Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана декъалвира нохчийн къона артист Алиев Юсуп Ерригроссин вокалистийн «Ты Супер!» конкурсехь, юха а бIаьрла кхиам боккхуш, тIехдика, говза йиш лакхарца.

– Сан Хьомсара ДоттагI, тхуна массарна а чIогIа дукхавезаш волу Алиев Юсуп Ерригроссин вокалистийн «Ты Супер!» конкурсехь, ала хIума доцуш, вуно дика вара. Вайна массарна а иза ган а гира, хаза а хезира… Иштта, илли аларан искусство езаш болчу бIеннаш эзарнаш нехан а, къоначу похIманийн сийларам бечеран а ойла шена тIеерзош, гIулчана тIаьхьа гIулч йоккхуш, ша сатуьйсучу Iалашоне воьдура Юсуп. Цу тIе, кхеташ хила деза Юсуп дебютант хилла хиларх а, музыкин школехь дешна цахиларх а. Иза, баккъал а нохчийн похIма ду, дашо бIелиг бу, инзаре хаза аз долуш, илли дIааларан шен башха хатI долуш. Ша къона хиларе хьаьжна ца Iаш, дукха къахьоьгуш а, чIогIа болх беш а ву, шен доьзална гIодархьама. Иза бIаьрлачу кхиамца ахфинале кхечира. Делахь а, суьдхошна финалехь дакъалоцуш кхин конкурсанташ хила беза аьлла хийтира. ХIетте а, иза вуно дика жамI ду, Юсупе цо хьовсархойн безам а, говзанчийн сийларам а кхоьллина», – яздина Кадыров Рамзана.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун тIедилларца конкурсан дерзоран муьрехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим.
– Мохьмадан Муслим соьгара салам-маршалла а луш, сан цIарах вистхилира конкурсан дакъалацархошка а, хьешашка а. Иштта, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан сацамца цо Алиев Юсупана дIаделира Соьлжа-ГIали юккъехь йолчу, чохь оьшуш мел йолу йийбар йолчу керлачу петаран догIанаш. Цул сов, фондо сацам бина вокал а, сценин искусство а кхиош-карлаяккхарехь Юсупан дешарца йоьзна йолу ерриге а харжаш шена тIелаца. Тешна ву Юсуп баьккхинчу кхиам тIехь соцург цахиларх а, кхидIа а цо шен похIма кхиорна тIехь доггах болх бийриг хиларх а, кхул тIаьхьа а шен бIаьрлачу, сий-ларамечу толамашца вайна хазахетарш дийриг хиларх а, – билгалдаьккхина Р.Кадыровс.
Д.АНАДЕВ
№38, хIутосург (май) беттан 21 де, 2019 шо