ХIун хийцамаш бина пенсийн керлачу реформо? Хийцалуш юй пенсе вахаран хенаш? Къинхьегаман пенсин IаIоран декъана хIун дан деза? Иштта ду республикин пенсионерашна а, болх беш болчу бахархошна а жоьпаш довза лууш долу хаттарш.
Билггал йолу хан кхаьчча пенсица кхачоярна Россин бахархойн бакъо ло Россин Федерацин Конституцис. Пенсица кхачояр пачхьалкхан коьртачу декхарех цхьаъ ду.
2013-чу шеран декабрь бутт чекхболуш Россин Федерацин Президента В.В.Путина тIе куьйгаш яздира цхьамогIа федеральни законашна. Цаьрца хийцина пенсеш хIитторан къепе. Иза хьалха гIуллакх деш хиллачух чIогIа къаьсташ ю.
Бахархойн пенсийн бакъонаш кхоллаяларан керлачу къепан коьрта, къастамаллин башхалла ю къанваларна луш долу къинхьегаман пенсеш 2015-чу шеран 1-чу январехь дуьйна вовшех дозуш доцуш шина декъе декъалуш хилар – къанваларна луш долчу пенсе а, IаIоран пенсе а. Царех хIора а хIотторан а, церан барам билгалбаккхаран а къепе а, бакъенаш а хIинца билгалйоху «Страхови пенсин хьокъехь», «IаIоран пенсин хьокъехь» долчу федеральни законашца. Цара баккхий керла хийцамаш юкъабалабо Россин Федерацехь пенсешца кхачоярна.
Пенсийн бакъонаш вовшахтохаран а, страхови пенсийн хьесап даран а керла къепе юкъа ца йогIу пачхьалкхан пенсешца кхачоярехь пенсеш вовшахкхетарна а, уьш хIитторна а (социальни пенсеш, шерийн барамца хIиттош дерш, къанваларна, заьIап хиларна, напаха латтош вверг тIера дIаваларна луш долу пенсеш).
ХIинца страхови пенсина йолу россихойн бакъонаш, белхан алапин барамна а (цунна тIера дIаделлачу страхови ахчанна), белхан стажана а, пенсе ваханчу ханна а тIе а доьгIна, ахчанца а ца деш, ткъа пенсин коэффициенташкахь лорур а ду, IаIор а ду. Страхови пенси эца бакъо яккхархьама, стаг шен дерриге а къинхьегаман дахарехь 30-нал кIезиг йоцуш пенсин коэффициент гулъян декхарийлахь ву. Керлачу бакъенашца буьззинчу барамехь страхови пенси вовшахкхетар ду 2015-чу шарахь дуьйна болх бан буьйлабеллачу нехан. Страхови пенси хIотто бакъо кхоллалуш болу хIораннан а шен пенсин коэффициент (ИПК) хIоттийна 6,6 барамехь, цул тIаьхьа 2025-чу шарахь 30-нна тIекхаччалц хIора шарахь 2,4-нна тIе а кхеташ. ИПК страхови пенси вовшахтохарна болх луш болчара дIаеллачу страхови взносийн бараме хьаьжжина хир ю. Стеган белхан алапа лакхара мел хила, лакхара хир ю пенсин шеран коэффициент. 2015-чу шарахь цуьнан уггаре а лакхара барам 7,39 хир бу. Билгалдеш ду 2021-гIа шо тIекхочуш цуьнан барам 10-нна тIекхаччалц алсамбаккхар. Белхахочунна уггаре а лакхара коэффициент яла тарло, нагахь санна иза пенсин IаIоран дакъа вовшатохарх юха ваьллехь а, цо шена тIера страхови взносаш дIалуш долу белхан алапа болх луш болчара шена тIера юкъарчу тарифаца Россин Пенсионни фонде страхови взносаш дIалуш долчу уггаре а лакхарчу барамерчу белхан алапе нийсса, я цул лакхара делахь а.
Пенсин коэффициентан мах хIора шарахь билгалбоккхур бу федеральни законаца. Пенсе воьду хан официально хьалха хилларг йисина: божаршна – 60 шо, зударшна – 55 шо. Амма керлачу реформо гIоленаш йийр ю и хан тIехъяьллачул тIаьхьа нах пенсе бахарна: хан тIехъяьллачул тIаьхьа пенсе ца боьлхуш дIадаьллачу хIора шарахь страхови пенси хьакъ йоллучу совгIатан коэффициенташна алсамдер ду.
Масала, стаг пенсе воьду хан тIехъяьлла пхи шо даьлча пенсе водахь, тIаккха чIагIдина луш долу пенси 36 процентана, ткъа страхови пенси 45 процентана алсамдер ду;
10 шо даьлча, и барамаш 2,11-зза а, 2,32-зза а лакхара хир бу, иштта дIа кхин а.
Цул сов, страхови пенсеш лардаран керлачу кепехь кхин цхьа гIоле а ю – стажана дIа а лору, боккха мах а хадабо стеган дахаран социальни маьIна долчу муьрийн:
– герзашца кечбинчу ницкъашка гIуллакх дан кхайкхар;
– бер Iалашдар;
– заьIап бер Iалашдар;
– I-чу группан заьIапхо Iалашвар;
– 80 шарал лакхара хан йолу стаг Iалашвар.
Страхови боцу олуш болчу оцу муьрашна къаьсттина йолу шерийн коэффициенташ ло, нагахь санна оцу хенахь стаг болх беш ца хиллехь. Законехь иштта билгалдина ду страхови боцчу муьрехь стагана кхитIе мел барамехь коэффициенташ язйийр ю. Оцу кеппара, эскарехь гIуллакх динчу хIора шарна пенсин 1,8 коэффициент язйийр ю. Дай-нанойх цхьамма хIора бер (цуьнан 1,5 шо кхаччалц) Iалашдаран муьраш, амма ялх шарал тIех боцу, стажана дIалору, хIора берана язйо: хьалхара бер Iалашдарна – пенсин 1,8 коэффициент, шолгIаниг – 3,6, кхозлагIниг а, доьалгIаниг а Iалашдарна пенсин 5,4 коэффициент.
Законехь чIогIа мехала ду иштта 2015-чу шеран пенсийн керла реформа юкъаяллалц бахархоша шайн берриге а балхахь вовшахтоьхна йолу ерриге пенсийн бакъонаш Iалашъеш хилар.
Муха ду хIинцалерчу пенсионерашна керла юкъадалийнарг?
Хьалха хIиттийна долу бахархойн пенсеш керлачу кепара юхалорур ду. Нагахь санна керлачу бакъенашца юхалерина долчу пенсин барам 2015-чу шеран 1-ра январь тIекхочуш цо оьцуш долчуьнга кхочуш дацахь, тIаккха пенсионерана цо хьалха оьцуш хиллачу барамехь лур ду пенси. Цу кеппара, керлачу кепара хьесап дар юкъадалийча, хIинцалерчу пенсионерийн пенси лахлур дац, ткъа, мелхо а, цхьаццаболчеран страхови боцу, масала, бер Iалашдина муьраш хилча, страхови стаж лакхаяларан чоьтах иза кхин а лакхадала тарло. Иштта юьсуш ю болх беш болчу пенсионерашна заявлени а ца яздеш, августехь пенси юхалараран кеп а.
Лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, пенсин IаIоран дакъа ша къаьсттинчу тайпане дIакъастийна. Иза хIотто тарло Россин Пенсионни фондо санна, иштта пачхьалкхан йоцчу пенсийн фондо а, нагахь санна цигахь пенсийн IаIораш вовшахтухуш делахь. Пенсийн IаIорийн ахчанаш хIитторан а, даларан а къепе хуьйцуш яц.
Хьесап даран керлачу бакъенашца IаIоран пенсин барам а иштта лакхара хир бу, нагахь санна пенсе воьду хан тIекхаьчначул тIаьхьа иза тIаьхьатеттича.
Пенсийн реформица нийса а догIуш, къанваларна страхови пенси эца бакъо хир ю 2025-чу шарахь уггаре а лахара белхан стаж 15 шо а, пенсин коэффициент 30 а йолчу бахархойн. Пенсин барам хьалхарчу рогIехь белхан алапин бараме а, страхови стажан хене а, къинхьегаман пенсе хIоттор дехаран хене а хьаьжжина хир ю.
IаIоран пенсина бакъо йолчу 1967-чу шарахь а, цул тIаьхьа а бинчу наха 2015-гIа шо чекхдалале харжам бан беза шайна иштта пенси деза, я ца деза. Цунна стага ша вехачу, я дIаязвина волчу меттехь яздина заявлени дала деза Россин Пенсионни фондан территориальни органе.
Законца иштта билгалдина ду ша реза ца хиларан хьокъехь делла заявлени ша деллачу шарахь юхаэца страховани йинчу стеган бакъо хилар.
I.ХАСАНОВ
Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикин отделенин юридически отделан хьаькаман заместитель