1901-чу шарахь Даймахкара арабевлла Урдунан махка кхаьчна, баха хевшинчу нохчашна юьххьанца атта дацара, тIаьхьа, бусалбанаш хилар бахьанехь, дахар нисделлехь а. Хийрачу махкахь болу арахьара нах лорура меттигерчу Iаьрбаша вайнах, Хонкаран Iедал дIадаьлла, Iаьрбийн Iедал хIуттучу муьрехь. Пана махкахь болчу нохчийн историх лаьцна дийцарш дукха ду. Шайн динах а, доьналлех а ца бухуш хиллачу вайн къонахех лаьцначу дийцаршна юкъахь цхьа масал ду ШепаIан кIентан Исраилан меттигерчу Iаьрбашца хилла тасадалар.

Цхьайтта шо даьллера ШепаIан кIант Исраил кху дуьнен чу ваьлла, Заркъе юьртана къилбехьа, кхо чаккхарма дехьа, рогIехь кха лардан иза лелачу хенахь. Когара мачаш яйъелла, болар сихдина лелара Исраил.
Бераллех къастаза велахь а, леларехь ша шех бIобулуш вара ШепаIан кIант, шел еха немцойн топ белш тIе кхазийна, хе хIотта волавелира иза. Тешам боцуш зама хиларе терра, гIаролехь ха латтош хилла мухIажарша, шайн бошмаш а, шайн кхаш а лардина ца Iаш, шаьш йиллинчу юьртахь а.
Иштта, цкъа хехь волуш, ког байбина, меллаша хьаьжкIийн гIодмашна юккъе а ваьлла, дIаса а хьаьжна, когаш тIе лахвелира Исраил. Дика кхуьуш йогIура хьаьжкIаш. Лекха адам хьулдаллал лекха яра уьш, амма лар ца яхь, сискал йоцуш биса тарлора хIорш, хала зама яра. Делах тешарца, собарца, доьналлица шаьш хьалхадовларх тешна бара вайнах.
Урдунехь хилла Хонкаран Iедал гIелделла, ингалсан эскар чу гIерташ, Iаьрбийн хIара ду аьлла Iедал дацара нехан доладан. Массо а къоьлла хьоьгуш вара. И бахьанехь, адамашна юкъахь йовсарш, зуламан ковранаш дукха яра. Шайн аьтто болболчохь нехан хIуманах ка тухура цара.

Геннара хезаш, тIаьхь-тIаьхьа Исраилна гергадогIуш бергийн тата дара. ХIара топ юьйлина валале, кхунна хьалхахь цхьа Iаьрбийн бере вогIавелира. Воха а ца вухуш, каяьлла, сихонца топ юлушшехь, ойла йора Исраила, «дика дохьуш веана-те я йовсарех цхьаъ ду-те хIара», бохуш.
– ХIай, кIант, – аьлла, вистхилира Iаьрби, – схьагайтал хьайгахь йолу и топ.
Амма кхунна хиира беречун дагахь дерг. Цо бохург дича, топ йоцуш-м хьовха, са даьккхина вуьтур вара хIара. Юьйлина топ сихонца Iаьрбичунна тIе а хьажийна, мохь элира Исраила: «ДIавала, дIагIо! Хьуна со жима хетахь а, хIара топ ю хьуна. Шеко яц хьуна, хьо дIа ца гIахь, хьан говрах яйдакха йина вуьтур ву хьуна ас хьо!».
Говр хьийзош, оьгIазе тIегIерташ, шена хезначух цец а ваьлла, юхаверза ца лууш, тIегIорта меттиг ца йолуш висира бере. Воьхна хьийзаш, гIеххьа зама яьлча, вистхилира бере: «Кхин вай вовшийн гур дац бохург бакъ дац, со стаг вац хьуна и топ ас сайна ца яккхахь».
– Дерриге а Делан карахь ду. ЛадугIур вайшиммо и зама тIеяллалц. Тахана и хир дац хьуна. Яхийта, дIавало, гучуьра вала, ас хIокху тоьпе хьуо этIавайтале, – элира Исраила.
Юха а оьгIазе чухьаьдира бере. Исраила, кхин хан ца йолуьйтуш, лаг а оьзна, шозза топ ялийтира. Беречун коьрта тIера кортали шеца хьош тIехъелира цхьа шокъали. ШолгIачу дIаьндарго бухка хадийра. Iаьрби-бере, дIавада ца кхуьуш, дIаиккхина вахара.
Тоьпан тата хезна, юьртарчу нохчашлахь орца делира: «КIентий! Маса лелалаш! Цхьаъ хиллачух тера ду! Ледара ма хилалаш!».
Шен карара гIуммагIа охьа а тесна, герзаца къовлавелла, говр човхош, дIаиккхира Исраилан ваша Абуязид. Исраил, и бере шеца орца дохьуш, юха ца вогIуш Iийр вац аьлла, жимма дехьа а ваьлла, само йина, тебина Iаш вара.
Ван а веара… Шеца ши бере валош, юхавеара Исраила топ йиттина Iаьрби. Тебина Iаш волу Исраил, кхаа беречо Iаьрбийн маттахь дечу къамелах гIеххьа кхетара.
«Оцу кIанта суна немцойн топ йиттира. ЭтIа ца веш вуьтур вац!», – бохуш, Iаьрбичо туьйсучу кхерамашка ладоьгIуш, ойла йора Исраила: «Эхь доцу хIуманаш! Цхьалха со! Бисина кхо патарма! Герзаца кхо стаг! Цхьа дIаьндарг а эрна гIахь!.. Ларор вуй-те со?!..».
Геннара, лаьхкина берзалой санна, тIекхочуш лаьттара юьртара кIентий, шайца Исраилан ваша Абуязид а волуш. Йовсарш-м, чан туьссуьйтуш, тIепаза дайра. Абу вешица сецира. Вайн кIентий дошлойн лорах бахара…
Абу: Де дика хуьлда хьан, жима къонах!
Исраил: Деэшначунна гIортор хуьлда хьох!
ЧIагIвелла эскархо санна лаьттара Исраил. Хилларглелларг дийцира цо. Хи чу Iоьттича санна вашийначу Абун хебаршка ихинчу юьхьа тIехула хьацарш Iийдалора. Меттах ца хьовш лаьттара Исраил. Белш лоцуш ластийра иза Абус.
Абу: Дакъаза ма валарг, ладогIал соьга. Къоланаш даима а деш хиларх тешна вара со. И нах хьалабахар сацийна ахь, и дика ду, хазачу къамело Iехон а, вочу дийцаро кхерон а хан дIаяьлла хьан.
Исраил: Сайн доцу ирс цкъа а ца эшна суна.
Абу: Мелехь хир ду хьуна, дIабаханчеран метта дIахIотта, гIаролехь тхоьца дакъалаца доьгIна хилла-кх хьуна. ХIун дер тIаккха?.. Къар ца луш, маIаш Iотта кечъелла старгIа санна кIелдIахула хьоьжура уьш вайга, шайн волла бахьанехь, шаьш сийдоцуш, боьха хиларна. Меттах ца хьовш лаьттара Исраил. Белш лоцуш юха а ластийра иза Абус.
Абу: Дакъаза ма валарг, вало, юьрта дIагIор вайшиъ, кхин а хьелахь, юьртан кевнаш дIакъовлале кхуьур дац вай. Юьртехьа дIаволавелира и шиъ. Малх, юьртана цIелла тоьхна, суьйранна дIабуза кечбеллера. Заркъана дехьа а ваьлла, тIулга тIе хиъна садоIуш вара цхьа воккха стаг.
Абун воккхачу стагах бIаьрг кхийтира, вист ца хуьлуш тIехвала бегIийла ца хетта, вистхилира иза: «Суьйре дика хуьлда хьан, воккха стаг!».
– Диканца дукха дехийла шу, кегий къонахий, ша шех бIобулуш хила веза кху хенналц Заркъен пенашна сехьа лаьттарг, – забар ярца жоп делира воккхачу стага.
Абу: Цхьацца йовсарш кхаш тIе гIиртинера, уьш юхатохале хан елира, цундела хьеделира тхо.
Воккха стаг: Суна ма ца вевза, хьенан мила ву шуьшиъ?
Абу: ХIокху Заркъера ШепаI хьуна вовзахь, цуьнан кIентий ду тхо.
Воккха стаг: ШепаIан кIентий ду баккъал? МашаАллахI! Мичахула, стенгахула лела сан доттагI ШепаI?
Абу: КIира хьалха кIа дохка Жолане вахана иза, схьакхачаза ву.
Воккха стаг: ДIавала, деха гергарло лаьттина суний, хьан дений юкъахь, суна вевзичхьана а цхьана меттехь Iанне а Iийр волуш вацара хьуна и. ЦIе хIун ю хьан?
Абу: Абуязид ю, хIара сан жимахволу ваша Исраил ву.
Воккха стаг хьалагIаьттира.
«Исраил ву, хIара, Исраил ву баккъал а!.. Айса шу хьедарна ца кхерахьара, цхьа хIума дуьйцур дара ас… Амма тIаккхахула дийца а мегар ду», – элира цо.
Абу: Башха чIогIа сиха а дац тхан гIуллакх… ТIаккхахула бохуш, дIатетта ца оьшу. Дийцахьа, воккха стаг.
– МаьркIажехь дехха къамелаш дан хан яц, делахь а, доцца дуьйцур ас, – велакъежира воккха стаг.
Абу: Сиха дац хьуна тхо, паргIат дийца ахь.
Воккха стаг: Дика ду делахь, ладогIал. ХIокху хьан жимахволчу вешина Исраилна а, шун нанна а (Дийдиган Язийра), Дала Шен къинхетам бойла цунах, тIехIоьттина сурт коьртера цкъа а дIадолуш дац суна. И дара хIара Исраил, ши шо кхачаза бер, коган пхьид йойна, шен ненан цIийх вуьзна, ша байлахь висарна цIийзаш, шен еллачу ненан некха тIе веттавалар.
И дара хьуна, Сувейлехь, масийтта шо хьалха. Оцу дийнахь шайна ца йогIург яккха Сувейле юьртана тIегIоьртинера Iаьрбий, амма вайнах къар ца белира. ТIом дIабоьдура, массара а бохург санна дакъалоцуш. Шайн доьзалш, шайн жа, даьхни лардеш шайн синош а, догIмаш а ца кхоош, дIабаьхьира нохчаша тIом.

Божарша, къона а, къена а башхалла йоцуш, шайн тоьпийн дIаьндаргаш цIуьйзуьйтуш, таррашка а, шаьлтанашка а суьйнаш туьйсуьйтуш, зударша а, бераша а оьшург тIекхоьхьуш, хIоъ-молха латтош, тIелеттарш юьртах бевлла къайлабовллалц дIабаьхьира тIом. Иштта, цу дийнахь тIелатаро масех къонах декъалвира. Циггахь Исраилан коган пхьидах чекхъиккхина дIаьндарг, тIе йоза яздеш санна, ненан кийрах кхийтира. ТIекхечира со, гобина боьлхуш зударий болуш, сауьйзуш Iуьллучу Язийрина. Шен цхьа куьг даг тIе лаьцна, шолгIачу куьйгаца Исраил маракъуьйлуш яра иза. ЧIогIа ветталора мисканиг шен ненан некхах.
ТIаьххьара а хьажопIелг а айбина, «ашхIад» а далийна, дIакхелхира пекъар. Бехк ма биллалаш, дагна хилла лазам карлабаккхарна… Хьо хIетахь жима вара, Исраил, хьуна дагадогIур дац, амма хьуна, Абуязид, иза дагадогIуш хиларх тешна ву со.
Абу: ДогIу дера! ХIун дер тIаккха?.. Хьуна ма-гарра, ишттаниг кху дуьненахь вехаш волчунна газа дуьсур дац-кх.
Къамеле ваьллачу воккхачу стага юха а дийца долийра: – Мел еха ойлаярх, ца кхетара со аьлча, нийса хир дац, – жима сецна-а, юха а вистхилира – амма, дIо геннара Кавказан лаьмнаш а дитина, бевзарш, безарш а битина, цхьа а гергара стаг юххехь воцуш, кху махка схьакхаччалц иштта беха некъ бар хIумма а атта-м дацара. Юьхьанца реза ма яцара Язийра, шайн мохк а, шайн нах а битина, Шела а йитина, ШепаIца хIара беха а, кхераме а некъ бан. Дан хIума дацара. ШепаIа, Iусмин юьртан маьждигехь мурдаш гулбеллачохь, шайн шайхана дош деллера хIижрат дан. Цу дашо вихкинера иза. Шен дош лардан, хIара ша бина некъ юха а уьттазза бийр бара цо. Цу сихачу муьрехь ШепаIана а, и санна болчу нохчийн дуккха а мухIажаршна а ца моьттург-м хилира.
Делахь а, Язийрас ша йогIур яц шега аьлча, ШепаIа шайн кIант а эцна, ша новкъавала сацам бар хаийтира. Дог кIадделла, кIантах ца яла кхин некъ а ца карийна, реза хилира иза. Шен Iожалла тIехIотта цхьа бахьана хилла хир ду-кх. Юьхьанца дуьйна дерриге а къахьегар дара цуьнан, пекъар, амма Дала сина тIе ца дуьллу цуьнан лан ницкъ кхочург бен.
Шен бIаьргаш тIе шен ши куьг диллина, жимма хан яьккхира воккхачу стага, эххар, хаза тамехь вела а къежаш, ша-ша меттавалийра цо.
ТIаккха шен ши куьг айбина доIа дира цо: «Я АллахI, Веза Дела, Воккха Дела, тхо гуш ду-кх Хьуна, Я АллахI, тхо бехке ма делахь, тхо дицделча а, я гIалатдевлча а, тхо кхиошкхобурш верг Ву-кх Хьо. Ахь тхуна тIе ма йиллахьа хало, Ахь тхол хьалха баханчарна тIе йилларх терра, Я АллахI, Веза Дела, хьалхадахалахь тхо оцу балех, гечделахь тхуна».
Шен доIа дерзийна, вистхилира воккха стаг: «Дуьйлало, хан яьлла, вайна ламазан хан тилале, шайн кечамбе».
IУСМАН Басил
Суьрташ тIехь: Урдунерчу Заркъе шахьарахь долу нохчийн шира маьждиг; нохчийн шира хIусамаш
№38, хIутосург (май) беттан 21 де, 2019 шо