш охьуш а хилла. Аьхьначул тIаьхьа, межаргаш деш, уьш дууш хилла.

ХIинца а дукха нохчий бу ветанах, кхачанан сурсатех санна, пайдаоьцуш. Моз а, даьтта а тухуш кечдо иза. Цхьаболчара, моз ца тухуш, шекар тухуш а кечдо. Вета токхе кхача бу. Цундела мархийн баттахь къаьсттина алсамбовлу иза дууш берш.

Халкъан дарбанчаша чIогIа дарбане лоруш ду вета. Ветанах дарба хуьлу зорхина а, искаьртигна а даI долчарна, энтерит а, колит а цамгарш йолчарна, чо якъаеллачарна.

Тахана хала дац вета карон. Иза духкуш ду Нохчийчуьрчу дукхахйолчу базаршкахь. Иштта, туьканашкахь а, базаршкахь а духкуш хуьлу ветанан даьтта.

Бакъду, ветанан хIуш каро мелла а хала ду. Уьш наггахь бен ца хаало махбечу меттигашкахь.

М.МАДАЕВА
№37, хIутосург (май) беттан 17 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: