Школин Iодикаяр – керлачу дахаре гIулч

ХIутосург (май) беттан 23-чу дийнахь Нохчийн Республикин дешаран учрежденешкахь дIаяьхьира ТIаьххьарчу горгалин дезачу денна лерина мероприятеш.

Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Дешаран туьшахь дIадаьхьира ТIаьххьарчу горгалин денна лерина даздарш.

Даздарийн ларамечу хьешашна юкъахь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Пачхьалкхан думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Ахмадов Муса, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан.

Кадыров Рамзана шен къамелехь билгалдаьккхира кхузахь дешна бевллачарах а, кхечу а кегийрхойх дозуш дукха хIума хилар а, шайн Даймахкана а, халкъана а пайде хила цара къахьега дезаш хилар а. Церан ирс-аьтто хилар шена лаар а хаийтира цо.

– Вайн республикехь маьрша зама дIахIоттош, деша а, болх бан а аьтто хилийта шен дахар дIаделла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, иза вайна хаа а деза, дагахь латто а деза. Ас даггара декъалдо шу ТIаьххьарчу горгалин денца, – элира республикин Куьйгалхочо.

Дешаран туьшахь дезачу денна лерина даздаран линейка хилира. Цул тIаьхьа лекхира Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а гимнаш. Иштта, дешна бевллачара зезагаш дехкира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хIолламна хьалха.

Дешаран туьшан 11-чу классан дешархоша Нохчийн Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца а, шайн классан куьйгалхочуьнца а цхьаьна шайгара кIайн кхокхий стигала хийцира.

Цул тIаьхьа дезачу дийнан уггаре а башха киртиг тIекхечира. ТIаьххьара горгали бекийра 11-чу классан дешархочо Кадырова ХутIмата а, 1-чу классан дешархочо Черхигов Рамзана а.

Цул сов, ТIаьххьарчу горгалин дезде билгалдаьккхира Ахьмад-Юьртарчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу №1 йолчу юкъарадешаран школехь а, республикин ерриге а дешаран учрежденешкахь а.

I.МУРТАЗОВ
№39, хIутосург (май) беттан 24 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: