Нальчик гIалахь (ГIебартойн-Балкхаройчоьнан пачхье) дIаяьхьира 2004–2005-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула СКФО-хь хьалхеяккхаран турнир.

Цигахь дакъалоцуш бара СКФО-н регионашкара къона спортсменаш. Къийсадаларш деа дийнахь дIадаьхьира.
Вайн республикера турнирехь дакъалецира 21 спортсмена.
Финалехь, шайн-шайн йозаллин категорешкахь, хьалхара меттигаш ехира: Закриев Аьрзус (35 кг.) – № 7 йолу СШ, Магомадов Ислама (38 кг.) – №7 йолу СШ, Берсанукаев Билала (41 кг.) – №7 йолу СШ, Автаев Сайд-Хьусейна (48 кг.) – №10 йолу СШ, Тарамов Тимурхана (42 кг.) – №1 йолу СШ.
ШолгIа меттигаш ехира: Исмаилов Адама (41 кг.) – №7 йолу СШ, Керимов Мохьмада (62 кг.) – У.Товбулатовн цIарах йолу СШ, Таипов Сайд-Мухьаммада (75 кг.) – У.Товбулатовн цIарах йолу СШ.
КхоалгIачу меттехь вара: Жамалдинов Илисхан (32 кг.) – №10 йолу СШ, Беков Мохьмад (38 кг.) – У.Товбулатовн цIарах йолу СШ, Умхаджиев Джабраил (42 кг.) – И.Дугучиевн цIарах йолу СШ, Дакаев Хьамзат (44 кг.) – №7 йолу СШ, Альдиев Хьусайн (62 кг.) – Соьлжан кIоштан СШ, Хаджиев ИбрахIим (75 кг.) – №5 йолу СШ, Хаяури ИбрахIим (85 кг.) – Соьлжан кIоштан СШ, Жамсаев СаьIид (100 кг.) – Соьлжан кIоштан СШ.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, совгIаташца, Сийлаллин грамоташца.
Цигахь толамаш баьхна спортсменаш дакъалоцуш хир бу Россехь хьалхеяккхаран а, иштта, Европин а, Дуьненаюкъарчу а къийсадаларшкахь.
З.ШИШХАНОВА
№38, хIутосург (май) беттан 21 де, 2019 шо