Къилбаседа Кавказерчу курорташкахь дIадолийна лаьмнашкахь вилспеташкахь дIасалеларан керла некъаш дахкар. Оцу мехалчу гIуллакхна юьстах ца йисина Нохчийн Республикерчу Хьачарара «Ведучи» курорт а. Цигахь хIинцале а йоккхачу жигараллица дIахьош ду цу тайпана некъаш дахкар.

ТIебогIучу асаран (июнь) баттахь «Ведучи» курортехь схьабоьллур бу ши некъ, шайн-шайн чолхаллаш йолуш. Оцу некъашкахь шайн хаарш, хьуьнарш, говзаллаш зен аьтто хир бу кхуза садаIа баьхкинчеран а, «экстремальни» садаIар дезачеран а.
Иштта, скил-паркехь маунтинбайк хахкар карадерзо аьтто а хир бу садоIучеран. Цу хьокъехь хаам бира Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министерствехь.
«Ведучи» курортерчу аттачу, «баьццарчу» некъан йохалла 800 метр хир ю. И некъ лерина бу лаьмнашкахь вилспет хахка Iемаш болчарна. Яккхий ирхенаш а, юьхьар басенаш а, вилспет кхоссайолуьйтуш секцеш а цахиларо таро лур ю цигахь вилспет хахкаран къайленаш йовзуьйтуш дарсаш дIадахьа. Мелла а чолхе бу «сийна» некъ. Цуьнан йохалла 1 700 метр ю. Иза лерина бу лаьмнашкахь вилспет хахкаран говзалла йолчарна. Оцу некъаца билгалъеш ю вилспет кхоссайолуьйтуш меттигаш яр а, алссам некъо голатохарш хилийтар а.
Курортехь хир ю велопрокат а, скил-парк а. Цигахь лаьмнашкахь долчу вилспетан некъашца лела Iамор бу. «Ведучин» хьешашна дарсаш хьоьхуш хир бу зеделларг долу инструкторш. Скил-парк шина декъе екъна хир ю: берийн зонина а, вилспеташ хахка Iемачеран зонина а.
«ДIаяханчу аьхка оха «Архыз» курортехь байк-парк схьайиллира. ТIаккха сихха алсамделира цига аьхка туристаш бахкар. Вилспетийн некъаша тIеозийра вилспеташ хахкар дезаш берш а, ткъа иштта корматаллин спортсменаш а. ХIинца курорт жигара кечамбеш ю ерригроссин дуьххьарлерчу къийсадаларшна – маунтинбайкехула йолчу Россин чемпионатана. Цул тIаьхьа кIира даьлча циггахь дIахьур ю дуьненаюкъара турнир. Спортан и эстафета хIинца «Ведучис» схьаоьцур ю», – элира «Къилбаседа Кавказан курорташ» АО-н генеральни директора Тимижев Хьасана.
Цо билгалдаьккхира асаран (июнь) баттахь схьадоьллур долу некъаш, бан лерина болчу белхан хьалхара мур бен цахилар.
ТIейогIучу хенахь билгалдеш ду кхин а чолхе некъаш дахкар. Уьш догIуш хир ду чехка вилспеташ, байкаш хахкаран а, статусан къийсадаларш дIадахьаран а лехамашца.
Цул сов, билгалдеш ду «Ведучи – Къоьзан Iам» вилспетийн марафон дIаяхьар. Цо цхьаьнатухур ю Нохчийчохь евзаш йолу ши курорт.
С.ХУСЕЙНОВ
№38, хIутосург (май) беттан 21 де, 2019 шо