Нохчийн мохк денна а кхуьуш, хазлуш хиларна тоьшалла ду вайн республике Россин регионашкара, цуьнан гонахарчу пачхьалкхашкара хилла а ца Iаш, малхбалерчу, малхбузерчу пачхьалкхашкара а, хIордал дехьарчу мехкашкара а тобанашкахь туристаш кхочуш хилар.

Ткъа туристашна дIагайта хаза мохк, тIелаца хьешацIенош, хьалха хIотто къоман кхача хиларх тоьаш дац, цуьнца хоттаделла ду туристийн хьашташ кхочуш дан нохчийн, оьрсийн меттанаш боцург а, кхин меттанаш а хууш, зеделларг а долуш говзанчаш оьшуш хилар.
Оцу Iалашонца Нохчийн Республикин туризман министр Байтазиев Муслим цхьаьнакхийтира Нохчийн Пачхьалкхан университетан географин факультетехь «Сервис а, туризм а» говзаллина доьшуш болчу студенташца а, церан хьехархошца а. Цигахь дийцаре дира нохчийн студенташ тоьллачу курорташка практике бахийтаран гIуллакх.
«Казанан кооперативан институто хIора шарахь Хонкаран а, ГIирмин а уггаре а тоьллачу курорташка практике хьовсабо шайн студенташ. ХIокху шарахь оха цаьрца барт бина нохчийн студенташ а цаьрца практике бахийтаран хьокъехь. Ишттачу барто аьтто бийр бу тIейогIучу ханна шортта хаарш а, зеделларг а долуш говзанчаш кхио, – элира Нохчийн Республикин туризман министра Байтазиев Муслима. – Туризман инфраструктура кхиорехь жигара къахьоьгуш ду вай. Нохчийчохь йина а, болх беш а яккхий а, кегий а курорташ ю. Масала, «Ведучи», «Къоьзан Iам», «Нихалойн чухчареш», «Серноводск-Кавказский», «Ахки-ТIай». Цига оьхуш болу туристаш денна а алсамбовлуш бу. Ткъа инфраструктурица цхьаьна кхион безаш бу говзанчаш а. Вайн мехкан Куьйгалхо Кадыров Рамзан коьртехь а волуш, туризман хьаьрмана ондда бух боьттина оха, кхидIа а Нохчийчохь туризм кхио дуккха а говзанчаш оьшу. Цундела шун декхар ду шаьш практике дахча, цигахь массо а хIуманна духе кхиар, шайн хаарш сов дахар».
Студентийн дог-ойла иракарахIоттош тIаьхьарчу шина шарахь вайн махкахь хиллачу туристийн хьокъехь терахьаш а далийра министра, 2018-чу шарахь Нохчийчу 147 эзар турист веана, 2017-чу шарца дуьстича уьш 19 процент алсам бу.
ХIокху шарахь дуьххьара боьлхуш бу нохчийн студенташ тоьллачу курорташка практике. Цкъачунна, Хонкара ваха 15 студентана а, ГIирме – 44 студентана а бен квоташ ца елла.
Шен къамел дерзош, министра билгалдаьккхира студенташ тоьллачу курорташка практике бахийтаран хьалхара гIулч бен яьккхина цахилар, тIейогIучу хенахь, алссам студенташ цига а, кхечу яккхийчу а курорташка практике гIуриг хилар.
ВЕГИЕВА Макка
№38, хIутосург (май) беттан 21 де, 2019 шо