Нохчийн поэтан, СССР-н Яздархойн союзан декъашхочун Сатуев Хьусайнан 80 шо кхачар билгалдаьккхира иза вина а, кхиъна а волчу Iалхан-Юьртахь. Поэт дагалацаран а, цуьнан кхолларалла йийцаран а суьйре дIаяьхьира Iалхан-Юьртан коьртачу библиотекехь.

Оцу суьйренехь дакъалоцуш вара Iалхан-Юьртан администрацин куьйгалхо Хатуев Идрис, юьртан тIеман-историн музейн директор Салтамурадов Iайнди, яздархой Ахматукаев Адам, Касумов Сайд-Мохьмад, иштта, Сатуев Хьусайнан гергара нах, Iалхан-Юьртан №2 йолчу школин дешархой.
Суьйре вовшах а тоьхна, дIахьош яра Iалхан-Юьртан библиотекин заведующи Эльмурзаева Банажа. Хь.Сатуевн кхоллараллех коьртаниг довзийтира Б.Эльмурзаевас: «1939-чу шеран оханан (апрель) беттан 11-чу дийнахь Iалхан-Юртахь дуьнен чу ваьлла Сатуев Хьусайн. Поэтан бераллин а, къоналлин а шераш Казахстанехь чекхдевлла. Вайнахана ДегIастана цIадерза бакъо еллачу шарахь цIабирзина Хьусайнан доьзал а. Жима волуш дуьйна а исбаьхьаллин литературе безам болу жима стаг 1958-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультете деша вахара. Дешна ваьллачул тIаьхьа эскарехь гIуллакхдарна бен, юкъара а ца волуш, шен юьртарчу школехь нохчийн меттан а, литературин а хьехархочун болх бина цо. Бакъду, тIаьхьарчу шерашкахь Нохчийн Республикин Яздархойн союзехь литературин консультантан болх беш хилла иза. Нохчийн меттан дика хьехархо хиларал сов, нохчийн литературехь а йоккха лар йитина Хьусайна. Цуьнан дуьххьарлера байташ зорбане евлла 1959-чу шарахь Хьалха-Мартан кIоштан «Ленинан Байракх» а, республикин «Ленинан некъ» а газетийн, «Орга» альманахан а агIонаш тIехь. 1967-чу шарахь поэзиезархошка кхечира Сатуев Хьусайнан «Лаьмнийн бер» стихийн хьалхара гулар. ХIетахь дуьйна, нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь стихийн, поэмийн 10 сов книга арахецна поэта: «Сахуьлу седа» (1969), «Ненан мукъамаш» (1971), «Дайн байракх» (1975), «Йистйоцу аре» (1978), «Хазалла йовзар» (1984), «Дахаран абат» (1988), «Чов йина илли» (1991). Цо дозалла дора шена дика хууш болу нохчийн мотт къоначарна марзбан а, бовзийта а шен аьтто хиларх».
Ахматукаев Адама а, Касумов Сайд-Мохьмада а довха дешнаш элира поэтах лаьцна, шайн цунах болу дагалецамаш бовзийтира юьртарчу къаноша.
Сатуев Хьусайн Даймахкана хьалха долу шен бIаьхаллин декхарш кхочушдеш Баренцан хIорда тIехь хилла. Цигахь дукха шийла йолуш, Нохчийчохь хуьлучу аьхкенан йовхоне сатуьйсуш кхоллаелла ю «Маьлхан Нохчийчоь» байт. Поэтан дукхахйолу байташ санна иза а ю иллешка йирзина.
Хь.Сатуевн дуккха а байташ йийшира дешархоша. Композитора Кантаев Мусас цуьнан байташ тIехь мукъамаш баьхна ши илли дIаэлира.
ВЕГИЕВА Макка
№37, хIутосург (май) беттан 17 де, 2019 шо