«Грозный» НПТРК-хь дуьххьалдIа эфир дIахьочу хенахь Соьлжа-ГIалин Октябрьски кIоштан Дербентски урамерчу № 50 йолчу цIийнан бахархошкара хаттар-дехар кхаьчнера. Иза электросерлонца кхачоцаярца доьзна дара.

Оцу хьашташца кхачоеш а, ГIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствон тергонехь а йолчу «Экосервис» (ООО) юкъараллин урхалладечу компане дIахьажийнера и хаттар.
Урхалладечу компанин векалша цIенна электросерлонца кхачоярехь долу чоьхьарчу схемин талхораш дIадаьхна, гIишлошъяран барамашца а, бакъенашца а нийса а догIуш.
Иштта, шайн декхарш кхочушдеш, «Экосервисан» белхалоша цIенна тIехула басар а хьаькхна, ткъа «Чеченэнерго» компанин векалша цIенна уллера меттиг серлаяккхар а тодина.
Суьрта тIехь: Дербентски урамера № 50 йолу цIа.
А.СУЛИМАНОВА
№38, хIутосург (май) беттан 21 де, 2019 шо