Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран Нохчийн институто «Нохчийн Республикин хьехархо-психолог – 2019» республикин VII-гIа конкурс дIакхайкхийна.

Нохчийн Республикин дешаран хьаьрмахь къахьоьгучу психологийн корматаллин хьуьнарш гучудахаран а, церан кхоллараллин агIонаш билгалъяхаран а, республикин школашкахь практикин психологин службин болх кхин а лакхарчу тIегIане баккхаран а Iалашонца дIахьош ю конкурс.
Конкурсехь дакъалаца аьтто бу Нохчийн Республикин юкъарчу дешаран учрежденийн хьехархойн-психологийн.
Конкурс кхаа муьрехь дIахьур ю. Хьалхарчу муьрехь кIоштийн тIегIанехь къастам бийр бу. ШолгIаниг республикин заочни мур хир бу. Цигахь экспертни комиссис конкурсан дакъалацархойн материалаш тIехь болх бийр бу. И мур хIутосург беттан 14-чу дийнера 21-чу дийне кхаччалц дIахьур бу. КхоалгIаниг – республикин финальни мур – хIутосург беттан 24–25-чуй деношкахь дIахьур бу. КхоалгIачу муьран кхаа турехь кхо конкурс хир ю: «Визитан карта», «Йиллина урок», «Кейсаш».
Конкурсах лаьцна кхин а алсам хаам Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран Нохчийн институтан сайта тIехь «Педагогикин а, психологин а кафедра» разделан «Конкурсаш» декъехь карор бу.
З.ХИЗИРОВА
№38, хIутосург (май) беттан 21 де, 2019 шо