МогашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан хIокху деношкахь ТIехьа-Мартан кIоштарчу СемаIашкахь хилира, керла еш йолчу психиатрин больницехь дIахьош болчу балхе бIаьргтухуш.

Больницин кертахь керла корпусаш ю еш. ГIишлошъярхошца къамеле ваьллачу министра тIедан дезачу цхьацца гIуллакхех дерг хьахийра.
Э.Сулейманов реза хилира цигахь дIахьош болчу балхана. ХIинцале, йина а яьлла, болх беш ю лаборатори. Больницера божаршна лерина йолчу стационаран отделенера белхаш а дIабирзина.
Зударшна лерина йолу отделени а кестта кийча хир ю. Бедарш юьтту чоь, складаш, пищеблок, бахаман чоьнаш а, йина евлла, кийчча ю. Больницин администрацин гIишлон бух боьттина.
Цул сов, больницин кертахь йинчу теплици чохь хасстоьмаш бу кхуьуш. Спортан декъехула долу гIуллакхаш дар а тидаме эцна. Больницехь теннисан, волейболан, баскетболан майданаш йина евлла ала мегар долуш ю.
Билгалдаккха деза, СемаIашкарчу психиатрин больнице вайн республикин масех кIоштара цомгаш нах кхочуш хилар.
«Иштта больница ледара хуьлийла дац» – элира Э.Сулеймановс.
№38, хIутосург (май) беттан 21 де, 2019 шо