Хьаналчу къинхьегамца билгалбаьлла, бевзаш бара БIачи-Юьртахь БетирбиевгIеран доьзал. Да Ваха чилла боккхучу комбинатехь агрономан болх беш вара. Нана Асмаъ цIеран кхерч латтош яра. Иза балхахь яцара аьлча нийса хир дацара. Шийтта бер дара Асмаан. Массарна кхача хилийта безара, йитта езарг а, иту хьакха езарг а кIезиг яцара. ХIинца йолу бегIийлаш яцара нохчийн ярташкахь цу хенахь, дерриге а куьйга дан дезара. Цул совнаха юьйш-ерзош керт яра, лелош бежанаш а, зIакардаьхни а дара. Бакъду, Асмаъ лара-м йора цу дезаршца. Бераша а гIо дора, хаддаза тасаелла йоллучу шайн нанна. Къаьсттина ненаца хьаькхана вара Юсуп. Жимчохь дуьйна къахьегар тIамарх доьлла вара иза. Мелла а андаваьлча, керт ахкар а, синтар догIар а, цунна хи доттар а, нене ца кхочуьйтуш, ша дора Юсупа. Са долчу хIуманах Iаламат самукъадолуш вара иза. Цундела вахана хила там бу, 1980-чу шарахь БIачи-Юьртара юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина, луларчу ХIирийн махка, Алагир-гIалахь йолчу Къилбаседа Кавказан хьуьнан техникуме деша, заочни отделени. Заочно доьшуш вара аьлла мукъа Iаш вацара жима стаг. Гуьмсехь хиллачу консервни заводе киранча балха воьду иза оццу 1980-чу шарахь. Амма кхаа-беа баттахь бен цигахь болх бойла-м ца хуьлу жимчу стеган. Цу заманца догIуш ма-хиллара 1981-чу шеран бIаьстенан юьххьехь советийн эскарехь гIуллакх дан дIавуьгу. Цигахь ши шо доккхуш гучуевлира Бетирбиев Юсупан кхоллараллин таронаш. КIант дика сурт дуьллуш вуйла шайна хиъча, полкехь арадолучу «За Родину» цIе йолчу пенан-газетан редактор-художник хилар тIедиллира хьаькамаша вайн махкахочунна. Школехь доьшуш волуш дуьйна вара иза юкъараллин дахарехь жигара дакъалоцуш. Школан спортивни секци вовшахтухуш дика хьуьнарш гайтинера цо. Ша а вара спорт дукхаезаш, паргIатчу кепара охьатохарх лата Iемаш а. Цундела, эскарийн могIаршкахь волуш, ийза ца луш, шен хьуьнарш гайта а, оьшучунна гIо-накъосталла дан а кийча вара эскархо. Хаза а, чулацаме а хуьлура цо пенан-газет тIехь дехкина суьрташ. Кест-кеста къоламца забар яр а нислора пароди я доттагIаллин шарж юьллий. Ийна, кIеда-мерза амал йолу кавказхо дукхавезара командирашна а, салташна а. Цундела муха долу ца хууш, сихха чекхдаьлча санна хетара Юсупна, ша эскарехь даьккхина ши шо. 1983-чу шарахь эскарера цIавоьрзу иза. Амма мукъа Iа хан-м ца хуьлу цуьнан. Гуьмсерчу хьуьнан бахаме балха воьду иза, техникумехь ша караерзийначу «Хьуьнахо-биолог» говзаллина зеделларг IаIош. Масех шарахь кхиамца болх бо жимчу стага Гуьмсан а, Шелан-кIоштийн хьуьнан бахамашкахь. Болх бан воьлча, дика кхета Юсуп техникумо делла хаарш кIезиг хиларх. И болх шена Iаламат чIогIа дукхабезарна цо сацам бо, кхидIа а деша, корматалла лакхаяккха, Iилманан кIоргене кховда. Цу Iалашонца воьду иза Ерригсоюзан хьуьнан бахаман заочни институте деша. Балхара юкъара ца волуш чекхдоккху жимчу стага и дешар а. Вайна ма-хаъара, цхьа шатайпаналла йолуш бу хьуьнан говзанчин болх. Дукха хьолахь волавелла лела дезаш хуьлу иза, алсам хан хьуьна юккъехь а йоккхуш. Юсуп-м реза вара, дийнахь а, буйсанна а юкъара ара ца волуш, хьуьнхахь Iа. Дукхабезачу балхо кIад ца вора иза. Iаламах самукъадолура, сапаргIат хуьлура, ойланаш серла йовлура. Цхьа чардакх дина даима хьуьнхахь Iа реза вара. Амма нанас сагатдора. Мел дукха делахь а, цунна шен массо а бер шена хьалха ган лаьара. Цунна бехк буьллийла дацара, иза нана яра. Даима цунна муьтIахь хиллачу Юсупна хала дара, нанас сагатдой хууш, цIераваьлла лела. Цундела хьуьнан бахам Iадда буьтий, иза БIачи-Юьрта цIавоьрзу, шен нанна улле. Ца воьрзу мукъа Iан-м. Юьртарчу школе хьехархо балха воьду иза, кегийчу бIачи-юьртахошна биологи а, географи а хьеха.
Белхан хан катоьхна чекхъяларе сатуьйсучарех хьехархо вацара иза. Миччанхьа балхахь ша велахь а, дийриг тIаьхьало йолччу кепара дан Iемина вара. Ткъа берашца болу болх Iаламат доккха жоьпалла тIедожош бу хьанна а. Юсуп санна эхь-бехк девзачу стагана масийттазза совдолу и жоьпалла. Иза дика кхетара хIинца шех тешна дерш, берийн синош хиларх а, и бераш нохчийн къоман кхане хиларх а. Тахана хьехархочо тесна хIу, кхана заза хецна, стом луш хьекъар ду. Дукха ду хьехархочух доьзна. Леларца, духарца, дечу къамелаца берашна хаддаза масал хилла латта декхарийлахь ву иза. Цуьнан бакъо яц кIадвала. Дарсана кечам ца беш, бераш долчу классе чоьхьавала бакъо янне а яц. Хьехархочо классехь дIаолу хIора дош цIенчу дагтIера схьадогIуш хила дезаш ду. Ишта Iалашо шена хьалха хIоттийна веара хIара школе балха. Цу хоршахь чекхвелира иза. БIачи-Юьртарчу №3 йолчу школехь ша болх бечу хьалхарчу деношкахь дуьйна берашца, нийсархошца санна доттагIаллин уьйраш дIатесира. Кхиъна вогIуш дуьйна Iалам дукха дезаш ша хиларе терра, и ховха безам берашка дIакховдо гечо лоьхура хьехархочо. Цо берийн тобанаш вовшахтуьйхира, хIаллакдечу Iаламна орцахбовла кийча болчу кхиазхойх. Тобанийн шайн-шайн цIерш яра: «Iаламан доттагIий», «Хьуьнан гIаролхой», «Баьццара патруль» иштта кхидIа а. Школера дарсаш чекхдевлча Iаламан къона доттагIий сих ца лора цIа баха. Шайн хьехархочуьнца цхьаьна бераша урамаш толлура, маьI-маьIIе нехаш охьа ца кхиссийта. Иштта хин йистошкахь хаддаза Iуналла латтадора. Ткъа хьун йоI-бIаьрг санна ларъеш яра БIачи-Юьртахь. Якъаелла жIолмаш дIайохура, керла синтарш дугIура, хьуьнан йистошца долу некъаш цIена латтадора. И дерриге а цIенчу даггара шайн лаамехь леладора бераша. Хьалхаваьлла дукхавеза хьехархо а волуш. Цуьнан бахьана хаддаза дIахьош хилла кхетош-кхиоран болх бара. Ша эколог хиларе терра цунна дика евзара Iаламан мехалла а, цуьнан къайленаш а. Ма-дарра, лечкъа ца деш дуьйцура цо берашка, Iалам лар ца дича, хила тарлучу зуламах. Болх барх тоам беш вацара синтем боцу хьехархо. Цо кест-кеста газете статьяш язйора Iаламах а, иза Iалашдан дезаш хиларх а. Уггаре а коьртаниг, цо даима шен статьяшкахь билгалдоккхура бераша цIенчу даггара къахьегар, Iалам лардан болчу лаамца. ТIаккха берийн самукъадолура, кхин а чIогIа къахьега лаам совболура, царна баккъал а шаьш мехкан дай хетара. БIешерийн кIоргенера дуьйна вайн ворхIе дайша схьадеана беркате гIиллакх дара къинхьегамца бераш кхетош-кхиор. Ненан шурица, цIийх дулуьйтуш хилла тIекхуьучу чкъурана, ша Iаш-вехаш волчу меттиган дола дан дезаш хилар, хьаналчу къинхьегамца бен беркат хирг цахилар а. Боккхачу нохчийн доьзалехь хьалакхиъна волу Юсуп дика кхетара цунах. Цо ондда къахьоьгура шен дешархой синкхетам ира болуш, шайн халкъах а, махках а дог лозуш кхиийта. Дукха хьолахь берашна томанна язйора Юсупа юьхьанца газеташка статьяш. ХХ-чу бIешеран 90-чу шерашкахь цуьнан доттагIалла тасаделлера Шелан кIоштахь а, Гуьмсан кIоштахь а арадуьйлучу газеташца. Хилларг, гинарг, шен дешархошца дина юьстаха даьккхинарг а, маьIне хеташ, кехатах тешадора цо, тIаккха, тIаьхьо зорбане а доккхура…
Вайна массарна ма-хаъара чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран чаккхе йоха карзахъяьллачу СССР-о сингаттамаш дебош даьхкира пачхьалкхан массо маьIIе а. Къаьсттина бохамаш дебарца дазделлера и буьрса денош нохчийн къомана. Еххачу ханна тIеман хьаьтта хилла дIахIоьттира Нохчийчоь. Дела воцург накъост воцуш шайн лазамашца цхьалха дисира миска адам. Шайгахь йолчу таронца орца дохура вайнехан журналисташа. Амма яьллачу гIовгIанехь церан аз хезаш стаг вацара. Бакъдош халкъе дIа ца кхочуьйту дуьхьалонаш кIезиг яцара. Герзах боьттина болчу наха кхерамаш туьйсура журналисташна. Вер-ваккхар а нислора. Iаламат хала дара цу хьелашкахь болх бан. Делахь а къар ца луш шайн белхан декхарш кхочушдора дукхах болчу журналисташа. Къаьсттина цу муьрехь жигара болу, Бетирбиев Юсупа журналистикехь беш болу болх. Даима а бакъон тIе гIерташ хиллачу къонахчун статьяш шовкъах юьззина хуьлу. ХIора могIанехь, ша язъечу массо а йозанан хьаьркаца собаре, хьекъале, иймане кхойкху Юсупа. Хьаналчу къинхьегамца напха доккхуш, маьршачу синкхетамца хене бовлучу, оьздачу кхерчахь хьалакхиъначу Юсупна цкъа а ца моьттинера дарж бахьанехь нохчичо нохчичунна тIе герз лоцур ду. Бакъду, ХХ-чу бIешеран чаккхенехь и дерриге а ган дийзира. Уггаре инзаре, лазаме хетара цунна кIант дена дуьхьал валар, ваша вешех къастар, ша виначу ненан дог цо Iовжор. Къоман гIиллакхашна алсам кегийрхой бIостанехьа берзар, Iаламат ирча сурт дара, кийрахь дог долчунна лан хала долуш. Оцу дерригенах шен статьяшкахь яздора цо. Кхуьнан адамаллех юьззина йолу амал а, лаккхарчу тIегIанехь йолу корматалла а тайначу «Гумс» газетан коьрта редактор волчу Борхаджиев Хож-Баудис ша волчу редакци балха кхайкхира иза. Цхьана мIаьргонна а шеконашка ца волуш реза хилира Юсуп. ДIаволалуш дагахь а дацара баккъал а ша журналист хилла, говзалла хуьйцур ю бохург. Цул совнаха, цуьнан кхетамехь журналисташ цхьа шатайпа адамийн чкъор дара, къегина похIма, синкомаьршалла, майралла, доьналла долуш. Шега и болх, дахаран коьрта къилба дина, дIакхехьалур бу аьлла дог тешна вацара иза. Амма халкъана а, махкана а уггаре а хала мур тIехIоьттинчу хенахь, шега и болх кховдорах воккха-м вера иза. Цунна Iаламат хазахетара коьртачу редакторан шех бIобоьлла. Шех тешна, шега доттагIаллин куьг кховдийначу стеган дог ца къахкийта, иэшахь схьадаьккхина, кийрара мерза са а дIадала кийча вара Юсуп.
1994-чу шеран декабрь баттахь Нохчийчохь дуьххьарлера тIом дIаболабелира. Федеральни эскарш массо маьIIехула Нохчийчу чугIоьртича, кхин а чIогIа цецдаьккхира цара миска адам. Федеральни эскарийн цхьаболчу векалша зуламхойх маьрша адам къасто гIерташ шайна ницкъ ца бора. Хаддаза массо маьIIе а луьра тохарш деш авиаци яра. РегIа тIера схьаетташ яккхий тоьпаш яра. Массо а юьртара бохург санна, дIабуьгуш кегий нах бара. Оцу хьолехь нохчийн журналисташа гечо лоьхура къомехь долу хьал дуьнене дIакхайкхо. Цу хьокъехь жигара болх беш вара Юсуп а. Цо алсам яздора цу деношкахь шена хетачух, бевза-безачарна хетачух, Гуьмсан кIоштахь дехачу могIарерачу адамашна хетачух а. Массарна а цхьаъ лаьара: катоьхнна тIеман чалх дIайоьрзийла, харцонах Нохчийчоь дIацIанлойла. Амма тIом дIаберза дагахь бацара.
1995-чу шеран гурахь, цкъа мацах, зуламхоша эккхийна махках ваьккхина, Москва гIалара Завгаев Докку юхавеара. Дукха нахана хазахийтира иза цIавирзича. Тохара санна машаречу хоршахь дахар дIагIур ду моьттура. Бакъду Нохчийчуьра хьал дIадерза ца луучу къоман мостагIаша питанаш даржо а долийра «Завгаев Докка ГКЧПист ву», «Иза Москвас схьахьажийна ву», «Къомо хаьржина вац, цундела Iедалан мукъ цуьнгахь бита мегар дац!». Нохчийн къомах дог лозу кеп хIиттош, кога буьхьара хIуьттуш Европа яра. Цундела харжамаш дIабахьа сацам бира. Царна кечамаш бар дIадолийра Нохчийн Республикин ерриге а кIошташкахь. Гуьмсан кIошт а яра цу харжамашна кечам беш, ерриге а Нохчийчоь санна. 1995-чу шеран 16-гIа декабрь дара и харжамаш дIабахьа билгалдаьккхина де. Амма 13-чу декабрехь Гуьмсе, шен герзах боьттина бIо балош, «инарла» Радуев Салман чувеара, гуьмсахойн лаьтта тIехь харжамаш бойтур бац аьлла. Федеральни эскарш шайна хIумма а ца гуш санна юьстаха девлира. Маьрша дIахьочу харжамашна терго яр нохчийн милцошна дитина. Иштачу меттехь, дукха хьолахь, нислуш йолу ямартло яра иза. Делахь а Завгаевна харжамаш чекхбаха лиира, цхьа а кIошт юкъах а ца юьтуш. Ткъа Гуьмсехь-м хаддаза еш кхийсарш а, дуьйлуш герз дара. Вайна массарна хууш ма-хиллара, хIуъа хилла латтахь, журналистийн болх бац сацо йиш йолуш. ТIеман кIуркIаманехь арадолуш «Гумс» газет дара, зорбатоха материалаш кечъеш корреспонденташ бара. Белхан накъостел тIаьхьа ца виса гIерташ, бага са кхаьчна дIасауьдуш Бетирбиев Юсуп вара, харжаман комисси водуш, Гуьмсан кIоштан администраци хьодуш, кандидата тешам беллачу адамашна тIекхочуш. Хетарехь, Гуьмсан кIоштана юкъайогIучу массо а юьртахула чекхвала кхиира иза цу чолхечу масех дийнахь. Iалашо цхьаъ яра: мискачу адамашна хеташ дерг довза лаар. Ткъа маьршачу нахана даима санна машар безара. Царна кIордийнера тIом. Харжамаш кхиамца чекхбевлла, аьлла дIакхайкхийра Iедалехь болчу куьйгалхоша. Массара а доккха са даьккхира. Харжамех самукъадаьлла-м хир дацара церан. Кхин доккха зен-зулам доцуш харжамаш дIаберзаро сапаргIат даьккхира мискачу нехан. Амма и дIадерзийта дагахь вацара питанна араваьлла Радуев Салман. 1995-чу шеран 17-чу декабрехь цуьнан бIоно юха а кхийсарш йолийра, Гуьмсера милици хIаллакьян дохку шаьш аьлла. Гуьмсерчу милицехь дерш вайн бераш дара. Оьздачу нохчийн кхерчахь хьалакхиина яхь йолу кIентий бара уьш, итт Радуев я и саннарг ткъе пхиийтта дуьхьал ваьлча кхералур боцуш. Милицина шен бIо цхьана а болуш Радуев тIегIоьртича милцоша дуьхьало йира. И луьра тасадалар мелла а дахделира. ТIаккха цига журналисташ кхечира. Аьлча а, Бетербиев Юсуп вара герзаш дуьйлу хазарца цига дIахьаьддарг. Журналистан декхар ду иза, миччанхьа белахь а, бохам тосабелча, цига дIахьадар. Цхьаверг-м ца хезаш санна IадIан там бара. Амма Юсуп иштачарех ма вацара. Иза Iаламат муьтIахь вара, дагца къобалбина, ша схьалаьцначу некъана. Бакъду, Гуьмсехь 1995-чу шеран 17-чу декабрехь хиллачух яздар доьгIна ца хиллера тхан белхан накъостана. Ларамаза кхеттачу дIаьндарго лецира журналист, вожийра шен блокнот а, къолам а карахь. 33 шо хан, 1995-чу шеран бIаьстенан юьххьехь, май беттан пхоьалгIачу дийнахь дуьзнера Бетирбиев Юсупан. Дуьненах уггаре а самукъадолу хан яра цуьнан. ХIусамнана а, кхо бер дара цIахь. Жимах волу кIант Хож-Бауди, Юсуп вийна нийсса ши кIира кхочуш дуьнен чу велира. И дерриге ган а, лан а бухайисина къена нана Асмаъ яра, шен кIентан цIаза пIелган мIара лазаяьлча а шега лалур дац моьттуш хилла йолу… Виснарг дIа ца лелча ца волу, бакъду, шен хьоме кIант Юсуп дагара ваьлла цхьа минот зама еана-м яц Асмаана. Цхьа дегахьаам бу-кх цу пекъаран, хIокху доккхачу дуьненахь, даккхий хилла кIентан бераш, цкъа мацах Юсуп санна ийманехь кхиар. Ткъа Ю.Бетирбиевс сирла лар йитина нохчийн журналистикин исторехь, заманан йохаллехь иза виц вийр вац цуьнан белхан накъосташа. Нохчийн къомо лайначу халчу муьрехь, халкъан дуьхьа шен дахар дIаделлачу яхь йолчу кIентех цхьаъ ву иза. Доьзало а, белхан накъосташа а, вевза-везачара а шех дозалла дан хьакъ волуш.
ГАЗИЕВА Аза